Сурат 21 Аль-анбийаъ (Пайхамарш)
-
إِنَّ الَّذِينَ سَبَقَتْ لَهُمْ مِنَّا الْحُسْنَىٰ أُولَٰئِكَ عَنْهَا مُبْعَدُونَ
Баккъалла а, шайна Тхоьгара диканиг хьалхадаьлларш – уьш цунна (жоьжахатина) генахь хир бу
21:101 -
لَا يَسْمَعُونَ حَسِيسَهَا ۖ وَهُمْ فِي مَا اشْتَهَتْ أَنْفُسُهُمْ خَالِدُونَ
Царна хезар дац цуьнан (жоьжахатин) шах-ших а‚ уьш шайн синошна дезначохь гуттар лаьттар бу
21:102 -
لَا يَحْزُنُهُمُ الْفَزَعُ الْأَكْبَرُ وَتَتَلَقَّاهُمُ الْمَلَائِكَةُ هَٰذَا يَوْمُكُمُ الَّذِي كُنْتُمْ تُوعَدُونَ
Уьш сингаттаме бийр бац бокхачу кхерамо‚ царна дуьхьалкхетар ду маликаш /олуш/: 'ХIара ду шун де‚ шуна хир ду аьлларг'
21:103 -
يَوْمَ نَطْوِي السَّمَاءَ كَطَيِّ السِّجِلِّ لِلْكُتُبِ ۚ كَمَا بَدَأْنَا أَوَّلَ خَلْقٍ نُعِيدُهُ ۚ وَعْدًا عَلَيْنَا ۚ إِنَّا كُنَّا فَاعِلِينَ
Оцу дийнахь Оха тIегулйийр ю стигал‚ жайнан кехаташ тIегулдаре терра. Оха дуьххьара кхоллар долоре терра‚ карладоккху Тхуна тIехь хилла йолчу ваIдица. Баккъалла а, Тхо хилла /гIуллакх/ деш дерш
21:104 -
وَلَقَدْ كَتَبْنَا فِي الزَّبُورِ مِنْ بَعْدِ الذِّكْرِ أَنَّ الْأَرْضَ يَرِثُهَا عِبَادِيَ الصَّالِحُونَ
Оха яздинера Забура чохь хьехамал тIаьхьа: 'Лаьттах ирс оьцур ду Сан дикачу леша'
21:105 -
إِنَّ فِي هَٰذَا لَبَلَاغًا لِقَوْمٍ عَابِدِينَ
Баккъалла а, хIокху чохь кхоччуш кхетам бу Iибадат дечу нахана
21:106 -
وَمَا أَرْسَلْنَاكَ إِلَّا رَحْمَةً لِلْعَالَمِينَ
Оха ца вахийтина хьо /хIай Мухьаммад/ массо а Iаламна къинхетам хилла а бен
21:107 -
قُلْ إِنَّمَا يُوحَىٰ إِلَيَّ أَنَّمَا إِلَٰهُكُمْ إِلَٰهٌ وَاحِدٌ ۖ فَهَلْ أَنْتُمْ مُسْلِمُونَ
Ахь āла: 'Суна ваьхьица хаийтина шун Дела цхьаъ вуйла. Шу муьтIахь хуьлий?'
21:108 -
فَإِنْ تَوَلَّوْا فَقُلْ آذَنْتُكُمْ عَلَىٰ سَوَاءٍ ۖ وَإِنْ أَدْرِي أَقَرِيبٌ أَمْ بَعِيدٌ مَا تُوعَدُونَ
Уьш дIаберзахь‚ ахь āла: 'Ас дIакхайкхийна шуьга цхьатерра‚ суна ца хаьа, герга ду‚ я гена ду шуна ваIда йинарг
21:109 -
إِنَّهُ يَعْلَمُ الْجَهْرَ مِنَ الْقَوْلِ وَيَعْلَمُ مَا تَكْتُمُونَ
Баккъалла а, Цунна (Далла) хаьа дашах хезаш дерг а‚ Цунна хаьа аш къайладоккхуш дерг а
21:110 -
وَإِنْ أَدْرِي لَعَلَّهُ فِتْنَةٌ لَكُمْ وَمَتَاعٌ إِلَىٰ حِينٍ
Суна ца хаьа и /шуна таIзар ца деш тIаьхьататтар/ хила тарло шуна питана /зер/ а‚ цхьа хан яллалц бахам а'
21:111 -
قَالَ رَبِّ احْكُمْ بِالْحَقِّ ۗ وَرَبُّنَا الرَّحْمَٰنُ الْمُسْتَعَانُ عَلَىٰ مَا تَصِفُونَ
Элира /Мухьаммад пайхамаро/: 'Сан Кхиош-кхобург‚ Ахь де-кх бакъонца хьукам /суна а, хра дин харцдечарна а юккъехь/. Тхан Кхиош-кхобург ву сов къинхетаме верга‚ аш сибат дечунна тIехь Шегара гIо эца дезаш верг а '
21:112
Гочдар: Магомед Магомедов