Сурат 25 Къастор
-
تَبَارَكَ الَّذِي جَعَلَ فِي السَّمَاءِ بُرُوجًا وَجَعَلَ فِيهَا سِرَاجًا وَقَمَرًا مُنِيرًا
Беркате ву /Дела/, Ша стиглахь /седарчийн/ гланаш йинарг‚ Цо бина цу чохь чиркх а‚ нуре болу бутт а
25:61 -
وَهُوَ الَّذِي جَعَلَ اللَّيْلَ وَالنَّهَارَ خِلْفَةً لِمَنْ أَرَادَ أَنْ يَذَّكَّرَ أَوْ أَرَادَ شُكُورًا
Иза ву хилийтинарг буьйса а‚ де а хийцалуш шена луучунна ойла ян‚ я баркалла āла
25:62 -
وَعِبَادُ الرَّحْمَٰنِ الَّذِينَ يَمْشُونَ عَلَى الْأَرْضِ هَوْنًا وَإِذَا خَاطَبَهُمُ الْجَاهِلُونَ قَالُوا سَلَامًا
Къинхетаме волчун леш бу – шаьш эсала (кура боцуш) лаьттахула лелаш берш, шайца жехIал наха къамел деш‚ олуш берш: 'Салам! '
25:63 -
وَالَّذِينَ يَبِيتُونَ لِرَبِّهِمْ سُجَّدًا وَقِيَامًا
/Далла/ сужудане баханчу хьолехь а, ирахьттина лаьтташ а ламазаш дарций буьйсанаш ден еш берш а /бу/
25:64 -
وَالَّذِينَ يَقُولُونَ رَبَّنَا اصْرِفْ عَنَّا عَذَابَ جَهَنَّمَ ۖ إِنَّ عَذَابَهَا كَانَ غَرَامًا
Олуш берш /а бу/: 'Тхан Кхиош-кхобург! ДIадаккхалахь тхох жоьжахатин Iазап. Баккъалла а, цуьнан Iазап хилла тIедоьжна (къинош дечарах ца къаьсташ)
25:65 -
إِنَّهَا سَاءَتْ مُسْتَقَرًّا وَمُقَامًا
Баккъалла а, ма вон хили-кх иза /чохь/ латтарна а‚ /садаIа/ меттиг хиларна а'
25:66 -
وَالَّذِينَ إِذَا أَنْفَقُوا لَمْ يُسْرِفُوا وَلَمْ يَقْتُرُوا وَكَانَ بَيْنَ ذَٰلِكَ قَوَامًا
ШIаьш /сагIа доккхуш, кхин/ харжаш еш, кхоам а беш‚ пис а ца хуьлуш‚ цу юккъехь хIоьттина лаьтташ берш а /бу Цу Делан дика леш/
25:67 -
وَالَّذِينَ لَا يَدْعُونَ مَعَ اللَّهِ إِلَٰهًا آخَرَ وَلَا يَقْتُلُونَ النَّفْسَ الَّتِي حَرَّمَ اللَّهُ إِلَّا بِالْحَقِّ وَلَا يَزْنُونَ ۚ وَمَنْ يَفْعَلْ ذَٰلِكَ يَلْقَ أَثَامًا
Делаца кхин деле ца кхойкхуш берш а /бу Делан дика леш/. Цара ца дойу са, Дала ша /ден/ хьарам дина долу‚ /ден/ хьакъ долуш бен. Зина ца до цара. И деш верг къица дуьхьалкхетар ву
25:68 -
يُضَاعَفْ لَهُ الْعَذَابُ يَوْمَ الْقِيَامَةِ وَيَخْلُدْ فِيهِ مُهَانًا
Шозза алсам доккхур ду цунна (Делаца накъост лаьцначунна) Iазап къематдийнахь‚ гуттар лаьттар ву иза цу чохь сийсаза хилла
25:69 -
إِلَّا مَنْ تَابَ وَآمَنَ وَعَمِلَ عَمَلًا صَالِحًا فَأُولَٰئِكَ يُبَدِّلُ اللَّهُ سَيِّئَاتِهِمْ حَسَنَاتٍ ۗ وَكَانَ اللَّهُ غَفُورًا رَحِيمًا
Ша тōба динарг а‚ ийман диллинарг а‚ дика Iамал йинарг а воцург – уьш бу Дала шайн вонаш диканашца хийцор дерш. Хили Дела тх гечдеш верг а‚ къинхетаме а верг
25:70 -
وَمَنْ تَابَ وَعَمِلَ صَالِحًا فَإِنَّهُ يَتُوبُ إِلَى اللَّهِ مَتَابًا
Тōба динарг а‚ дика Iамал йинарг а – баккъалла а, цо тōба до Деле /къиношна/ дохко валарца
25:71 -
وَالَّذِينَ لَا يَشْهَدُونَ الزُّورَ وَإِذَا مَرُّوا بِاللَّغْوِ مَرُّوا كِرَامًا
Харц тешалла ца деш берш а‚ шаьш даьссачу хабарна уллохула боьдуш – оьзда чекхболуш берш а /бу царах/
25:72 -
وَالَّذِينَ إِذَا ذُكِّرُوا بِآيَاتِ رَبِّهِمْ لَمْ يَخِرُّوا عَلَيْهَا صُمًّا وَعُمْيَانًا
Шайн Кхиош-кхобучун аяташ шайна тIехь хьехийча, къора хиларций а, бьрзе хиларций а царах д ца боьрзу уьш
25:73 -
وَالَّذِينَ يَقُولُونَ رَبَّنَا هَبْ لَنَا مِنْ أَزْوَاجِنَا وَذُرِّيَّاتِنَا قُرَّةَ أَعْيُنٍ وَاجْعَلْنَا لِلْمُتَّقِينَ إِمَامًا
Олуш берш / бу уьш/: 'Тхан Кхиош-кхобург‚ лōлахь тхуна тхан зударех а‚ доьзалах а бIаьрг бекхабалар‚ тхо хилийталахь /Делах/ кхоьручарна масал (уьш Тхуна тIаьхьахIуттуш)'
25:74 -
أُولَٰئِكَ يُجْزَوْنَ الْغُرْفَةَ بِمَا صَبَرُوا وَيُلَقَّوْنَ فِيهَا تَحِيَّةً وَسَلَامًا
Царна ял лур ю /ялсаманин/ хIусамца цара /ийманца/ собар дарна. Цигахь царна дуьхьалдогIур ду /маликаш/ маршаллица а‚ саламца а
25:75 -
خَالِدِينَ فِيهَا ۚ حَسُنَتْ مُسْتَقَرًّا وَمُقَامًا
Гуттар лаьттар бу уьш цу чохь. Ма хаза хили и сацавала меттиг хиларца а, /хьошалг/ восса меттиг хиларца а /ша Делах кхоьручунна/!
25:76 -
قُلْ مَا يَعْبَأُ بِكُمْ رَبِّي لَوْلَا دُعَاؤُكُمْ ۖ فَقَدْ كَذَّبْتُمْ فَسَوْفَ يَكُونُ لِزَامًا
Ахь āла: 'Шуьца бала хир бацара сан Кхиош – кхобучун шун /халонашкахь а, баланашкахь а Цуьнга/ кхайкхар ца хиллехьара. Аш харцдина /Цуьнан дин/ – тIаьхьа хир ду шуна иза хилаза ца дōлуш дерг'
25:77
Гочдар: Магомед Магомедов