Мусхаф., агӏо 77
-
يَا أَيُّهَا النَّاسُ اتَّقُوا رَبَّكُمُ الَّذِي خَلَقَكُمْ مِنْ نَفْسٍ وَاحِدَةٍ وَخَلَقَ مِنْهَا زَوْجَهَا وَبَثَّ مِنْهُمَا رِجَالًا كَثِيرًا وَنِسَاءً ۚ وَاتَّقُوا اللَّهَ الَّذِي تَسَاءَلُونَ بِهِ وَالْأَرْحَامَ ۚ إِنَّ اللَّهَ كَانَ عَلَيْكُمْ رَقِيبًا
ХIай нах! Шу кхера шаьш цхьана синах (Āдамах) кхоьллина волчу шу Кхиош-кхобучух. Цо кхоьллина цунах цуьнан зуда (Хьава)‚ цаьршиннах Цо баржийра дуккха божарий а‚ зударий а. Шу кхера Делах‚ аш Шеца вовшашка дехарш деш волчу. Гергарлонашкахь а /кхера Делах/. Баккъалла а, и Дела хилла шуна тIехь тергамхо
4:1 -
وَآتُوا الْيَتَامَىٰ أَمْوَالَهُمْ ۖ وَلَا تَتَبَدَّلُوا الْخَبِيثَ بِالطَّيِّبِ ۖ وَلَا تَأْكُلُوا أَمْوَالَهُمْ إِلَىٰ أَمْوَالِكُمْ ۚ إِنَّهُ كَانَ حُوبًا كَبِيرًا
ДIало боберашна церан даьхни /уьш баккхий хилча/. Ма хийца боьханиг цIенчуьнца, ма даа церан даьхни‚ шайчух тохий. И хилла доккха къа (иза даккхийчу къинойх ду)
4:2 -
وَإِنْ خِفْتُمْ أَلَّا تُقْسِطُوا فِي الْيَتَامَىٰ فَانْكِحُوا مَا طَابَ لَكُمْ مِنَ النِّسَاءِ مَثْنَىٰ وَثُلَاثَ وَرُبَاعَ ۖ فَإِنْ خِفْتُمْ أَلَّا تَعْدِلُوا فَوَاحِدَةً أَوْ مَا مَلَكَتْ أَيْمَانُكُمْ ۚ ذَٰلِكَ أَدْنَىٰ أَلَّا تَعُولُوا
Шу кхоьруш делахь боберашкахь нийсо цаярх‚ аш балабе шайна дика хетта болу зударий: шишша, кхокхха‚ йиъ-йиъ. Шаьш нийсо цаярх кхерахь – цхьаъ‚ я шайн аьтту куьйгаша доладийнарг (ялае). И герга ду аш харцо цаярна (я шу пекъар цахиларна (дукха доьзалш хилла)
4:3 -
وَآتُوا النِّسَاءَ صَدُقَاتِهِنَّ نِحْلَةً ۚ فَإِنْ طِبْنَ لَكُمْ عَنْ شَيْءٍ مِنْهُ نَفْسًا فَكُلُوهُ هَنِيئًا مَرِيئًا
ДIало /шаьш балош болчу/ зударшна церан урдо совгIатана. Цара шуна цунах хIума цнчу даггара юхалахь‚ гIоза доийла и аш
4:4 -
وَلَا تُؤْتُوا السُّفَهَاءَ أَمْوَالَكُمُ الَّتِي جَعَلَ اللَّهُ لَكُمْ قِيَامًا وَارْزُقُوهُمْ فِيهَا وَاكْسُوهُمْ وَقُولُوا لَهُمْ قَوْلًا مَعْرُوفًا
ДIа ма ло тIалам бан цахуучаьрга шайн даьхни‚ Дала шун дахаран бух бина долу. Цунах даа а‚ тIе духа а ло царна (боберашна)‚ цаьрга хаза дош а āла
4:5 -
وَابْتَلُوا الْيَتَامَىٰ حَتَّىٰ إِذَا بَلَغُوا النِّكَاحَ فَإِنْ آنَسْتُمْ مِنْهُمْ رُشْدًا فَادْفَعُوا إِلَيْهِمْ أَمْوَالَهُمْ ۖ وَلَا تَأْكُلُوهَا إِسْرَافًا وَبِدَارًا أَنْ يَكْبَرُوا ۚ وَمَنْ كَانَ غَنِيًّا فَلْيَسْتَعْفِفْ ۖ وَمَنْ كَانَ فَقِيرًا فَلْيَأْكُلْ بِالْمَعْرُوفِ ۚ فَإِذَا دَفَعْتُمْ إِلَيْهِمْ أَمْوَالَهُمْ فَأَشْهِدُوا عَلَيْهِمْ ۚ وَكَفَىٰ بِاللَّهِ حَسِيبًا
Зиэ (лашде) бобераш зуда ялориг хиллалц. Уьш кхиъна буйла шайна хааделча‚ дIало цаьрга церан даьхни. Аш ма даа и кхоам ца беш а‚ тIалам боцуш а, уьш баккхий хилале. Хьал долуш верг озалойла /оцу боберийн даьхни даарх/‚ мисканиг – цо жимма доийла. Шаьш цаьрга церан даьхни дIалуш‚ цу тIехь тешалла хIоттаде.Дала кхачо йина хьесапца
4:6
Гочдар: Магомед Магомедов