Мусхаф., агӏо 78

  1. لِلرِّجَالِ نَصِيبٌ مِمَّا تَرَكَ الْوَالِدَانِ وَالْأَقْرَبُونَ وَلِلنِّسَاءِ نَصِيبٌ مِمَّا تَرَكَ الْوَالِدَانِ وَالْأَقْرَبُونَ مِمَّا قَلَّ مِنْهُ أَوْ كَثُرَ ۚ نَصِيبًا مَفْرُوضًا

    Божаршна дāкъа ду дас-нанас а‚ гергарчара а /шаьш дIакхелхина/ бухадитинчух‚ зударшна а ду дāкъа дас-нанас а‚ гергарчара а бухадитинчух‚ кIеззиг делахь а и‚ дуккха делахь а – дāкъа ду фарз хилла

    4:7
  2. وَإِذَا حَضَرَ الْقِسْمَةَ أُولُو الْقُرْبَىٰ وَالْيَتَامَىٰ وَالْمَسَاكِينُ فَارْزُقُوهُمْ مِنْهُ وَقُولُوا لَهُمْ قَوْلًا مَعْرُوفًا

    Ирс доькъучохь хилахь пекъарш а, /шайна цунах ирс ца кхочу/ гергарнаш а‚ бобераш а‚ мисканаш а хилахь – рицкъ ло царна цунах‚ хаза дош āла цаьрга

    4:8
  3. وَلْيَخْشَ الَّذِينَ لَوْ تَرَكُوا مِنْ خَلْفِهِمْ ذُرِّيَّةً ضِعَافًا خَافُوا عَلَيْهِمْ فَلْيَتَّقُوا اللَّهَ وَلْيَقُولُوا قَوْلًا سَدِيدًا

    Кхоьрийла уьш шайл тIаьхьа шайн заьпе доьзал бисча, уьш глонехь хиларна кхоьруш. Уьш кхоьрийла Делах /шен доьзална я боберашна эшам хиларх/‚ цара олийла нийса дош /вала герга ваханчуьнга весет нийса де, олий/

    4:9
  4. إِنَّ الَّذِينَ يَأْكُلُونَ أَمْوَالَ الْيَتَامَىٰ ظُلْمًا إِنَّمَا يَأْكُلُونَ فِي بُطُونِهِمْ نَارًا ۖ وَسَيَصْلَوْنَ سَعِيرًا

    Баккъалла а, зуламца боберийн даьхни дууш берш – уьш ма бу шайн гайш чохь цIе юуш‚ уьш гIур ма бу /жоьжахатин/ црга

    4:10
  5. يُوصِيكُمُ اللَّهُ فِي أَوْلَادِكُمْ ۖ لِلذَّكَرِ مِثْلُ حَظِّ الْأُنْثَيَيْنِ ۚ فَإِنْ كُنَّ نِسَاءً فَوْقَ اثْنَتَيْنِ فَلَهُنَّ ثُلُثَا مَا تَرَكَ ۖ وَإِنْ كَانَتْ وَاحِدَةً فَلَهَا النِّصْفُ ۚ وَلِأَبَوَيْهِ لِكُلِّ وَاحِدٍ مِنْهُمَا السُّدُسُ مِمَّا تَرَكَ إِنْ كَانَ لَهُ وَلَدٌ ۚ فَإِنْ لَمْ يَكُنْ لَهُ وَلَدٌ وَوَرِثَهُ أَبَوَاهُ فَلِأُمِّهِ الثُّلُثُ ۚ فَإِنْ كَانَ لَهُ إِخْوَةٌ فَلِأُمِّهِ السُّدُسُ ۚ مِنْ بَعْدِ وَصِيَّةٍ يُوصِي بِهَا أَوْ دَيْنٍ ۗ آبَاؤُكُمْ وَأَبْنَاؤُكُمْ لَا تَدْرُونَ أَيُّهُمْ أَقْرَبُ لَكُمْ نَفْعًا ۚ فَرِيضَةً مِنَ اللَّهِ ۗ إِنَّ اللَّهَ كَانَ عَلِيمًا حَكِيمًا

    Дала весет до шуьга шайн доьзалшкахь (царна ирс декъарехь): цхьана божаберана ло шинна зудаберана кхочу дāкъа. Нагахь санна зударий белахь /шиъ а/ шиннал сов а, царна бухадитина долчух кхо дāкъа дича, ши дāкъа ду. Нагахь санна цхьаъ елахь – цунна /бухадисинчух/ ах ду. Дена-нанна – хIоранна царах – ялхалгIа дāкъа ду бухадитинчух‚ нагахь санна цуьнан доьзалхо велахь. Цуьнан доьзалхо вацахь – цуьнан ирс кхочу цуьнан дена-нанна‚ нанна – кхо дāкъа дича, цхьа дāкъа (дисинарг дāс схьаоьцу). Нагахь санна цуьнан вежарий белахь‚ нанна ялх дāкъа дича, цхьа дāкъа ду‚ /хьакъболчарна ирс доькъур ду/ цо дина весет кхочушдинчул тIаьхьа‚ декхарал тIаьхьа. Шун дай‚ шун кIентий – шуна ца хаьа царах мила ву шуна герга пайдехь. Делера фарз ду иза. Баккъалла а, и Дела хилла Ша хууш а‚ хьукам /нийса/ деш а

    4:11

Гочдар: Магомед Магомедов