Сурат 21 Аль-анбийаъ (Пайхамарш)
-
وَلَقَدِ اسْتُهْزِئَ بِرُسُلٍ مِنْ قَبْلِكَ فَحَاقَ بِالَّذِينَ سَخِرُوا مِنْهُمْ مَا كَانُوا بِهِ يَسْتَهْزِئُونَ
Сийсазбина элчанаш хьол хьалха а. Царах (элчанех) ца бēшаш хиллачарах шайх хьакхаделира шаьш сийсаздеш хилларг
21:41 -
قُلْ مَنْ يَكْلَؤُكُمْ بِاللَّيْلِ وَالنَّهَارِ مِنَ الرَّحْمَٰنِ ۗ بَلْ هُمْ عَنْ ذِكْرِ رَبِّهِمْ مُعْرِضُونَ
Ахь āла /цаьрга, хIай Мухьаммад/: 'Хьан лардийр ду шу буса а‚ дийнахь а Къинхетам болчух /Делах–Цуьнан Iазапах/?' ХIаъ‚ уьш шайн Кхиош-кхобург хьехорх дбоьрзуш ма бу
21:42 -
أَمْ لَهُمْ آلِهَةٌ تَمْنَعُهُمْ مِنْ دُونِنَا ۚ لَا يَسْتَطِيعُونَ نَصْرَ أَنْفُسِهِمْ وَلَا هُمْ مِنَّا يُصْحَبُونَ
Я церан, Тхо доцург, /кхин/ делий бу-те, шаьш уьш духатухур болуш /Iазапах/? Царна могур дац шайна гIо дан а‚ уьш Тхох /Тхан Iазапах/ ларор ма бац
21:43 -
بَلْ مَتَّعْنَا هَٰؤُلَاءِ وَآبَاءَهُمْ حَتَّىٰ طَالَ عَلَيْهِمُ الْعُمُرُ ۗ أَفَلَا يَرَوْنَ أَنَّا نَأْتِي الْأَرْضَ نَنْقُصُهَا مِنْ أَطْرَافِهَا ۚ أَفَهُمُ الْغَالِبُونَ
ХIаъ‚ Оха ниIматаш деллера хIокхарна а‚ церан дайшна а шайна тIехь оьмар яхъяллалц. Царна ца го-те Тхо дохкуш латта эшадеш шен йисташкахула? Уьш бу ткъа тоьлларш?
21:44 -
قُلْ إِنَّمَا أُنْذِرُكُمْ بِالْوَحْيِ ۚ وَلَا يَسْمَعُ الصُّمُّ الدُّعَاءَ إِذَا مَا يُنْذَرُونَ
Ахь āла: 'Баккъалла а, ас шуна кхерам тосу вехьеца. Ца хеза-кх къора болчарна кхайкхам, шайна кхерам тосуш'
21:45 -
وَلَئِنْ مَسَّتْهُمْ نَفْحَةٌ مِنْ عَذَابِ رَبِّكَ لَيَقُولُنَّ يَا وَيْلَنَا إِنَّا كُنَّا ظَالِمِينَ
Хьан Кхиош-кхобучун Iазапан хIо хьакхаро шаьш схьалецча, цара аллане а эр ма ду: 'Ма /боккха/ бāла бу-кх тхуна! Тхо хилла-кх зуламхой!'
21:46 -
وَنَضَعُ الْمَوَازِينَ الْقِسْطَ لِيَوْمِ الْقِيَامَةِ فَلَا تُظْلَمُ نَفْسٌ شَيْئًا ۖ وَإِنْ كَانَ مِثْقَالَ حَبَّةٍ مِنْ خَرْدَلٍ أَتَيْنَا بِهَا ۗ وَكَفَىٰ بِنَا حَاسِبِينَ
Оха хIоттор ю къематденна нийсонан терзанаш‚ зулам дийр дац синна /цхьана а/ хIуманца. КIоллан буьртиган барамехь ерг а дIалур ю Оха. Хьесап дийраш хила кхачо ю Тхан
21:47 -
وَلَقَدْ آتَيْنَا مُوسَىٰ وَهَارُونَ الْفُرْقَانَ وَضِيَاءً وَذِكْرًا لِلْمُتَّقِينَ
Оха белира Мусага а‚ ХIаруне а къастам а‚ серло а‚ хьехам а /Делах/ кхоьруш болчарна
21:48 -
الَّذِينَ يَخْشَوْنَ رَبَّهُمْ بِالْغَيْبِ وَهُمْ مِنَ السَّاعَةِ مُشْفِقُونَ
Ишттанаш бу уьш‚ шаьш кхоьруш шайн Кхиош-кхобучух‚ И /бьргашца/ гуш воццушехь‚ уьш бу сахьтах /кхоьруш/, бегабеш
21:49 -
وَهَٰذَا ذِكْرٌ مُبَارَكٌ أَنْزَلْنَاهُ ۚ أَفَأَنْتُمْ لَهُ مُنْكِرُونَ
ХIара /Къуръан/ беркате хьехам бу‚ Оха ша боссийна болу. Аш цунна инкарло йо?
