Сурат 4 Ан-нисаъ (Зударий), аят 1
-
يَا أَيُّهَا النَّاسُ اتَّقُوا رَبَّكُمُ الَّذِي خَلَقَكُمْ مِنْ نَفْسٍ وَاحِدَةٍ وَخَلَقَ مِنْهَا زَوْجَهَا وَبَثَّ مِنْهُمَا رِجَالًا كَثِيرًا وَنِسَاءً ۚ وَاتَّقُوا اللَّهَ الَّذِي تَسَاءَلُونَ بِهِ وَالْأَرْحَامَ ۚ إِنَّ اللَّهَ كَانَ عَلَيْكُمْ رَقِيبًا
ХIай нах! Шу кхера шаьш цхьана синах (Āдамах) кхоьллина волчу шу Кхиош-кхобучух. Цо кхоьллина цунах цуьнан зуда (Хьава)‚ цаьршиннах Цо баржийра дуккха божарий а‚ зударий а. Шу кхера Делах‚ аш Шеца вовшашка дехарш деш волчу. Гергарлонашкахь а /кхера Делах/. Баккъалла а, и Дела хилла шуна тIехь тергамхо
4:1
Гочдар: Магомед Магомедов