Мусхаф., агӏо 63

  1. وَكَيْفَ تَكْفُرُونَ وَأَنْتُمْ تُتْلَىٰ عَلَيْكُمْ آيَاتُ اللَّهِ وَفِيكُمْ رَسُولُهُ ۗ وَمَنْ يَعْتَصِمْ بِاللَّهِ فَقَدْ هُدِيَ إِلَىٰ صِرَاطٍ مُسْتَقِيمٍ

    Шу муха хуьлу ца тешаш – шуна тIехь доьшуш Делан аяташ ма ду‚ шуна юккъехь Цуьнан элча ма ву? Милла велахь а, Делаца чIагIвелларг – нисвелла и нийсачу новкъа

    3:101
  2. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا اتَّقُوا اللَّهَ حَقَّ تُقَاتِهِ وَلَا تَمُوتُنَّ إِلَّا وَأَنْتُمْ مُسْلِمُونَ

    ХIай ийман диллинарш‚ кхера Делах хакъ-бакъ кхерарца‚ шу дала ма лойла Цунна муьтIахь долуш бен

    3:102
  3. وَاعْتَصِمُوا بِحَبْلِ اللَّهِ جَمِيعًا وَلَا تَفَرَّقُوا ۚ وَاذْكُرُوا نِعْمَتَ اللَّهِ عَلَيْكُمْ إِذْ كُنْتُمْ أَعْدَاءً فَأَلَّفَ بَيْنَ قُلُوبِكُمْ فَأَصْبَحْتُمْ بِنِعْمَتِهِ إِخْوَانًا وَكُنْتُمْ عَلَىٰ شَفَا حُفْرَةٍ مِنَ النَّارِ فَأَنْقَذَكُمْ مِنْهَا ۗ كَذَٰلِكَ يُبَيِّنُ اللَّهُ لَكُمْ آيَاتِهِ لَعَلَّكُمْ تَهْتَدُونَ

    ЧIагIло Делан муьшца массо а. Шу декъа ма ло. Дагадаийта шайна хилла Делан ниIмат: шу ма дара мостагIий – шун дегнаш кIаддийра Цо‚ шух хилира Цуьнан ниIматца вежарий. Шу ма дара цIеран ора йисттехь – Цо шу цунах кIелхьарадехира. Иштта билгалдо Дала шуна Шен аяташ – шу нисдала тарлора

    3:103
  4. وَلْتَكُنْ مِنْكُمْ أُمَّةٌ يَدْعُونَ إِلَى الْخَيْرِ وَيَأْمُرُونَ بِالْمَعْرُوفِ وَيَنْهَوْنَ عَنِ الْمُنْكَرِ ۚ وَأُولَٰئِكَ هُمُ الْمُفْلِحُونَ

    Шух хуьлийла уммат‚ ша дикане кхойкхуш‚ диканиг хьоьхуш‚ вочух /нах/ духатухуш. Уьш бу баккхийбийр берш

    3:104
  5. وَلَا تَكُونُوا كَالَّذِينَ تَفَرَّقُوا وَاخْتَلَفُوا مِنْ بَعْدِ مَا جَاءَهُمُ الْبَيِّنَاتُ ۚ وَأُولَٰئِكَ لَهُمْ عَذَابٌ عَظِيمٌ

    Шу ма хилалаш шайга билгалонаш еъначул тIаьхьа бекъабеллачарех а‚ шайн барт цахиллачарех а тера. Царна – деза-доккха Iазап ду

    3:105
  6. يَوْمَ تَبْيَضُّ وُجُوهٌ وَتَسْوَدُّ وُجُوهٌ ۚ فَأَمَّا الَّذِينَ اسْوَدَّتْ وُجُوهُهُمْ أَكَفَرْتُمْ بَعْدَ إِيمَانِكُمْ فَذُوقُوا الْعَذَابَ بِمَا كُنْتُمْ تَكْفُرُونَ

    Оцу /къемат/дийнахь /Далла муьтхь хиллачу муъмин нехан/ яххьаш кIайлур ю‚ /Далла инкарло йинчу керста нехан/ яххьаш Iаржлур ю. Амма шайн яххьаш Iаржъелларш /кхуьссур бу жоьжахати чу‚ цаьрга хоттур ду/: 'Ткъа шу ца тийши шайга ийман /ийманан ламаташ/ деъначул тIаьхьа а? Iовша Iазап, шаьш ца тешаш хиларна!'

    3:106
  7. وَأَمَّا الَّذِينَ ابْيَضَّتْ وُجُوهُهُمْ فَفِي رَحْمَةِ اللَّهِ هُمْ فِيهَا خَالِدُونَ

    Ткъа шайн яххьаш кIайъелларш – Делан къинхетамна чохь (ялсаманехь) хир бу. Уьш цу чохь гуттар лаьттар бу

    3:107
  8. تِلْكَ آيَاتُ اللَّهِ نَتْلُوهَا عَلَيْكَ بِالْحَقِّ ۗ وَمَا اللَّهُ يُرِيدُ ظُلْمًا لِلْعَالَمِينَ

    Уьш Делан аяташ ду, Оха дуьйцу хьуна уьш бакъдолчуьнца. И Дела ма вац зулам лууш Iаламна (ша кхоьллинчу цхьанна хIуманна)

    3:108

Гочдар: Магомед Магомедов