Сурат 14 ИбрахIим
-
رَبَّنَا اغْفِرْ لِي وَلِوَالِدَيَّ وَلِلْمُؤْمِنِينَ يَوْمَ يَقُومُ الْحِسَابُ
Тхан Кхиош-Кхобург‚ гечделахь суна а‚ сан дена-нанна а‚ муъмин нахана а хьесап хIуттур долчу /къемат/ дийнахь'
14:41 -
وَلَا تَحْسَبَنَّ اللَّهَ غَافِلًا عَمَّا يَعْمَلُ الظَّالِمُونَ ۚ إِنَّمَا يُؤَخِّرُهُمْ لِيَوْمٍ تَشْخَصُ فِيهِ الْأَبْصَارُ
Хьуна ма мотталахь Дела гIопал ву зуламхоша дечух. Цо тIаьхьатоттуш бу уьш /зап ца деш/ шена чохь бIаьргаш къаьрзарболчу /къемат/ дийне
14:42 -
مُهْطِعِينَ مُقْنِعِي رُءُوسِهِمْ لَا يَرْتَدُّ إِلَيْهِمْ طَرْفُهُمْ ۖ وَأَفْئِدَتُهُمْ هَوَاءٌ
Сиха гIур бу уьш шайн кортош айбина‚ шайн бIаьрахьажар юхадоьрзур дац цаьрга‚ церан дегнаш дассаделла хир ду/Делан запах чг кхерабелла/
14:43 -
وَأَنْذِرِ النَّاسَ يَوْمَ يَأْتِيهِمُ الْعَذَابُ فَيَقُولُ الَّذِينَ ظَلَمُوا رَبَّنَا أَخِّرْنَا إِلَىٰ أَجَلٍ قَرِيبٍ نُجِبْ دَعْوَتَكَ وَنَتَّبِعِ الرُّسُلَ ۗ أَوَلَمْ تَكُونُوا أَقْسَمْتُمْ مِنْ قَبْلُ مَا لَكُمْ مِنْ زَوَالٍ
Ахь кхерам таса нахана шайга Iазап догIур долчу дийнаца‚ шаьш зулам диначара эриг хилар: 'Тхан Кхиош-Кхобург‚ тIаьхьататтахь тхо йоццачу ханна – Хьан кхайкхамна жоп лур дара оха‚ элчанашна а тIаьхьахIуьттур дара тхо'. Ткъа шу дацара хьалха дуйнаш бууш шайна дайна дIадовлар дац, бохуш?
14:44 -
وَسَكَنْتُمْ فِي مَسَاكِنِ الَّذِينَ ظَلَمُوا أَنْفُسَهُمْ وَتَبَيَّنَ لَكُمْ كَيْفَ فَعَلْنَا بِهِمْ وَضَرَبْنَا لَكُمُ الْأَمْثَالَ
Шу охьахевшира шаьш шайна зуламаш диначеран гIишлошкахь‚ шуна гучуделира‚ хIун дина Оха царна‚ шуна масалш далийра Оха
14:45 -
وَقَدْ مَكَرُوا مَكْرَهُمْ وَعِنْدَ اللَّهِ مَكْرُهُمْ وَإِنْ كَانَ مَكْرُهُمْ لِتَزُولَ مِنْهُ الْجِبَالُ
Шайн мекарло йира цара. Далла гергахь ю церан /мекарло йохо/ мекарло‚ и церан мекарло хиллехь а шеца лаьмнаш дохош. ВАХИТА
14:46 -
فَلَا تَحْسَبَنَّ اللَّهَ مُخْلِفَ وَعْدِهِ رُسُلَهُ ۗ إِنَّ اللَّهَ عَزِيزٌ ذُو انْتِقَامٍ
Хьуна цкъа а ма мотталахь‚ Дела Шен элчанашца йолу ваIда йохор йолуш ву, алий. Баккъалла а, Дела веза верг а ву‚ бекхам Шегахь берг а ву
14:47 -
يَوْمَ تُبَدَّلُ الْأَرْضُ غَيْرَ الْأَرْضِ وَالسَّمَاوَاتُ ۖ وَبَرَزُوا لِلَّهِ الْوَاحِدِ الْقَهَّارِ
Оцу дийнахь латта хийцор ду кхечу лаьттаца‚ стигланаш а /хийцор ю кхечаьрца/ – уьш цхьаъ волчу‚ тх нуьцкъала волчу Далла хьалха дIахIуттур бу
14:48 -
وَتَرَى الْمُجْرِمِينَ يَوْمَئِذٍ مُقَرَّنِينَ فِي الْأَصْفَادِ
Хьуна гур бу оцу дийнахь къинош динарш зIенашца (зйнашца) дбихкина
14:49 -
سَرَابِيلُهُمْ مِنْ قَطِرَانٍ وَتَغْشَىٰ وُجُوهَهُمُ النَّارُ
Церан бедарш силамах /хир ю/‚ церан яххьаш цIеро дIахьулйийр ю
14:50 -
لِيَجْزِيَ اللَّهُ كُلَّ نَفْسٍ مَا كَسَبَتْ ۚ إِنَّ اللَّهَ سَرِيعُ الْحِسَابِ
Дала бекхам бархьама хIор синна ша карадийначуьнца. Баккъалла а, Дела хьесап дарехь сиха верг ма ву
14:51 -
هَٰذَا بَلَاغٌ لِلنَّاسِ وَلِيُنْذَرُوا بِهِ وَلِيَعْلَمُوا أَنَّمَا هُوَ إِلَٰهٌ وَاحِدٌ وَلِيَذَّكَّرَ أُولُو الْأَلْبَابِ
ХIара хаам бу нахана‚ цуьнца царна кхерам тасархьама а‚ царна хаархьама а Иза хилар цхьа Дела‚ хьекъалдолчаьрга ойлаяйтархьама а
14:52
Гочдар: Магомед Магомедов