Мусхаф., агӏо 283
-
عَسَىٰ رَبُّكُمْ أَنْ يَرْحَمَكُمْ ۚ وَإِنْ عُدْتُمْ عُدْنَا ۘ وَجَعَلْنَا جَهَنَّمَ لِلْكَافِرِينَ حَصِيرًا
Шун Кхиош-Кхобучо шух къинхетам бан мега. Шу духадерзахь /къинош дарна/‚ Тхо а духадуьрзур ду /шуна таIзар дарна/. Оха хилийтина жоьжахати керстанашна набахти /уьш цу чуьра ара ца бовлалуш/
17:8 -
إِنَّ هَٰذَا الْقُرْآنَ يَهْدِي لِلَّتِي هِيَ أَقْوَمُ وَيُبَشِّرُ الْمُؤْمِنِينَ الَّذِينَ يَعْمَلُونَ الصَّالِحَاتِ أَنَّ لَهُمْ أَجْرًا كَبِيرًا
Баккъалла а, хIокху Къуръано нисво ша уггар нийсадолчунна тIе‚ кхаъ боккху шаьш диканаш деш болчу муъмин нахана царна йоккха ял хиларца
17:9 -
وَأَنَّ الَّذِينَ لَا يُؤْمِنُونَ بِالْآخِرَةِ أَعْتَدْنَا لَهُمْ عَذَابًا أَلِيمًا
Эхартах ца тешаш берш – Оха царна кечдина лазош долу Iазап
17:10 -
وَيَدْعُ الْإِنْسَانُ بِالشَّرِّ دُعَاءَهُ بِالْخَيْرِ ۖ وَكَانَ الْإِنْسَانُ عَجُولًا
Адамо /шена я шен доьзалхочунна, ша оьгзвахча/ вониг доьхуш доIа до, ша диканиг доьхуш доIа даре терра. Адам /шен кхолламехь/ хилла сиха /амал йолуш /
17:11 -
وَجَعَلْنَا اللَّيْلَ وَالنَّهَارَ آيَتَيْنِ ۖ فَمَحَوْنَا آيَةَ اللَّيْلِ وَجَعَلْنَا آيَةَ النَّهَارِ مُبْصِرَةً لِتَبْتَغُوا فَضْلًا مِنْ رَبِّكُمْ وَلِتَعْلَمُوا عَدَدَ السِّنِينَ وَالْحِسَابَ ۚ وَكُلَّ شَيْءٍ فَصَّلْنَاهُ تَفْصِيلًا
Оха хилийтина буьйса а‚ де а ши билгало хилла. Буьйсанан билгало дIайоккху Оха‚ дийнан билгало гуш йой, шуьга лахийтархьама шайн Кхиош-Кхобучун комаьршонах /рицкъ/‚ шерийн барам а, хьесап а шуна хаийтархьама. Массо а хIума къастийна Оха кхоччуш болчу къастамца
17:12 -
وَكُلَّ إِنْسَانٍ أَلْزَمْنَاهُ طَائِرَهُ فِي عُنُقِهِ ۖ وَنُخْرِجُ لَهُ يَوْمَ الْقِيَامَةِ كِتَابًا يَلْقَاهُ مَنْشُورًا
Массо а адамна логах хьарчийна Оха шен кхоллам. Оха цунна къематдийнахь жайна гучудоккхур ду – цунна гур ду иза схьадиллина (дуьненахь ша дина диканиг а, вониг а цунна хьалхахь хир ду къематдийнахь)
17:13 -
اقْرَأْ كِتَابَكَ كَفَىٰ بِنَفْسِكَ الْيَوْمَ عَلَيْكَ حَسِيبًا
'Деша хьайн жайна. Хьайн са кхачо хили хьуна тахана хьесап дан' /эр ду цуьнга/
17:14 -
مَنِ اهْتَدَىٰ فَإِنَّمَا يَهْتَدِي لِنَفْسِهِ ۖ وَمَنْ ضَلَّ فَإِنَّمَا يَضِلُّ عَلَيْهَا ۚ وَلَا تَزِرُ وَازِرَةٌ وِزْرَ أُخْرَىٰ ۗ وَمَا كُنَّا مُعَذِّبِينَ حَتَّىٰ نَبْعَثَ رَسُولًا
Нисвелларг – шена нислуш ву. Тилавелларг а – шена тилалуш ву. Хьур бац хьуш волчо кхечуьнан мохь. Тхо ца хилла Iазап деш, Оха элча вахийтталц
17:15 -
وَإِذَا أَرَدْنَا أَنْ نُهْلِكَ قَرْيَةً أَمَرْنَا مُتْرَفِيهَا فَفَسَقُوا فِيهَا فَحَقَّ عَلَيْهَا الْقَوْلُ فَدَمَّرْنَاهَا تَدْمِيرًا
Тхуна цхьа юрт хIаллакъян лиъча‚ Оха /элчанашкахула/ омра до цуьнан /юьртахойн/ хьоладайшка /Далла муьтхь хила, олий/‚ – цара цу чохь (юьртахь) салла йо (Далла)‚ тIаккха оцунна тIехь /Делера зап дуссур ду, аьлла долу/ дош бакъхуьлу – тIаккха Оха иза йохайо кхоччуш
17:16 -
وَكَمْ أَهْلَكْنَا مِنَ الْقُرُونِ مِنْ بَعْدِ نُوحٍ ۗ وَكَفَىٰ بِرَبِّكَ بِذُنُوبِ عِبَادِهِ خَبِيرًا بَصِيرًا
Маса тIаьхье хIаллакйина Оха Нухьал тьхьа! Кхачо ю хьан Дела Шен лен къинош сов дика хууш а‚ гуш а хилар
17:17
Гочдар: Магомед Магомедов