Сурат 27 Ан-намл (Зингаташ)

  1. لَأُعَذِّبَنَّهُ عَذَابًا شَدِيدًا أَوْ لَأَذْبَحَنَّهُ أَوْ لَيَأْتِيَنِّي بِسُلْطَانٍ مُبِينٍ

    Ас данне а Iазап дийр ма ду цунна чIогIа Iазап‚ я ас хьакханне а урс хьокхур ма ду цунна‚ я суна /ша бехке цахиларан/ цхьа билгала делил дахьар ма ду цо'

    27:21
  2. فَمَكَثَ غَيْرَ بَعِيدٍ فَقَالَ أَحَطْتُ بِمَا لَمْ تُحِطْ بِهِ وَجِئْتُكَ مِنْ سَبَإٍ بِنَبَإٍ يَقِينٍ

    Жимма хан ялийтина /еъначу хIуттуто/ элира: 'Суна хиира хьуна ца хиънарг‚ ас беана хьуна Сабаъара бакъболу хаам

    27:22
  3. إِنِّي وَجَدْتُ امْرَأَةً تَمْلِكُهُمْ وَأُوتِيَتْ مِنْ كُلِّ شَيْءٍ وَلَهَا عَرْشٌ عَظِيمٌ

    Баккъалла а, суна карийна /цхьа/ зуда‚ ша царна тIехь паччахьалла деш йолу‚ цунна делла массо а хIуманах (паччахьалла‚ ниIмат‚ беркат‚ хазалла…), цуьнан сийлахь-йоккха Iарш а ю

    27:23
  4. وَجَدْتُهَا وَقَوْمَهَا يَسْجُدُونَ لِلشَّمْسِ مِنْ دُونِ اللَّهِ وَزَيَّنَ لَهُمُ الشَّيْطَانُ أَعْمَالَهُمْ فَصَدَّهُمْ عَنِ السَّبِيلِ فَهُمْ لَا يَهْتَدُونَ

    Суна карийна иза а‚ цуьнан къам а сужуд деш малхана‚ Дела а витина. Хазйина царна шайтIано шайн Iамалш‚ цо дIатилина уьш /нийсачу/ некъах уьш нис ца ло (уьш нийсачу новкъа ца хтту)

    27:24
  5. أَلَّا يَسْجُدُوا لِلَّهِ الَّذِي يُخْرِجُ الْخَبْءَ فِي السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَيَعْلَمُ مَا تُخْفُونَ وَمَا تُعْلِنُونَ

    Цара сужуд хIунда ца до-те Далла‚ Ша Iорадоккхуш волчу хьулделларг стигланашкахь а‚ латтахь а‚ Шена хууш волчу аш къайладоккхург а‚ аш дIахьедориг а?

    27:25
  6. اللَّهُ لَا إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ رَبُّ الْعَرْشِ الْعَظِيمِ ۩

    АллахI (ц йолу цхьа) Дела ву‚ кхин дела вац‚ Иза воцург‚ сийлахь-йоккхачу Iаршан Да ву/Иза/'

    27:26
  7. قَالَ سَنَنْظُرُ أَصَدَقْتَ أَمْ كُنْتَ مِنَ الْكَاذِبِينَ

    Цо (Сулеймана) элира: 'Вай хьовсур ду‚ бакъ лийна-те хьо‚ я хьо хилла-те харцлуьйчарах?

    27:27
  8. اذْهَبْ بِكِتَابِي هَٰذَا فَأَلْقِهْ إِلَيْهِمْ ثُمَّ تَوَلَّ عَنْهُمْ فَانْظُرْ مَاذَا يَرْجِعُونَ

    Хьада‚ хIара сан кехат эций дIагIо‚ царна хьалха кхосса иза‚ тIаккха царна юьстахдала‚ хьажа‚ цара хIун юхадерзадо'

    27:28
  9. قَالَتْ يَا أَيُّهَا الْمَلَأُ إِنِّي أُلْقِيَ إِلَيَّ كِتَابٌ كَرِيمٌ

    Цо элира: 'ХIай‚ элийн тоба‚ баккъалла а, кхаьчна соьга сийлахь долу кехат

    27:29
  10. إِنَّهُ مِنْ سُلَيْمَانَ وَإِنَّهُ بِسْمِ اللَّهِ الرَّحْمَٰنِ الرَّحِيمِ

    Баккъалла а, иза ду Сулейманера‚ цо /дуьйцу-кх/: 'Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца

    27:30
  11. أَلَّا تَعْلُوا عَلَيَّ وَأْتُونِي مُسْلِمِينَ

    Шу лакхадовла ма гIерта сол‚ суна тIе дуьйла, муьтхь а хилий (Дела цхьаъ веш)'

    27:31
  12. قَالَتْ يَا أَيُّهَا الْمَلَأُ أَفْتُونِي فِي أَمْرِي مَا كُنْتُ قَاطِعَةً أَمْرًا حَتَّىٰ تَشْهَدُونِ

    Цо (Билкъисо) элира: 'ХIай элийн тоба! Сацам бе суна сан гIуллакха тIехь. Со ца хилла-кх цхьа а гллакх хададеш‚ шуца дагайолуш бен'

