Сурат 2 Аль-бакъара (Етт)

  1. فَمَنْ بَدَّلَهُ بَعْدَمَا سَمِعَهُ فَإِنَّمَا إِثْمُهُ عَلَى الَّذِينَ يُبَدِّلُونَهُ ۚ إِنَّ اللَّهَ سَمِيعٌ عَلِيمٌ

    Нагахь санна цхьаммо и /весетан чулацам/ шена хезначул тIаьхьа хийцахь – къа и хийцинчунна хир ду. И Дела ма ву Ша хезаш верг а‚ хууш верг а

    2:181
  2. فَمَنْ خَافَ مِنْ مُوصٍ جَنَفًا أَوْ إِثْمًا فَأَصْلَحَ بَيْنَهُمْ فَلَا إِثْمَ عَلَيْهِ ۚ إِنَّ اللَّهَ غَفُورٌ رَحِيمٌ

    Нагахь санна цхьаъ весет дечуьнгара нийсо ца ярах я къа дарах кхерахь‚ цо маслахьат дахь царна юккъехь‚ цунна къа хир дац. И Дела ма ву гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а

    2:182
  3. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا كُتِبَ عَلَيْكُمُ الصِّيَامُ كَمَا كُتِبَ عَلَى الَّذِينَ مِنْ قَبْلِكُمْ لَعَلَّكُمْ تَتَّقُونَ

    ХIай ийман диллинарш! Шуна тIедиллина марха кхабар‚ шул хьалхарчарна тIедилларх терра‚ шу хилийтархьама /Делах/ кхоьруш

    2:183
  4. أَيَّامًا مَعْدُودَاتٍ ۚ فَمَنْ كَانَ مِنْكُمْ مَرِيضًا أَوْ عَلَىٰ سَفَرٍ فَعِدَّةٌ مِنْ أَيَّامٍ أُخَرَ ۚ وَعَلَى الَّذِينَ يُطِيقُونَهُ فِدْيَةٌ طَعَامُ مِسْكِينٍ ۖ فَمَنْ تَطَوَّعَ خَيْرًا فَهُوَ خَيْرٌ لَهُ ۚ وَأَنْ تَصُومُوا خَيْرٌ لَكُمْ ۖ إِنْ كُنْتُمْ تَعْلَمُونَ

    /И марха кхобур ду/цхьа кззиг деношкахь; шух цхьаъ цомгуш велахь я новкъахь нислахь – кхечу хенахь /марха кхобур ду цо/ дисинчу денойн метта. Марха цакхабалучарна тIехь ду мискачу стагана даар далар. Диканиг цо совдаьккхича (шен даггара сагIа совлуш) – и цунна дика ду. Аш марха кхаьбча – шуна дика ду‚ шу хууш хиллехь

    2:184
  5. شَهْرُ رَمَضَانَ الَّذِي أُنْزِلَ فِيهِ الْقُرْآنُ هُدًى لِلنَّاسِ وَبَيِّنَاتٍ مِنَ الْهُدَىٰ وَالْفُرْقَانِ ۚ فَمَنْ شَهِدَ مِنْكُمُ الشَّهْرَ فَلْيَصُمْهُ ۖ وَمَنْ كَانَ مَرِيضًا أَوْ عَلَىٰ سَفَرٍ فَعِدَّةٌ مِنْ أَيَّامٍ أُخَرَ ۗ يُرِيدُ اللَّهُ بِكُمُ الْيُسْرَ وَلَا يُرِيدُ بِكُمُ الْعُسْرَ وَلِتُكْمِلُوا الْعِدَّةَ وَلِتُكَبِّرُوا اللَّهَ عَلَىٰ مَا هَدَاكُمْ وَلَعَلَّكُمْ تَشْكُرُونَ

    /И марха кхаба деза денош/ Рамазан бутт бу‚ шена чохь нахана нийса некъ а болу‚ нийсачу некъан а, /бакъдерг-харцдерг, хьанал-хьарам/ къасторан а билгалонаш а йолу Къуръан доссийна болу. Шух и /рамазан бутт/ леринчо марха кхобийла. Цхьаъ цомгуш велахь‚ я новкъахь велахь – кхечу денойх цхьа дакъа /кхочушдер цо/. И Дела лууш ву шуна атто хилар‚ лууш вац И шуна хало хилар. Кхочушдер аш и денош /марханаш кхобуш/‚ вазвер аш и Дела /АллахIу акбар āларца/‚ Цо шаьш нийсачу новкъа нисдарна‚ шу хилахьара баркалла олуш

    2:185
  6. وَإِذَا سَأَلَكَ عِبَادِي عَنِّي فَإِنِّي قَرِيبٌ ۖ أُجِيبُ دَعْوَةَ الدَّاعِ إِذَا دَعَانِ ۖ فَلْيَسْتَجِيبُوا لِي وَلْيُؤْمِنُوا بِي لَعَلَّهُمْ يَرْشُدُونَ

