Мусхаф., агӏо 439
-
هُوَ الَّذِي جَعَلَكُمْ خَلَائِفَ فِي الْأَرْضِ ۚ فَمَنْ كَفَرَ فَعَلَيْهِ كُفْرُهُ ۖ وَلَا يَزِيدُ الْكَافِرِينَ كُفْرُهُمْ عِنْدَ رَبِّهِمْ إِلَّا مَقْتًا ۖ وَلَا يَزِيدُ الْكَافِرِينَ كُفْرُهُمْ إِلَّا خَسَارًا
Иза ву Ша шух лаьттахь тIаьхье хилийтина. Милла а велахь керставаьлла цунна шена ду цуьнан керстаналла. Совбохур бац керстанаш церан керстаналло шайн Кхиош-кхобучунна гергахь оьгIазаллица бен. Совбохур бац керстанаш церан керстаналло эшаллица бен
35:39 -
قُلْ أَرَأَيْتُمْ شُرَكَاءَكُمُ الَّذِينَ تَدْعُونَ مِنْ دُونِ اللَّهِ أَرُونِي مَاذَا خَلَقُوا مِنَ الْأَرْضِ أَمْ لَهُمْ شِرْكٌ فِي السَّمَاوَاتِ أَمْ آتَيْنَاهُمْ كِتَابًا فَهُمْ عَلَىٰ بَيِّنَتٍ مِنْهُ ۚ بَلْ إِنْ يَعِدُ الظَّالِمُونَ بَعْضُهُمْ بَعْضًا إِلَّا غُرُورًا
Ахь āла: 'Хьовсал шайн накъосташка‚ аш шайга кхойкхуш болчу, Дела а витина. Гайтал соьга‚ хIун кхоьллина цара лаьттахь‚ я царна /Делаца/ накъосталла ду стигланашкахь‚ я Оха цаьрга жайна делла‚ уьш Цуьнгара билгалонашкахь а болуш? ХIаъ‚ зуламхоша цхьаболчара вукхарна еш йолу ваIда Iехор бен ма яц
35:40 -
إِنَّ اللَّهَ يُمْسِكُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ أَنْ تَزُولَا ۚ وَلَئِنْ زَالَتَا إِنْ أَمْسَكَهُمَا مِنْ أَحَدٍ مِنْ بَعْدِهِ ۚ إِنَّهُ كَانَ حَلِيمًا غَفُورًا
Баккъалла а, Дала сацош ю стигланаш а‚ латта а дIатиларх. Уьш дIатилча, соцуьйтур яри-й уьш цхьамма а Цул тIаьхьа? Баккъалла а, Иза хилла тIех собаре верг а‚ гечдийриг а
35:41 -
وَأَقْسَمُوا بِاللَّهِ جَهْدَ أَيْمَانِهِمْ لَئِنْ جَاءَهُمْ نَذِيرٌ لَيَكُونُنَّ أَهْدَىٰ مِنْ إِحْدَى الْأُمَمِ ۖ فَلَمَّا جَاءَهُمْ نَذِيرٌ مَا زَادَهُمْ إِلَّا نُفُورًا
Цара (Маккара керстанаша) дуй биира Делаца, инзаре чIогIа дуй, шайга кхерамча вагIахь‚ шаьш хир ма ду уггар нийсачу новкъахь долчу умматех цхьаъ‚ аьлла. Цаьрга кхерамча веъча‚ цо сов ца бехира уьш /ислам динна/ генабовларца бен‚
35:42 -
اسْتِكْبَارًا فِي الْأَرْضِ وَمَكْرَ السَّيِّئِ ۚ وَلَا يَحِيقُ الْمَكْرُ السَّيِّئُ إِلَّا بِأَهْلِهِ ۚ فَهَلْ يَنْظُرُونَ إِلَّا سُنَّتَ الْأَوَّلِينَ ۚ فَلَنْ تَجِدَ لِسُنَّتِ اللَّهِ تَبْدِيلًا ۖ وَلَنْ تَجِدَ لِسُنَّتِ اللَّهِ تَحْوِيلًا
Лаьттахь курабовларца а‚ вочу мекарлоца а бен. Вон мекарло ца хьерча шен охIлах бен. Хьовсур буй уьш хьалхалерчийн Iадате бен? Хьуна карор ма дац Делан Iадатна хийцар. Хьуна карор ма дац Делан Iадатна хьавзор /кхечунна тIе/
35:43 -
أَوَلَمْ يَسِيرُوا فِي الْأَرْضِ فَيَنْظُرُوا كَيْفَ كَانَ عَاقِبَةُ الَّذِينَ مِنْ قَبْلِهِمْ وَكَانُوا أَشَدَّ مِنْهُمْ قُوَّةً ۚ وَمَا كَانَ اللَّهُ لِيُعْجِزَهُ مِنْ شَيْءٍ فِي السَّمَاوَاتِ وَلَا فِي الْأَرْضِ ۚ إِنَّهُ كَانَ عَلِيمًا قَدِيرًا
Уьш ца лела лаьттахула‚ ца хьовсу-те‚ муха хилла царал хьалха хиллачеран тIаьхье? Уьш ма бара хIоккхарал вуно чIогIа ницкъаца. Дела хили Ша духатухур воцуш стигланашкахь а‚ лаьттахь а цхьанна хIумано. Баккъалла а, Иза хили хууш верг а‚ ницкъ берг а
35:44
Гочдар: Магомед Магомедов