Мусхаф., агӏо 601
-
وَالْعَصْرِ
Заманах дуй боу Ас:
103:1 -
إِنَّ الْإِنْسَانَ لَفِي خُسْرٍ
Баккъалла а, адам эшамехь ма ду‚
103:2 -
إِلَّا الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ وَتَوَاصَوْا بِالْحَقِّ وَتَوَاصَوْا بِالصَّبْرِ
Ийман диллинарш боцурш а‚ дика мал йинарш боцурш а, вовшашка бакъдолчуьнца (ийманца‚ динца) весет динарш а‚ вовшашка собарца весет динарш а боцурш
103:3 -
وَيْلٌ لِكُلِّ هُمَزَةٍ لُمَزَةٍ
Боккха бāла бу массо а /нахах/ луьйш волчунна а‚ /нах/сийсазабеш волчунна а‚
104:1 -
الَّذِي جَمَعَ مَالًا وَعَدَّدَهُ
Ша /дуьненан/ хьал гулдеш хиллачу и дагардеш хиллачу‚ /массо а хIуманна дуьхьал/ иза кечдеш хиллачу
104:2 -
يَحْسَبُ أَنَّ مَالَهُ أَخْلَدَهُ
Иза моьттуш ву шен хьоло ша гуттар латтор ву /дуьненахь‚ ца волуьйтуш/?!
104:3 -
كَلَّا ۖ لَيُنْبَذَنَّ فِي الْحُطَمَةِ
ХIан-хIа! Иза кхоссанне а кхуссур ву кийсакаш еш йолчу хIуманна чу
104:4 -
وَمَا أَدْرَاكَ مَا الْحُطَمَةُ
Хьуна стено хаийтина‚ иза хIун кийсакаш еш йолу хIума ю?
104:5 -
نَارُ اللَّهِ الْمُوقَدَةُ
Делан цIе ю иза, латийна йолу‚
104:6 -
الَّتِي تَطَّلِعُ عَلَى الْأَفْئِدَةِ
Ша дегний тIе ер йолу
104:7 -
إِنَّهَا عَلَيْهِمْ مُؤْصَدَةٌ
Баккъалла а, иза царна тIехь нартол йолуш хир ю‚
104:8 -
فِي عَمَدٍ مُمَدَّدَةٍ
Дахдинчу бIогIамаш тIехь
104:9 -
أَلَمْ تَرَ كَيْفَ فَعَلَ رَبُّكَ بِأَصْحَابِ الْفِيلِ
Хьоьга ца кхечира /хIай Мухьаммад/‚ хIун дира хьан Кхиош-кхобучо пилан дайх?
105:1 -
أَلَمْ يَجْعَلْ كَيْدَهُمْ فِي تَضْلِيلٍ
Церан мекарло тиларчохь ца хилийтира Цо?
105:2 -
وَأَرْسَلَ عَلَيْهِمْ طَيْرًا أَبَابِيلَ
Царна тIедахийтира Цо олхазарийн жIуга,
105:3 -
تَرْمِيهِمْ بِحِجَارَةٍ مِنْ سِجِّيلٍ
Цара кхуьссуш царна т багийначу поппаран тIулгаш
105:4 -
فَجَعَلَهُمْ كَعَصْفٍ مَأْكُولٍ
Цо хилийтира уьш /бежнийн/ Iийшина докъар санна
105:5
Гочдар: Магомед Магомедов