Сурат 4 Ан-нисаъ (Зударий)
-
فَكَيْفَ إِذَا جِئْنَا مِنْ كُلِّ أُمَّةٍ بِشَهِيدٍ وَجِئْنَا بِكَ عَلَىٰ هَٰؤُلَاءِ شَهِيدًا
Муха хир ду Оха массо а умматах /цхьацца/ теш валийна‚ хьо хIокхарна тIехь теш валийча?
4:41 -
يَوْمَئِذٍ يَوَدُّ الَّذِينَ كَفَرُوا وَعَصَوُا الرَّسُولَ لَوْ تُسَوَّىٰ بِهِمُ الْأَرْضُ وَلَا يَكْتُمُونَ اللَّهَ حَدِيثًا
Цу дийнахь цатешачарна а‚ элчанна Iесалла йиначарна а луур ду латта шаьшца нисдалар. Хьулдийр дац цара Делах /цхьажимма а дуьненахь шаьшца/ хилларг
4:42 -
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا لَا تَقْرَبُوا الصَّلَاةَ وَأَنْتُمْ سُكَارَىٰ حَتَّىٰ تَعْلَمُوا مَا تَقُولُونَ وَلَا جُنُبًا إِلَّا عَابِرِي سَبِيلٍ حَتَّىٰ تَغْتَسِلُوا ۚ وَإِنْ كُنْتُمْ مَرْضَىٰ أَوْ عَلَىٰ سَفَرٍ أَوْ جَاءَ أَحَدٌ مِنْكُمْ مِنَ الْغَائِطِ أَوْ لَامَسْتُمُ النِّسَاءَ فَلَمْ تَجِدُوا مَاءً فَتَيَمَّمُوا صَعِيدًا طَيِّبًا فَامْسَحُوا بِوُجُوهِكُمْ وَأَيْدِيكُمْ ۗ إِنَّ اللَّهَ كَانَ عَفُوًّا غَفُورًا
ХIай ийман диллинарш! Шу ламазна герга ма гIолаш‚ шу дехна а долуш‚ шаьш дуьйцург шайна ца хаахь; шайца боьха хи делахь а – ца луьйчуш, шаьш новкъахула /хи доцучухула/ лелаш дацахь, я /маьждига чохь ца совцуш/ чекхдовлуш дацахь. Шу хиллехь цомгуш‚ я новкъахь‚ я шух цхьаъ хьаштагнера (хинарара) веана велахь‚ я шу зударех хьакхаделла делахь – тIаккха шуна хи ца карадахь – тема де цIенчу лаьттаца /я гIамарца/. Шайн яххьех а‚ куьйгех хьакха и. Баккъалла а, и Дела хилла къинхетаме а‚ гечдеш а
4:43 -
أَلَمْ تَرَ إِلَى الَّذِينَ أُوتُوا نَصِيبًا مِنَ الْكِتَابِ يَشْتَرُونَ الضَّلَالَةَ وَيُرِيدُونَ أَنْ تَضِلُّوا السَّبِيلَ
Хьуна ца го и шайна жайнах /цхьа/ дāкъа делларш? Шаьш тиладалар оьцу цара‚ шу а некъах тиладала лаьа царна
4:44 -
وَاللَّهُ أَعْلَمُ بِأَعْدَائِكُمْ ۚ وَكَفَىٰ بِاللَّهِ وَلِيًّا وَكَفَىٰ بِاللَّهِ نَصِيرًا
Далла дика бевза шун мостагIий. Дала кхачо йина /шун/ вали хиларца, Дала кхачо йина /шун/ гIоьнча хиларца
4:45 -
مِنَ الَّذِينَ هَادُوا يُحَرِّفُونَ الْكَلِمَ عَنْ مَوَاضِعِهِ وَيَقُولُونَ سَمِعْنَا وَعَصَيْنَا وَاسْمَعْ غَيْرَ مُسْمَعٍ وَرَاعِنَا لَيًّا بِأَلْسِنَتِهِمْ وَطَعْنًا فِي الدِّينِ ۚ وَلَوْ أَنَّهُمْ قَالُوا سَمِعْنَا وَأَطَعْنَا وَاسْمَعْ وَانْظُرْنَا لَكَانَ خَيْرًا لَهُمْ وَأَقْوَمَ وَلَٰكِنْ لَعَنَهُمُ اللَّهُ بِكُفْرِهِمْ فَلَا يُؤْمِنُونَ إِلَّا قَلِيلًا
Жуьгтийн динехь хиллачарех бу шаьш дош шен меттигера дIадоккхуш берш. Цара олу: 'Хезна тхуна /хьан дош/‚ Iеса ду тхо /хьан омрана/', 'ЛадогIа ахь – хозуьйтур дац хьуна /вониг/', 'РаIина' маттаца кда олуш, /ислам/ динна ттарш еш. Цара аьллехьара: 'Хезна тхуна‚ муьтIахь хилла тхо‚ ладогIа‚ хьажа тхоьга (тхан гIайгIа бе)'- царна дика хир дара‚ чIогIа а /хир дара/. Мухха делахь а, Дала неIалт аьлла царна уьш цатешарна. Ма тешаш бац уьш цхьа кIеззиг (берш) бен
