Сурат 24 Ан-нур (Нур), аят 31
-
وَقُلْ لِلْمُؤْمِنَاتِ يَغْضُضْنَ مِنْ أَبْصَارِهِنَّ وَيَحْفَظْنَ فُرُوجَهُنَّ وَلَا يُبْدِينَ زِينَتَهُنَّ إِلَّا مَا ظَهَرَ مِنْهَا ۖ وَلْيَضْرِبْنَ بِخُمُرِهِنَّ عَلَىٰ جُيُوبِهِنَّ ۖ وَلَا يُبْدِينَ زِينَتَهُنَّ إِلَّا لِبُعُولَتِهِنَّ أَوْ آبَائِهِنَّ أَوْ آبَاءِ بُعُولَتِهِنَّ أَوْ أَبْنَائِهِنَّ أَوْ أَبْنَاءِ بُعُولَتِهِنَّ أَوْ إِخْوَانِهِنَّ أَوْ بَنِي إِخْوَانِهِنَّ أَوْ بَنِي أَخَوَاتِهِنَّ أَوْ نِسَائِهِنَّ أَوْ مَا مَلَكَتْ أَيْمَانُهُنَّ أَوِ التَّابِعِينَ غَيْرِ أُولِي الْإِرْبَةِ مِنَ الرِّجَالِ أَوِ الطِّفْلِ الَّذِينَ لَمْ يَظْهَرُوا عَلَىٰ عَوْرَاتِ النِّسَاءِ ۖ وَلَا يَضْرِبْنَ بِأَرْجُلِهِنَّ لِيُعْلَمَ مَا يُخْفِينَ مِنْ زِينَتِهِنَّ ۚ وَتُوبُوا إِلَى اللَّهِ جَمِيعًا أَيُّهَ الْمُؤْمِنُونَ لَعَلَّكُمْ تُفْلِحُونَ
Ахь āла муъмин зударшка охьатухийла цара шайн хьēжар‚ ларйойла цара шайн эвхье меженаш‚ ма гойтийла цара шайн хазнаш цунах гучахь ерг бен‚ цара тIе кхуссийла шайн кхоллар шайн некхийн гонахьа. Цара ма гойтийла шайн хазнаш шайн марошка‚ я шайн дайшка‚ я шайн маройн дайшка‚ я шайн кIенташка‚ я шайн маройн кIенташка /кхечу зударша бина болу/‚ я шайн вежаршка‚ я шайн вежарийн кIенташка‚ я шайн йижарийн кIенташка‚ я шайн /хьалхахь гIуллакх деш болчу/ зударшка‚ я шайн аьтту куьйгаша доладиначаьрга‚ я тIехьоьжуш болу шайн шовкъ дIаялла болу божаршка‚ я зударийн эвхье меженашка ца хьоьжучу берашка а бен. Шайн когаш ма беттийла цара шаьш хьулдина шайн хазалла довзийтархьама. Тōба де Деле массара а‚ хIай муъмин нах‚ шу даккхийден тарло
24:31
Гочдар: Магомед Магомедов