Сурат 44 Ад-духан (КIур)

  1. يَوْمَ لَا يُغْنِي مَوْلًى عَنْ مَوْلًى شَيْئًا وَلَا هُمْ يُنْصَرُونَ

    Оцу дийнахь гергарчо духатухур дац гергарчух /запах/ хIумма а‚ царна гIо дийр дац

    44:41
  2. إِلَّا مَنْ رَحِمَ اللَّهُ ۚ إِنَّهُ هُوَ الْعَزِيزُ الرَّحِيمُ

    Дала шех къинхетам биначунна а бен. Баккъалла а, Иза веза верг а ву‚ къинхетаме верг а ву

    44:42
  3. إِنَّ شَجَرَتَ الزَّقُّومِ

    Баккъалла а, и Заккъум олу дитт -

    44:43
  4. طَعَامُ الْأَثِيمِ

    Къинош дечун кхача бу

    44:44
  5. كَالْمُهْلِ يَغْلِي فِي الْبُطُونِ

    Лалийначу аьчгах тера кхехкар бу иза геш чохь‚

    44:45
  6. كَغَلْيِ الْحَمِيمِ

    Цйдина хи кхахкарх терра

    44:46
  7. خُذُوهُ فَاعْتِلُوهُ إِلَىٰ سَوَاءِ الْجَحِيمِ

    /Мохь хир бу/: 'Схьалаца иза‚ дIакхосса иза жоьжахатина юккъе

    44:47
  8. ثُمَّ صُبُّوا فَوْقَ رَأْسِهِ مِنْ عَذَابِ الْحَمِيمِ

    ДIадотта цуьнан коьртана тIехула цйдинчу хин Iазап'

    44:48
  9. ذُقْ إِنَّكَ أَنْتَ الْعَزِيزُ الْكَرِيمُ

    Iовша хьайна! Баккъалла а, хьо /хIай керста/ веза верг ву‚ сийлахь верг а ву /хьуна маттарца‚ хьан дашца а/

    44:49
  10. إِنَّ هَٰذَا مَا كُنْتُمْ بِهِ تَمْتَرُونَ

    Баккъалла а, хIара ду аш шегахь шеко еш хилларг'

    44:50
  11. إِنَّ الْمُتَّقِينَ فِي مَقَامٍ أَمِينٍ

    Баккъалла а, /Делах/ кхоьруш берш тешамечу меттигехь хир бу

    44:51
  12. فِي جَنَّاتٍ وَعُيُونٍ

    Бошмашкахь а‚ шовданашкахь а

    44:52
  13. يَلْبَسُونَ مِنْ سُنْدُسٍ وَإِسْتَبْرَقٍ مُتَقَابِلِينَ

    ТIедухур ду цара дуьткъачу дарих а‚ стоммачу дарих а, вовшийн дуьхь-дуьхьал хIуьттуш

    44:53
  14. كَذَٰلِكَ وَزَوَّجْنَاهُمْ بِحُورٍ عِينٍ

    Иштта Оха бāлор бу царна хаза бIаьргаш берш

    44:54
  15. يَدْعُونَ فِيهَا بِكُلِّ فَاكِهَةٍ آمِنِينَ

    Кхойкхур ду цара хIора стоьме, /уьш кхачалур цахиларх, массо а халонех/ тешаме а болуш

    44:55
  16. لَا يَذُوقُونَ فِيهَا الْمَوْتَ إِلَّا الْمَوْتَةَ الْأُولَىٰ ۖ وَوَقَاهُمْ عَذَابَ الْجَحِيمِ

    Цу чохь валар Iовшур дац цара дуьххьарлера /дуьненахь хилла/ валар доцург Цо ларбира уьш жоьжахатин Iазапах

    44:56
  17. فَضْلًا مِنْ رَبِّكَ ۚ ذَٰلِكَ هُوَ الْفَوْزُ الْعَظِيمُ

    Хьан Кхиош – кхобучуьнгара комаьршаллица. Иза бу-кх сийлахь-боккха толам

    44:57
  18. فَإِنَّمَا يَسَّرْنَاهُ بِلِسَانِكَ لَعَلَّهُمْ يَتَذَكَّرُونَ

    Баккъалла а, Оха атта дина иза /Къуръан/ хьан маттахь а долуш уьш кхетар бацаре-те

    44:58
  19. فَارْتَقِبْ إِنَّهُمْ مُرْتَقِبُونَ

    Хьо хьажа /хIай Мухьаммад, царах хIун кхиар ду/, уьш а хьовсуш бу /хьо хIаллакхиларе - тIаьхьа хуур ду, хьан хир ду гIо дуьненахь а эхартахь а/

    44:59

Гочдар: Магомед Магомедов