Сурат 44 Ад-духан (КIур)

  1. وَإِنْ لَمْ تُؤْمِنُوا لِي فَاعْتَزِلُونِ

    Шу сох ца тешахь‚ со вита /бохам ца беш/'

    44:21
  2. فَدَعَا رَبَّهُ أَنَّ هَٰؤُلَاءِ قَوْمٌ مُجْرِمُونَ

    /ТIаккха/ цо (Мусас) шен Кхиош-кхобучуьнга кхийкхира: 'ХIара къам къинош деш ма ду'‚ /аьлла/

    44:22
  3. فَأَسْرِ بِعِبَادِي لَيْلًا إِنَّكُمْ مُتَّبَعُونَ

    /ТIаккха элира Дала/: 'ДIагIо сан лешца (Исраилан кIенташца) буса‚ баккъалла а, уьш /шуна/ тIаьхьабовлур бу хьуна

    44:23
  4. وَاتْرُكِ الْبَحْرَ رَهْوًا ۖ إِنَّهُمْ جُنْدٌ مُغْرَقُونَ

    ХIорд бекъабеллачахь бита‚ баккъалла а, уьш /хIорда/ бухагIур долу эскар ма ду'

    44:24
  5. كَمْ تَرَكُوا مِنْ جَنَّاتٍ وَعُيُونٍ

    Мел /дукха/ бухадити цара бошмаш а‚ шовданаш а‚

    44:25
  6. وَزُرُوعٍ وَمَقَامٍ كَرِيمٍ

    Ялташ а‚ /хийла/ сийлахь меттиг а‚

    44:26
  7. وَنَعْمَةٍ كَانُوا فِيهَا فَاكِهِينَ

    Шаьш шеца зовкх хьоьгуш хилла долу /мел дукха/ ниIматаш а

    44:27
  8. كَذَٰلِكَ ۖ وَأَوْرَثْنَاهَا قَوْمًا آخَرِينَ

    Иштта /хилира церан чакхе/. Оха уьш ирсана дIеделира кхечу къомана

    44:28
  9. فَمَا بَكَتْ عَلَيْهِمُ السَّمَاءُ وَالْأَرْضُ وَمَا كَانُوا مُنْظَرِينَ

    Стигал а, латта а ца дилхира царна тIехь‚ тIаьхьа ца таьттира уьш /Iазапах/

    44:29
  10. وَلَقَدْ نَجَّيْنَا بَنِي إِسْرَائِيلَ مِنَ الْعَذَابِ الْمُهِينِ

    Оха кIелхьарбехира Исраилан кIентий сийсазачу Iазапах‚

    44:30
  11. مِنْ فِرْعَوْنَ ۚ إِنَّهُ كَانَ عَالِيًا مِنَ الْمُسْرِفِينَ

    ФирIавнах. Баккъалла а, иза хьалаваьлларг хилира тIаламазачарах

    44:31
  12. وَلَقَدِ اخْتَرْنَاهُمْ عَلَىٰ عِلْمٍ عَلَى الْعَالَمِينَ

    Оха уьш (Исраилан кIентий) хаьржира Iилмаца /массо а/ Iаламел

    44:32
  13. وَآتَيْنَاهُمْ مِنَ الْآيَاتِ مَا فِيهِ بَلَاءٌ مُبِينٌ

    Оха цаьрга делира аятех шайна чохь билгала бāла берш а

    44:33
  14. إِنَّ هَٰؤُلَاءِ لَيَقُولُونَ

    Баккъалла а, хIорш (къурайшаш) олуш ма бу:

    44:34
  15. إِنْ هِيَ إِلَّا مَوْتَتُنَا الْأُولَىٰ وَمَا نَحْنُ بِمُنْشَرِينَ

    'Вайн цхьа дуьххьарлера далар бен дац‚ вай гIовтор дац /деллачул тIаьхьа/

    44:35
  16. فَأْتُوا بِآبَائِنَا إِنْ كُنْتُمْ صَادِقِينَ

    Схьабалабе тхан дай, шу бакълуьйш хиллехь'

    44:36
  17. أَهُمْ خَيْرٌ أَمْ قَوْمُ تُبَّعٍ وَالَّذِينَ مِنْ قَبْلِهِمْ ۚ أَهْلَكْنَاهُمْ ۖ إِنَّهُمْ كَانُوا مُجْرِمِينَ

    Уьш дика бу я ТуббаIан къам а‚ царал хьалха хилларш а дика бу? Оха уьш хIаллакбира. Баккъалла а, уьш къинош деш хилира

    44:37
  18. وَمَا خَلَقْنَا السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ وَمَا بَيْنَهُمَا لَاعِبِينَ

    Оха ловзуш/долчу хьолехь/ ца кхоьллина стигланаш а‚ латта а‚ цу шиннан юккъехь мел дерг а

    44:38
  19. مَا خَلَقْنَاهُمَا إِلَّا بِالْحَقِّ وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَهُمْ لَا يَعْلَمُونَ

    Оха ца кхоьллина уьш бакъдолчуьнца бен‚ делахь а, царах дукхахболчарна ца хаьа-кх

    44:39
  20. إِنَّ يَوْمَ الْفَصْلِ مِيقَاتُهُمْ أَجْمَعِينَ

    Баккъалла а, къасторан де царна массарна а хан тоьхна ма ду

    44:40

Гочдар: Магомед Магомедов