4:46 -
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ أُوتُوا الْكِتَابَ آمِنُوا بِمَا نَزَّلْنَا مُصَدِّقًا لِمَا مَعَكُمْ مِنْ قَبْلِ أَنْ نَطْمِسَ وُجُوهًا فَنَرُدَّهَا عَلَىٰ أَدْبَارِهَا أَوْ نَلْعَنَهُمْ كَمَا لَعَنَّا أَصْحَابَ السَّبْتِ ۚ وَكَانَ أَمْرُ اللَّهِ مَفْعُولًا
ХIай шайга жайна делларш! Шу теша Оха доссош хиллачух (Къуръанах)‚ ша бакъдеш долу шуьца дерг (Таврат а‚ Инжил а) Оха яххьаш нисйина тIехьа ерзаяле‚ я неIалт алале‚ шоьтан дийнан дайшна ма-аллара. Делан гIуллакх кхочушхилла
4:47 -
إِنَّ اللَّهَ لَا يَغْفِرُ أَنْ يُشْرَكَ بِهِ وَيَغْفِرُ مَا دُونَ ذَٰلِكَ لِمَنْ يَشَاءُ ۚ وَمَنْ يُشْرِكْ بِاللَّهِ فَقَدِ افْتَرَىٰ إِثْمًا عَظِيمًا
Баккъалла а, Дала геч ца до Шеца накъост лацарна‚ Цо геч ма до и доцург Шена луъчунна. Милла а велахь а, Делаца накъост лоцуш – деза-доккха къа кхоьллина (дина) цо
4:48 -
أَلَمْ تَرَ إِلَى الَّذِينَ يُزَكُّونَ أَنْفُسَهُمْ ۚ بَلِ اللَّهُ يُزَكِّي مَنْ يَشَاءُ وَلَا يُظْلَمُونَ فَتِيلًا
Хьуна ца го и шаьш цIанбеш берш? Дала цIанвийр ма ву Шена луург. Цуьрриг а зулам дийр ма дац царна
4:49 -
انْظُرْ كَيْفَ يَفْتَرُونَ عَلَى اللَّهِ الْكَذِبَ ۖ وَكَفَىٰ بِهِ إِثْمًا مُبِينًا
Хьажал хьо‚ муха кхуллу цара Далла тIехь харцдерг! Кхачо хили цунах билггала къа хиларца
4:50 -
أَلَمْ تَرَ إِلَى الَّذِينَ أُوتُوا نَصِيبًا مِنَ الْكِتَابِ يُؤْمِنُونَ بِالْجِبْتِ وَالطَّاغُوتِ وَيَقُولُونَ لِلَّذِينَ كَفَرُوا هَٰؤُلَاءِ أَهْدَىٰ مِنَ الَّذِينَ آمَنُوا سَبِيلًا
Хьуна ца го шайна жайнах дāкъа делларш – уьш тешаш бу джибтех а‚ тIагIутах а‚ цара олу цатешачаьрга: 'Шу ду нийсачу новкъахь /Мухьаммадан Деле/ ийман диллинчарал'
4:51 -
أُولَٰئِكَ الَّذِينَ لَعَنَهُمُ اللَّهُ ۖ وَمَنْ يَلْعَنِ اللَّهُ فَلَنْ تَجِدَ لَهُ نَصِيرًا
Уьш ма бу Дала шайна неIалт аьлларш. Дала неIалт аьллачунна хьуна цкъа а карор ма вац гIоьнча
4:52 -
أَمْ لَهُمْ نَصِيبٌ مِنَ الْمُلْكِ فَإِذًا لَا يُؤْتُونَ النَّاسَ نَقِيرًا
Я шайна мулках дāкъа долуш бу уьш? Цара лур ма дац нахана чамхалг а
4:53 -
أَمْ يَحْسُدُونَ النَّاسَ عَلَىٰ مَا آتَاهُمُ اللَّهُ مِنْ فَضْلِهِ ۖ فَقَدْ آتَيْنَا آلَ إِبْرَاهِيمَ الْكِتَابَ وَالْحِكْمَةَ وَآتَيْنَاهُمْ مُلْكًا عَظِيمًا
Я нахана хьагI йо-те цара, Дала царна Шен комаьршаллах деллачунна тIехь? Оха делира ИбрахIиман доьзална жайна а‚ хьекъалалла а. Деза-доккха мулк (даьхни) деллера Оха царна
4:54 -
فَمِنْهُمْ مَنْ آمَنَ بِهِ وَمِنْهُمْ مَنْ صَدَّ عَنْهُ ۚ وَكَفَىٰ بِجَهَنَّمَ سَعِيرًا
Царах (жуьгтех) цунах (цу Дала доссийначу жайнах – Къуръанах) тешнарг а ву. Царах цунна дуьхьалваьлларг а ву. Кхачо хилла жоьжахатица /уьш бāго/ цIе хилар