    27:32
  13. قَالُوا نَحْنُ أُولُو قُوَّةٍ وَأُولُو بَأْسٍ شَدِيدٍ وَالْأَمْرُ إِلَيْكِ فَانْظُرِي مَاذَا تَأْمُرِينَ

    Цара элира: 'Вай ницкъ болуш а ду‚ чIогIа хьуьнар долуш а ду‚ ткъа гIуллакх хьоьгахь ду-кх. Хьажахь ткъа‚ хIун омра до ахь -/оха кхочушдийр ду иза/'

    27:33
  14. قَالَتْ إِنَّ الْمُلُوكَ إِذَا دَخَلُوا قَرْيَةً أَفْسَدُوهَا وَجَعَلُوا أَعِزَّةَ أَهْلِهَا أَذِلَّةً ۖ وَكَذَٰلِكَ يَفْعَلُونَ

    Цо элира: 'Баккъалла а, паччахьаша шаьш юьртана чубаьхкича‚ йохайо иза‚ цуьнан охIлах сийлахь берш сийсазбоху цара. Иштта до цара

    27:34
  15. وَإِنِّي مُرْسِلَةٌ إِلَيْهِمْ بِهَدِيَّةٍ فَنَاظِرَةٌ بِمَ يَرْجِعُ الْمُرْسَلُونَ

    Баккъалла а, ас дохьуьйту царна (СулеймангIарна) совгIат‚ тIаккха хьожур ю‚ стенца юхабоьрзу бахийтинарш'

    27:35
  16. فَلَمَّا جَاءَ سُلَيْمَانَ قَالَ أَتُمِدُّونَنِ بِمَالٍ فَمَا آتَانِيَ اللَّهُ خَيْرٌ مِمَّا آتَاكُمْ بَلْ أَنْتُمْ بِهَدِيَّتِكُمْ تَفْرَحُونَ

    Иза (Билкъиса ваийтинарг) Сулейман волчу веъча‚ цо (Сулейманас) элира: 'Со даьхница хьоле во аш? Дала суна делларг дика ма ду Цо шуна деллачул а‚ делахь а, шу шайн совгIатаца даккхийдеш ду-кх

    27:36
  17. ارْجِعْ إِلَيْهِمْ فَلَنَأْتِيَنَّهُمْ بِجُنُودٍ لَا قِبَلَ لَهُمْ بِهَا وَلَنُخْرِجَنَّهُمْ مِنْهَا أَذِلَّةً وَهُمْ صَاغِرُونَ

    Юхаверза царна тIе‚ тхо догIур ду царна тIе эскарца‚ шеца уьш ларалур боцчу‚ Оха арабохур бу уьш цу чуьра (шайн махкара) сийсаза хилла‚ уьш кIелбуьсур бу'

    27:37
  18. قَالَ يَا أَيُّهَا الْمَلَأُ أَيُّكُمْ يَأْتِينِي بِعَرْشِهَا قَبْلَ أَنْ يَأْتُونِي مُسْلِمِينَ

    Цо (Сулеймана) элира: 'ХIай элийн тоба! Шух муьлха догIур дара суна тIе цуьнан (Билкъисан) Iарш яхьаш‚ уьш суна тIе бахкале муьтхь а хилла?'

    27:38
  19. قَالَ عِفْرِيتٌ مِنَ الْجِنِّ أَنَا آتِيكَ بِهِ قَبْلَ أَنْ تَقُومَ مِنْ مَقَامِكَ ۖ وَإِنِّي عَلَيْهِ لَقَوِيٌّ أَمِينٌ

    Жинех уггар /нуьцкъала/ долчу Iифрито элира: 'Со догIур ду хьуна тIе цуьнца‚ хьо хьан меттигера хьалагIаттале. Со цу тIехь нуьцкъала а‚ тешаме а ду'

    27:39
  20. قَالَ الَّذِي عِنْدَهُ عِلْمٌ مِنَ الْكِتَابِ أَنَا آتِيكَ بِهِ قَبْلَ أَنْ يَرْتَدَّ إِلَيْكَ طَرْفُكَ ۚ فَلَمَّا رَآهُ مُسْتَقِرًّا عِنْدَهُ قَالَ هَٰذَا مِنْ فَضْلِ رَبِّي لِيَبْلُوَنِي أَأَشْكُرُ أَمْ أَكْفُرُ ۖ وَمَنْ شَكَرَ فَإِنَّمَا يَشْكُرُ لِنَفْسِهِ ۖ وَمَنْ كَفَرَ فَإِنَّ رَبِّي غَنِيٌّ كَرِيمٌ

    Шегахь жайнан Iилма долчо элира: 'Со вогIур ву хьуна тIе цуьнца‚ ахь бIаьрганегIар тохале'. Шена иза (Билкъисан Iарш) гича‚ шена хьалхахь лаьтташ‚ цо (Сулеймана) элира: 'ХIара сан Кхиош-кхобучун дозаллах ду‚ Цо со зерхьама‚ баркалла олу ас я инкарло йо. Баркалла олучо цо шен дуьхьа олуш ду‚ инкарло ечо баккъалла а, сан Кхиош-кхобург хьал долуш а ву‚ сийлахь а ву'

    27:40

Гочдар: Магомед Магомедов