Мусхаф., агӏо 604

  1. قُلْ هُوَ اللَّهُ أَحَدٌ

    Ахь āла /хIай Мухьаммад‚ цу хьайга Делах лаьцна хоьттучаьрга/: 'Иза, АллахI, цхьаъ ву /Шен накъост хиларх, да-нана хиларх, зуда‚ доьзалхо хиларх цни а волуш/,

    112:1
  2. اللَّهُ الصَّمَدُ

    АллахI ву‚ гуттар Ша /цхьаннах воьзна а воцуш/ волуш верг ву /массарна а Ша оьшуш, Шена хIумма а ца оьшуш волу/

    112:2
  3. لَمْ يَلِدْ وَلَمْ يُولَدْ

    Бер ца хилла Цуьнан‚ Иза Ша а ца ваьлла /дуьненчу/ дех-ненах

    112:3
  4. وَلَمْ يَكُنْ لَهُ كُفُوًا أَحَدٌ

    Ца хилла Цуьнца нислуш цхьа а'. (Вац Цуьнга тера цхьа а)

    112:4
  5. قُلْ أَعُوذُ بِرَبِّ الْفَلَقِ

    Ахь āла: 'Со ларло сатасаран Деца

    113:1
  6. مِنْ شَرِّ مَا خَلَقَ

    Цо кхоьллинчу массо а вонах‚

    113:2
  7. وَمِنْ شَرِّ غَاسِقٍ إِذَا وَقَبَ

    Боданан вонах‚ цо /буьйсана Iалам/ дIахьулдича /гучуйолучу вочу хIуманах а ларло со/‚

    113:3
  8. وَمِنْ شَرِّ النَّفَّاثَاتِ فِي الْعُقَدِ

    Шеддаш беш цу чу хIуп олучу зударийнвонах а /ларло со/‚

    113:4
  9. وَمِنْ شَرِّ حَاسِدٍ إِذَا حَسَدَ

    ХьагI лелочун вонах а /ларло со/‚ цо хьагI йича

    113:5
  10. قُلْ أَعُوذُ بِرَبِّ النَّاسِ

    Ахь āла: 'Со ларло нах Кхиош-кхобучуьнца‚

    114:1
  11. مَلِكِ النَّاسِ

    Нехан Паччахьаца‚

    114:2
  12. إِلَٰهِ النَّاسِ

    Нехан Делаца

    114:3
  13. مِنْ شَرِّ الْوَسْوَاسِ الْخَنَّاسِ

    Васвасалла (дагчу догIу вон мел дерг) кхуьссучу‚ Делан цIе яьккхича, додучу /шайтIанан/ вонах‚

    114:4
  14. الَّذِي يُوَسْوِسُ فِي صُدُورِ النَّاسِ

    Ша васвасалла кхуьссуш долчу нехан дегнашка‚

    114:5
  15. مِنَ الْجِنَّةِ وَالنَّاسِ

    Жинийх а ду /и шайтIа/‚ нахах а ду'

    114:6

Гочдар: Магомед Магомедов