    Сан леша хьоьга хаттахь Сох лаьцна – Со гергахь ву‚ жоп луш ву доьхучуьнан дехарна – цо дехча. Суна жоп лойла цара (Суна муьтхь хиларца)‚ Сох тешийла уьш - уьш хила там бара нийсачу новкъахь

    2:186
  7. أُحِلَّ لَكُمْ لَيْلَةَ الصِّيَامِ الرَّفَثُ إِلَىٰ نِسَائِكُمْ ۚ هُنَّ لِبَاسٌ لَكُمْ وَأَنْتُمْ لِبَاسٌ لَهُنَّ ۗ عَلِمَ اللَّهُ أَنَّكُمْ كُنْتُمْ تَخْتَانُونَ أَنْفُسَكُمْ فَتَابَ عَلَيْكُمْ وَعَفَا عَنْكُمْ ۖ فَالْآنَ بَاشِرُوهُنَّ وَابْتَغُوا مَا كَتَبَ اللَّهُ لَكُمْ ۚ وَكُلُوا وَاشْرَبُوا حَتَّىٰ يَتَبَيَّنَ لَكُمُ الْخَيْطُ الْأَبْيَضُ مِنَ الْخَيْطِ الْأَسْوَدِ مِنَ الْفَجْرِ ۖ ثُمَّ أَتِمُّوا الصِّيَامَ إِلَى اللَّيْلِ ۚ وَلَا تُبَاشِرُوهُنَّ وَأَنْتُمْ عَاكِفُونَ فِي الْمَسَاجِدِ ۗ تِلْكَ حُدُودُ اللَّهِ فَلَا تَقْرَبُوهَا ۗ كَذَٰلِكَ يُبَيِّنُ اللَّهُ آيَاتِهِ لِلنَّاسِ لَعَلَّهُمْ يَتَّقُونَ

    Магош ду шуна мархийн баттахь буса шайн зударшна гергадахар – уьш шун духар ду‚ шу – церан духар ду. Далла хиира шу хилла хилар шаьш шайн Iехадеш. Шун тōба къобалдира Цо‚ шуна гечдира. ХIинца /буса/ гергаг шайна царна‚ лаха Дала шайна яздинарг. Даа‚ мала шайна сатасаран кIайн тай Iаьржачу тайх къастадаллалц. ТIаккха кхочушде марха кхабар буьйса тяллалц. Герга ма г царна (зударшна) шаьш маьждигаш чохь лаьтташ долуш /иIтикаф деш/. Уьш Делан дозанаш ду. Герга ма гIо царна (дозанашна – уьш дохо). Иштта билгалдоху Дала шен аяташ нахана‚ уьш хилийтархьама ларлуш /Делан дозанех/

    2:187
  8. وَلَا تَأْكُلُوا أَمْوَالَكُمْ بَيْنَكُمْ بِالْبَاطِلِ وَتُدْلُوا بِهَا إِلَى الْحُكَّامِ لِتَأْكُلُوا فَرِيقًا مِنْ أَمْوَالِ النَّاسِ بِالْإِثْمِ وَأَنْتُمْ تَعْلَمُونَ

    Аш ма даа вовшийн даьхни харцонца хьаькамашца берта а дахана, къа дарца нехан даьхни даархьама‚ шайна хуьушехь /и шайн доцийла/

    2:188
  9. يَسْأَلُونَكَ عَنِ الْأَهِلَّةِ ۖ قُلْ هِيَ مَوَاقِيتُ لِلنَّاسِ وَالْحَجِّ ۗ وَلَيْسَ الْبِرُّ بِأَنْ تَأْتُوا الْبُيُوتَ مِنْ ظُهُورِهَا وَلَٰكِنَّ الْبِرَّ مَنِ اتَّقَىٰ ۗ وَأْتُوا الْبُيُوتَ مِنْ أَبْوَابِهَا ۚ وَاتَّقُوا اللَّهَ لَعَلَّكُمْ تُفْلِحُونَ

    Хьоьга /хIай Мухьаммад/ хоьтту цара беттан куьцаш хийцадаларах лаьцна‚ ахь āла: 'Иза нахана хан билгалъяккхархьама а‚ хьаьждехкарна а ду'. Мēла хир бац шу хсамаш чу тIехьахула дахарх. Мēла бу /шу Делах/ кхоьруш хилар. Хсамаш чу г неIаршкахула! Делах кхера – шу даккхийдер ду

    2:189
  10. وَقَاتِلُوا فِي سَبِيلِ اللَّهِ الَّذِينَ يُقَاتِلُونَكُمْ وَلَا تَعْتَدُوا ۚ إِنَّ اللَّهَ لَا يُحِبُّ الْمُعْتَدِينَ

