Мусхаф., агӏо 3
-
إِنَّ الَّذِينَ كَفَرُوا سَوَاءٌ عَلَيْهِمْ أَأَنْذَرْتَهُمْ أَمْ لَمْ تُنْذِرْهُمْ لَا يُؤْمِنُونَ
Баккъалла а, ца тешаш берш – царна бен дац ахь шайна кхерам тесча а‚ ца тесча а‚ уьш тешар бац
2:6 -
خَتَمَ اللَّهُ عَلَىٰ قُلُوبِهِمْ وَعَلَىٰ سَمْعِهِمْ ۖ وَعَلَىٰ أَبْصَارِهِمْ غِشَاوَةٌ ۖ وَلَهُمْ عَذَابٌ عَظِيمٌ
Церан дегнаш а‚ лергаш а, мухIар а тоьхна, дIакъевлина‚ церан бIаьргашна дуьхьал кирхьа ду‚ царна хир ду деза доккха Iазап
2:7 -
وَمِنَ النَّاسِ مَنْ يَقُولُ آمَنَّا بِاللَّهِ وَبِالْيَوْمِ الْآخِرِ وَمَا هُمْ بِمُؤْمِنِينَ
Нахах бу цхьаберш‚ шаьш олуш: 'Тешна тхо Делах а‚ тIаьххьарчу дийнах а'- уьш ма бац тешаш
2:8 -
يُخَادِعُونَ اللَّهَ وَالَّذِينَ آمَنُوا وَمَا يَخْدَعُونَ إِلَّا أَنْفُسَهُمْ وَمَا يَشْعُرُونَ
Iехо гIерта уьш Дела а‚ ийман диллинарш а‚ амма цара ца Iехабо шаьш бен‚ – /и/ ца хаало-кх царна
2:9 -
فِي قُلُوبِهِمْ مَرَضٌ فَزَادَهُمُ اللَّهُ مَرَضًا ۖ وَلَهُمْ عَذَابٌ أَلِيمٌ بِمَا كَانُوا يَكْذِبُونَ
Церан дегнашкахь цамгар ю‚ Дала алсамъяьккхи и кхин т а цамгарца‚ царна ма ду лазош долу Iазап‚ шаьш хиларна харцлуьйш
2:10 -
وَإِذَا قِيلَ لَهُمْ لَا تُفْسِدُوا فِي الْأَرْضِ قَالُوا إِنَّمَا نَحْنُ مُصْلِحُونَ
Цаьрга аьлча: ' Ма леладе лаьтта тхь боьханиг', цара олу: 'Тхо-м диканиг лелош дерш ма ду!'
2:11 -
أَلَا إِنَّهُمْ هُمُ الْمُفْسِدُونَ وَلَٰكِنْ لَا يَشْعُرُونَ
Уьш бац‚ ткъа‚ боьханиг лелош берш? Делахь а‚ хаа ца ло-кх царна
2:12 -
وَإِذَا قِيلَ لَهُمْ آمِنُوا كَمَا آمَنَ النَّاسُ قَالُوا أَنُؤْمِنُ كَمَا آمَنَ السُّفَهَاءُ ۗ أَلَا إِنَّهُمْ هُمُ السُّفَهَاءُ وَلَٰكِنْ لَا يَعْلَمُونَ
Цаьрга аьлча: 'Тешийша‚ нах ма тешшар', цара олу: 'Тхо тешар ду ткъа‚ Iовдалш санна?' Баккъалла а, уьш бац ткъа‚ Iовдалш? Амма, ца хаьа-кх царна
2:13 -
وَإِذَا لَقُوا الَّذِينَ آمَنُوا قَالُوا آمَنَّا وَإِذَا خَلَوْا إِلَىٰ شَيَاطِينِهِمْ قَالُوا إِنَّا مَعَكُمْ إِنَّمَا نَحْنُ مُسْتَهْزِئُونَ
Ийман диллинчарна дуьхьалкхетча‚ цара олу: 'Тхо ийман диллина ду.' Шайн шайтIанашца цьанабисча‚ цара олу: 'Баккъалла а, тхо шуьца ма ду‚ тхо-м уьш (ийман диллинарш) хьийзош дарий'
2:14 -
اللَّهُ يَسْتَهْزِئُ بِهِمْ وَيَمُدُّهُمْ فِي طُغْيَانِهِمْ يَعْمَهُونَ
Дала сийсаза бийр бу уьш, чгийр бу шайн тиларчохь д-схьа хьийзаш
2:15 -
أُولَٰئِكَ الَّذِينَ اشْتَرَوُا الضَّلَالَةَ بِالْهُدَىٰ فَمَا رَبِحَتْ تِجَارَتُهُمْ وَمَا كَانُوا مُهْتَدِينَ
Уьш бу нийсачу некъах тилар эцнарш‚ ма сắ ца хили-кх церан йохка-эцарх‚ уьш ца хили-кх нийсачу новкъахь
2:16
Гочдар: Магомед Магомедов