Сурат 24 Ан-нур (Нур), аят 27 – 34

  1. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا لَا تَدْخُلُوا بُيُوتًا غَيْرَ بُيُوتِكُمْ حَتَّىٰ تَسْتَأْنِسُوا وَتُسَلِّمُوا عَلَىٰ أَهْلِهَا ۚ ذَٰلِكُمْ خَيْرٌ لَكُمْ لَعَلَّكُمْ تَذَكَّرُونَ

    ХӀай ийман диллинарш! Шу чу ма гӀолаш шайн доцчу цӀеношка бакъо а ца йоьхуш‚ церан дайшка салам ца луш. Иза шуна дика ду /шу цххьана царна чу гчул/. Аш ойла йийр яцара-те?

    24:27
  2. فَإِنْ لَمْ تَجِدُوا فِيهَا أَحَدًا فَلَا تَدْخُلُوهَا حَتَّىٰ يُؤْذَنَ لَكُمْ ۖ وَإِنْ قِيلَ لَكُمُ ارْجِعُوا فَارْجِعُوا ۖ هُوَ أَزْكَىٰ لَكُمْ ۚ وَاللَّهُ بِمَا تَعْمَلُونَ عَلِيمٌ

    Шуна ца каравахь цу чохь (цу нехан цӀеношкахь) цхьа а – чу ма гӀолаш шайна пурба даллалц. Шайга 'Юхадерза' алахь – юхадерзалаш /чу ца гӀош/. Иза вуно а цӀена ду шуна. И Дела аш дийриг хууш ву

    24:28
  3. لَيْسَ عَلَيْكُمْ جُنَاحٌ أَنْ تَدْخُلُوا بُيُوتًا غَيْرَ مَسْكُونَةٍ فِيهَا مَتَاعٌ لَكُمْ ۚ وَاللَّهُ يَعْلَمُ مَا تُبْدُونَ وَمَا تَكْتُمُونَ

    Къа дац шуна бēхаш нах боцчу, шуна оьшу хӀуманаш / я пайда болчу/ цӀеношна чу шу даха. И Дела хууш ву аш гучудоккхуриг а‚ аш дхьулдийриг а

    24:29
  4. قُلْ لِلْمُؤْمِنِينَ يَغُضُّوا مِنْ أَبْصَارِهِمْ وَيَحْفَظُوا فُرُوجَهُمْ ۚ ذَٰلِكَ أَزْكَىٰ لَهُمْ ۗ إِنَّ اللَّهَ خَبِيرٌ بِمَا يَصْنَعُونَ

    Ахь āла муъмин нахе охьатухийла цара шайн хьēжар‚ шайн эвхье меженаш ларйойла цара. Иза вунō а цӀена ду царна. Баккъалла а, Дела дика девзаш ву цара дийриг

    24:30
  5. وَقُلْ لِلْمُؤْمِنَاتِ يَغْضُضْنَ مِنْ أَبْصَارِهِنَّ وَيَحْفَظْنَ فُرُوجَهُنَّ وَلَا يُبْدِينَ زِينَتَهُنَّ إِلَّا مَا ظَهَرَ مِنْهَا ۖ وَلْيَضْرِبْنَ بِخُمُرِهِنَّ عَلَىٰ جُيُوبِهِنَّ ۖ وَلَا يُبْدِينَ زِينَتَهُنَّ إِلَّا لِبُعُولَتِهِنَّ أَوْ آبَائِهِنَّ أَوْ آبَاءِ بُعُولَتِهِنَّ أَوْ أَبْنَائِهِنَّ أَوْ أَبْنَاءِ بُعُولَتِهِنَّ أَوْ إِخْوَانِهِنَّ أَوْ بَنِي إِخْوَانِهِنَّ أَوْ بَنِي أَخَوَاتِهِنَّ أَوْ نِسَائِهِنَّ أَوْ مَا مَلَكَتْ أَيْمَانُهُنَّ أَوِ التَّابِعِينَ غَيْرِ أُولِي الْإِرْبَةِ مِنَ الرِّجَالِ أَوِ الطِّفْلِ الَّذِينَ لَمْ يَظْهَرُوا عَلَىٰ عَوْرَاتِ النِّسَاءِ ۖ وَلَا يَضْرِبْنَ بِأَرْجُلِهِنَّ لِيُعْلَمَ مَا يُخْفِينَ مِنْ زِينَتِهِنَّ ۚ وَتُوبُوا إِلَى اللَّهِ جَمِيعًا أَيُّهَ الْمُؤْمِنُونَ لَعَلَّكُمْ تُفْلِحُونَ