    ТIом бе Делан новкъахь шайца тIом беш болчаьрца‚ амма дозанал сов ма довла. Далла ца беза дозанал сов буьйлурш

    2:190
  11. وَاقْتُلُوهُمْ حَيْثُ ثَقِفْتُمُوهُمْ وَأَخْرِجُوهُمْ مِنْ حَيْثُ أَخْرَجُوكُمْ ۚ وَالْفِتْنَةُ أَشَدُّ مِنَ الْقَتْلِ ۚ وَلَا تُقَاتِلُوهُمْ عِنْدَ الْمَسْجِدِ الْحَرَامِ حَتَّىٰ يُقَاتِلُوكُمْ فِيهِ ۖ فَإِنْ قَاتَلُوكُمْ فَاقْتُلُوهُمْ ۗ كَذَٰلِكَ جَزَاءُ الْكَافِرِينَ

    Байа уьш шайна карабаьхккинчохь‚ арабаха уьш шаьш арадаьхначуьра. Питана чIогIа ду стаг вēрал а. ТIом ма бе цаьрца Деза Маьждигана уллохь‚ цара шайца тм ца бахь. Цара шайца бахь /тIом/ – байа уьш! Иштта бу цатешачарна бекхам

    2:191
  12. فَإِنِ انْتَهَوْا فَإِنَّ اللَّهَ غَفُورٌ رَحِيمٌ

    Уьш совцахь – Дела гечдеш а‚ къинхетаме а ву

    2:192
  13. وَقَاتِلُوهُمْ حَتَّىٰ لَا تَكُونَ فِتْنَةٌ وَيَكُونَ الدِّينُ لِلَّهِ ۖ فَإِنِ انْتَهَوْا فَلَا عُدْوَانَ إِلَّا عَلَى الظَّالِمِينَ

    ТIом бе цаьрца питана саццалц‚ дин / деш долу бадат деккъа цхьана Далла хиллалц/. Уьш совцахь/тм бечуьра/ – тIелатар ма де зулам дечарна бен

    2:193
  14. الشَّهْرُ الْحَرَامُ بِالشَّهْرِ الْحَرَامِ وَالْحُرُمَاتُ قِصَاصٌ ۚ فَمَنِ اعْتَدَىٰ عَلَيْكُمْ فَاعْتَدُوا عَلَيْهِ بِمِثْلِ مَا اعْتَدَىٰ عَلَيْكُمْ ۚ وَاتَّقُوا اللَّهَ وَاعْلَمُوا أَنَّ اللَّهَ مَعَ الْمُتَّقِينَ

    Лераме бутт – лераме баттаца‚ хьурматаш а – чр эца дезаш ду. Шайна цхьаъ тIелатахь – шу а тIелата цунна‚ и шайна тIе ма летта. Делах кхера, шуна хаа и Дела Шех кхоьручаьрца вуйла

    2:194
  15. وَأَنْفِقُوا فِي سَبِيلِ اللَّهِ وَلَا تُلْقُوا بِأَيْدِيكُمْ إِلَى التَّهْلُكَةِ ۛ وَأَحْسِنُوا ۛ إِنَّ اللَّهَ يُحِبُّ الْمُحْسِنِينَ

    Харжаш е Делан новкъахь. Шайн куьйгашца шаьш хIаллак ма де. Диканиг де. Далла дукхабеза диканиг деш берш

    2:195
  16. وَأَتِمُّوا الْحَجَّ وَالْعُمْرَةَ لِلَّهِ ۚ فَإِنْ أُحْصِرْتُمْ فَمَا اسْتَيْسَرَ مِنَ الْهَدْيِ ۖ وَلَا تَحْلِقُوا رُءُوسَكُمْ حَتَّىٰ يَبْلُغَ الْهَدْيُ مَحِلَّهُ ۚ فَمَنْ كَانَ مِنْكُمْ مَرِيضًا أَوْ بِهِ أَذًى مِنْ رَأْسِهِ فَفِدْيَةٌ مِنْ صِيَامٍ أَوْ صَدَقَةٍ أَوْ نُسُكٍ ۚ فَإِذَا أَمِنْتُمْ فَمَنْ تَمَتَّعَ بِالْعُمْرَةِ إِلَى الْحَجِّ فَمَا اسْتَيْسَرَ مِنَ الْهَدْيِ ۚ فَمَنْ لَمْ يَجِدْ فَصِيَامُ ثَلَاثَةِ أَيَّامٍ فِي الْحَجِّ وَسَبْعَةٍ إِذَا رَجَعْتُمْ ۗ تِلْكَ عَشَرَةٌ كَامِلَةٌ ۗ ذَٰلِكَ لِمَنْ لَمْ يَكُنْ أَهْلُهُ حَاضِرِي الْمَسْجِدِ الْحَرَامِ ۚ وَاتَّقُوا اللَّهَ وَاعْلَمُوا أَنَّ اللَّهَ شَدِيدُ الْعِقَابِ