21:50 -
وَلَقَدْ آتَيْنَا إِبْرَاهِيمَ رُشْدَهُ مِنْ قَبْلُ وَكُنَّا بِهِ عَالِمِينَ
Оха белира ИбрахIиме а хьалха шен нийса некъ‚ Тхо и вевзаш дара
21:51 -
إِذْ قَالَ لِأَبِيهِ وَقَوْمِهِ مَا هَٰذِهِ التَّمَاثِيلُ الَّتِي أَنْتُمْ لَهَا عَاكِفُونَ
Хьахаде! Цо аьллера шен дега а‚ цуьнан къоме а: 'ХIорш хIун суьрташ (жарш) ду‚ шу шайна гуора оьхуш долу?'
21:52 -
قَالُوا وَجَدْنَا آبَاءَنَا لَهَا عَابِدِينَ
Цара элира: 'Тхуна карийна тхан дай царна Iибадат деш'
21:53 -
قَالَ لَقَدْ كُنْتُمْ أَنْتُمْ وَآبَاؤُكُمْ فِي ضَلَالٍ مُبِينٍ
Цо (Ибрахма) элира: 'Шу а‚ шун дай а хилла-кх билгалчу тилар чохь'
21:54 -
قَالُوا أَجِئْتَنَا بِالْحَقِّ أَمْ أَنْتَ مِنَ اللَّاعِبِينَ
Цара элира: 'Хьо тхуна веана-те бакъдолчуьнца‚ я хьо /тхо/ ловзочарех ву-те?!'
21:55 -
قَالَ بَلْ رَبُّكُمْ رَبُّ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ الَّذِي فَطَرَهُنَّ وَأَنَا عَلَىٰ ذَٰلِكُمْ مِنَ الشَّاهِدِينَ
Цо элира: 'ХIаъ‚ шун Кхиош-кхобург ву стигланийн а‚ лаьттан а Кхиош-кхобург‚ Ша уьш кхоьллина а ву /хIумма йоцчу хIуманах/‚ со оцунна тIехь тешалла дечарах ву-кх
21:56 -
وَتَاللَّهِ لَأَكِيدَنَّ أَصْنَامَكُمْ بَعْدَ أَنْ تُوَلُّوا مُدْبِرِينَ
Делаца дуй боу ас: шун цIушна (жаршна) янне а мекарло йийр ма ю ас шу /царах/ баккъаш берзийна генадевллачул тIаьхьа '
21:57 -
فَجَعَلَهُمْ جُذَاذًا إِلَّا كَبِيرًا لَهُمْ لَعَلَّهُمْ إِلَيْهِ يَرْجِعُونَ
ТIаккха цо царах кескаш йира‚ церан йоккханиг йиссалц – уьш цунна тIе берза мегара
21:58 -
قَالُوا مَنْ فَعَلَ هَٰذَا بِآلِهَتِنَا إِنَّهُ لَمِنَ الظَّالِمِينَ
Цара элира: 'Хьан дина хIара вайн делашна? Баккъалла а, и зулам диначарах ву-кх!'
21:59 -
قَالُوا سَمِعْنَا فَتًى يَذْكُرُهُمْ يُقَالُ لَهُ إِبْرَاهِيمُ
Элира /царах Ибрахма аьлларг хезначара/: 'Тхуна хезира цхьа кIант уьш (вай делий) хьехош‚ цунах ИбрахIим олура'
21:60
Гочдар: Магомед Магомедов