    Ахь āла муъмин зударшка охьатухийла цара шайн хьēжар‚ ларйойла цара шайн эвхье меженаш‚ ма гойтийла цара шайн хазнаш цунах гучахь ерг бен‚ цара тӀе кхуссийла шайн кхоллар шайн некхийн гонахьа. Цара ма гойтийла шайн хазнаш шайн марошка‚ я шайн дайшка‚ я шайн маройн дайшка‚ я шайн кӀенташка‚ я шайн маройн кӀенташка /кхечу зударша бина болу/‚ я шайн вежаршка‚ я шайн вежарийн кӀенташка‚ я шайн йижарийн кӀенташка‚ я шайн /хьалхахь гӀуллакх деш болчу/ зударшка‚ я шайн аьтту куьйгаша доладиначаьрга‚ я тӀехьоьжуш болу шайн шовкъ дӀаялла болу божаршка‚ я зударийн эвхье меженашка ца хьоьжучу берашка а бен. Шайн когаш ма беттийла цара шаьш хьулдина шайн хазалла довзийтархьама. Тōба де Деле массара а‚ хӀай муъмин нах‚ шу даккхийден тарло

    24:31
  6. وَأَنْكِحُوا الْأَيَامَىٰ مِنْكُمْ وَالصَّالِحِينَ مِنْ عِبَادِكُمْ وَإِمَائِكُمْ ۚ إِنْ يَكُونُوا فُقَرَاءَ يُغْنِهِمُ اللَّهُ مِنْ فَضْلِهِ ۗ وَاللَّهُ وَاسِعٌ عَلِيمٌ

    Зударий бāлабе шайх жера-божаршна а‚ шайн лēх дикачарна а‚ маре ло шайн лай-зударий. Нагахь уьш миска хилахь, – Дала хьал лур ду царна шен коьмаршаллах. Дела тӀех комаьрша ву /Шен луучунна шортта рицкъ луш/‚ хууш ву

    24:32
  7. وَلْيَسْتَعْفِفِ الَّذِينَ لَا يَجِدُونَ نِكَاحًا حَتَّىٰ يُغْنِيَهُمُ اللَّهُ مِنْ فَضْلِهِ ۗ وَالَّذِينَ يَبْتَغُونَ الْكِتَابَ مِمَّا مَلَكَتْ أَيْمَانُكُمْ فَكَاتِبُوهُمْ إِنْ عَلِمْتُمْ فِيهِمْ خَيْرًا ۖ وَآتُوهُمْ مِنْ مَالِ اللَّهِ الَّذِي آتَاكُمْ ۚ وَلَا تُكْرِهُوا فَتَيَاتِكُمْ عَلَى الْبِغَاءِ إِنْ أَرَدْنَ تَحَصُّنًا لِتَبْتَغُوا عَرَضَ الْحَيَاةِ الدُّنْيَا ۚ وَمَنْ يُكْرِهْهُنَّ فَإِنَّ اللَّهَ مِنْ بَعْدِ إِكْرَاهِهِنَّ غَفُورٌ رَحِيمٌ

    Юхаозалуш хуьлийла /нахаца леларх/ шайна зуда ялор /маре бахар/ ца нисбелларш Дала шайна Шен комаьршаллах хьал даллалц. Шун аьтту куьйгаша доладиначарах азат бāла язбала лууш берш – язбе уьш, нагахь санна шуна хаалахь цу чохь диканиг. ДӀало царна Делан бахамах‚ Цо шуна белла болчу. Ма теӀабелаш шайн мехкарий кхахьбаллина тӀе‚ царна лиънехь цӀена хила‚ аш дуьненан дахаран хиламаш (бахам) лоьхуш. Уьш тӀетеӀош верг /кхахьбаллина- цунна таар дийр долуш ду Дала/... Дела уьш /ницкъа/ тӀетеӀабиначул тӀаьхьа /цу зударшна/ гечдеш а ву‚ къинхетаме а ву

    24:33
  8. وَلَقَدْ أَنْزَلْنَا إِلَيْكُمْ آيَاتٍ مُبَيِّنَاتٍ وَمَثَلًا مِنَ الَّذِينَ خَلَوْا مِنْ قَبْلِكُمْ وَمَوْعِظَةً لِلْمُتَّقِينَ

    Ōха доссина шуьга /массо хма/ билгалдоху аяташ а‚ шул хьалха баханчеран /дāхаран/ масал а‚ /Делах/ кхоьручарна хьехам а

    24:34

Гочдар: Магомед Магомедов