    Кхочушде хьаьждехкар а‚ Iумрат а Дела дуьхьа. Шун аьтто боьхнехь /цхьана хмано новкъарло йина/, шайн ницкъ кхочу бежана де сагIийна. Шайн кортош ма даша и сагIина дийна бежана шен меттиге дIакхаччалц. Шух цхьаъ цомгуш велахь я коьртан цамгар йолуш велахь – /корта бошур бац‚ амма/ цунна дуьхьал марха кхобур ду /кхаа дийнахь/‚ сагIа лур ду /ялх мискачу стагана‚ цхьанна ах сахь луш/‚ я уьстагI буьйр бу. Шу кхерамах паргIатдевлача‚ шух цхьаммо Iумрат хьалхадаккхахь хьаьждехкарал – шена ницкъ кхочу болу бежанна урс хьакха сагIийна. И ца карадахь – марха кхобур ду кхаа дийнахь хьаьждоьхкучу хенахь‚ ворхI дийнахь – цIа юхавирзича. Уьш кхоччуш итт де ду. И ду шен нах Деза Маьждигана гонахь боцчарна. Шу кхера Делах‚ шуна хаа и Дела таIзар дарехь чIогIа вуйла

    2:196
  17. الْحَجُّ أَشْهُرٌ مَعْلُومَاتٌ ۚ فَمَنْ فَرَضَ فِيهِنَّ الْحَجَّ فَلَا رَفَثَ وَلَا فُسُوقَ وَلَا جِدَالَ فِي الْحَجِّ ۗ وَمَا تَفْعَلُوا مِنْ خَيْرٍ يَعْلَمْهُ اللَّهُ ۗ وَتَزَوَّدُوا فَإِنَّ خَيْرَ الزَّادِ التَّقْوَىٰ ۚ وَاتَّقُونِ يَا أُولِي الْأَلْبَابِ

    Хьаьждехкаран билгалдаьхна беттанаш ду. Цу хенахь хьаьж- дихкинчунна – зудчуьнца /гергара/ юкъаметтиг хилар а‚ Iесалла а‚ къийсар а ца мега хьаьждехкарехь. Аш муьлхха а дина дика Ша хууш ма ву и Дела. Шайца сурсаташ эца некъана (хьаьждехка доьлхуш). Ткъа уггар дика сурсат – Делах кхерар ду. Сох кхера‚ хIай хьекъал дерш

    2:197
  18. لَيْسَ عَلَيْكُمْ جُنَاحٌ أَنْ تَبْتَغُوا فَضْلًا مِنْ رَبِّكُمْ ۚ فَإِذَا أَفَضْتُمْ مِنْ عَرَفَاتٍ فَاذْكُرُوا اللَّهَ عِنْدَ الْمَشْعَرِ الْحَرَامِ ۖ وَاذْكُرُوهُ كَمَا هَدَاكُمْ وَإِنْ كُنْتُمْ مِنْ قَبْلِهِ لَمِنَ الضَّالِّينَ

    Шуна къа дац‚ аш шайн Делера диканаш лехча. Шаьш Iарафатера охьадаьхкича, Дела хьахаве сийдолчу машIарехь. Хьахаве И /дика/‚ Цо шу /нийсачу новкъа/ нисдаре терра‚ шу хиллехь а цул хьалха тиллабелллачарех

    2:198
  19. ثُمَّ أَفِيضُوا مِنْ حَيْثُ أَفَاضَ النَّاسُ وَاسْتَغْفِرُوا اللَّهَ ۚ إِنَّ اللَّهَ غَفُورٌ رَحِيمٌ

    ТIаккха лела нах лелачухула‚ Деле гечдар а деха. И Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а ву

    2:199
  20. فَإِذَا قَضَيْتُمْ مَنَاسِكَكُمْ فَاذْكُرُوا اللَّهَ كَذِكْرِكُمْ آبَاءَكُمْ أَوْ أَشَدَّ ذِكْرًا ۗ فَمِنَ النَّاسِ مَنْ يَقُولُ رَبَّنَا آتِنَا فِي الدُّنْيَا وَمَا لَهُ فِي الْآخِرَةِ مِنْ خَلَاقٍ

    Шаьш хьаьждехкар кхочушдина девлча‚ хьехаве и Дела‚ шаьш шайн дай хьехабарах терра‚ я кхин а чIогIа. Нахах ма бу олурш: 'ХIай тхан Кхиош-кхобург‚ ло тхуна дуьненахь' /диканаш/ – ма дац царна эхартахь дāкъа

    2:200

Гочдар: Магомед Магомедов