4:55 -
إِنَّ الَّذِينَ كَفَرُوا بِآيَاتِنَا سَوْفَ نُصْلِيهِمْ نَارًا كُلَّمَا نَضِجَتْ جُلُودُهُمْ بَدَّلْنَاهُمْ جُلُودًا غَيْرَهَا لِيَذُوقُوا الْعَذَابَ ۗ إِنَّ اللَّهَ كَانَ عَزِيزًا حَكِيمًا
Баккъалла а, и Тхан аятех цатешарш – тIаккха бохуьйтур бу Оха уьш цIерга. Церан чкъоьрнаш даьгна мел дели Оха уьш хийцор ду кхечу чкъоьрнашца цаьрга Iазап Iовшийтархьама. Баккъалла а, и Дела хилла нуьцкъала а‚ хьукам /нийса / деш а
4:56 -
وَالَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ سَنُدْخِلُهُمْ جَنَّاتٍ تَجْرِي مِنْ تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ خَالِدِينَ فِيهَا أَبَدًا ۖ لَهُمْ فِيهَا أَزْوَاجٌ مُطَهَّرَةٌ ۖ وَنُدْخِلُهُمْ ظِلًّا ظَلِيلًا
Ийман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а – тIаккха уьш чубохуьйтур бу Оха бошмашка (ялсамане)‚ шайн бухахула хиш оьхуш долчу. Уьш цу чохь гуттар лаьттар бу. Цу чохь царна цIена зударий хир бу. Оха чубохуьйтур бу уьш дуькъачу IиндагIе
4:57 -
إِنَّ اللَّهَ يَأْمُرُكُمْ أَنْ تُؤَدُّوا الْأَمَانَاتِ إِلَىٰ أَهْلِهَا وَإِذَا حَكَمْتُمْ بَيْنَ النَّاسِ أَنْ تَحْكُمُوا بِالْعَدْلِ ۚ إِنَّ اللَّهَ نِعِمَّا يَعِظُكُمْ بِهِ ۗ إِنَّ اللَّهَ كَانَ سَمِيعًا بَصِيرًا
Дала омра до шуьга‚ шайга тешаме елла хIуманаш дIаерзор шайн дайшка‚ нахана юккъехь шаьш хьукам деш, и хьукам дар нийсонца. Баккъалла а, и Дела – ма хаза ду Цо шуьга шеца хьехам беш дерг! Баккъалла а, и Дела хилла хезаш верг а, гуш верг а
4:58 -
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا أَطِيعُوا اللَّهَ وَأَطِيعُوا الرَّسُولَ وَأُولِي الْأَمْرِ مِنْكُمْ ۖ فَإِنْ تَنَازَعْتُمْ فِي شَيْءٍ فَرُدُّوهُ إِلَى اللَّهِ وَالرَّسُولِ إِنْ كُنْتُمْ تُؤْمِنُونَ بِاللَّهِ وَالْيَوْمِ الْآخِرِ ۚ ذَٰلِكَ خَيْرٌ وَأَحْسَنُ تَأْوِيلًا
ХIай ийман диллинарш! Шу муьтIахь хилалаш Далла‚ шу муьтIахь хилалаш элчанна а‚ шух гIуллакх карахь долчарна а. Цхьана хIуманна тIехь шун къийсам хилахь‚ аш и ддерзаделаш Деле а‚ элчане а‚ шаьш Делах а‚ тIаьхьарчу дийнах а тешаш делахь. И дика а ду‚ хазачу кепара дастар а ду
4:59 -
أَلَمْ تَرَ إِلَى الَّذِينَ يَزْعُمُونَ أَنَّهُمْ آمَنُوا بِمَا أُنْزِلَ إِلَيْكَ وَمَا أُنْزِلَ مِنْ قَبْلِكَ يُرِيدُونَ أَنْ يَتَحَاكَمُوا إِلَى الطَّاغُوتِ وَقَدْ أُمِرُوا أَنْ يَكْفُرُوا بِهِ وَيُرِيدُ الشَّيْطَانُ أَنْ يُضِلَّهُمْ ضَلَالًا بَعِيدًا
Хьуна ца го и шаьш хьоьга доссийначух а‚ хьол хьалха доссийначух а тешаш бу моьттуш берш? Уьш лууш ма бу шайна юккъехь хьукам дойла тIагIута. Цаьрга омра ма дина цунах (тIагIутах) ма теша, аьлла. ШайтIа ма ду лууш уьш тило геннарчу тиларца
4:60
Гочдар: Магомед Магомедов