Мусхаф., агӏо 520

  1. وَكَمْ أَهْلَكْنَا قَبْلَهُمْ مِنْ قَرْنٍ هُمْ أَشَدُّ مِنْهُمْ بَطْشًا فَنَقَّبُوا فِي الْبِلَادِ هَلْ مِنْ مَحِيصٍ

    Мел /дукха/ хIаллакйина Оха царал хьалха тIаьхьенаш‚ уьш царал вуно а чIогIа а йолуш ницкъаца. Уьш дIасхьаийдира махкахула‚ юй техьа /валарх/ кIелхьарбовла меттиг?

    50:36
  2. إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَذِكْرَىٰ لِمَنْ كَانَ لَهُ قَلْبٌ أَوْ أَلْقَى السَّمْعَ وَهُوَ شَهِيدٌ

    Баккъалла а, цу чохь хьехам бу-кх шен дог долчунна‚ я ша лерг диллинчунна /ладогIа/, ша теш а волуш

    50:37
  3. وَلَقَدْ خَلَقْنَا السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ وَمَا بَيْنَهُمَا فِي سِتَّةِ أَيَّامٍ وَمَا مَسَّنَا مِنْ لُغُوبٍ

    Оха кхоьллира стигланаш а‚ латта а‚ цу шиннан юккъехь мел дерг а ялх дийнахь‚ Тхох ца хьакхаделира цхьа а кIаддалар

    50:38
  4. فَاصْبِرْ عَلَىٰ مَا يَقُولُونَ وَسَبِّحْ بِحَمْدِ رَبِّكَ قَبْلَ طُلُوعِ الشَّمْسِ وَقَبْلَ الْغُرُوبِ

    Ахь собар де цара дуьйцучунна тIехь‚ тасбахь де хьуо Кхиош-кхобург хасторца малх схьакхетале а‚ дIабузале а

    50:39
  5. وَمِنَ اللَّيْلِ فَسَبِّحْهُ وَأَدْبَارَ السُّجُودِ

    Буьйсанах а тасбахь де Цунна‚ сужданийн (ламазийн) тIаьхьа а

    50:40
  6. وَاسْتَمِعْ يَوْمَ يُنَادِ الْمُنَادِ مِنْ مَكَانٍ قَرِيبٍ

    ЛадогIа оцу дийнахь кхойкхучун (Исрафил маликан) кхайкхаре (сур лакхаре стигална) герга йолчу меттера (Байтул макъдисера)

    50:41
  7. يَوْمَ يَسْمَعُونَ الصَّيْحَةَ بِالْحَقِّ ۚ ذَٰلِكَ يَوْمُ الْخُرُوجِ

    Оцу дийнахь царна хозур бу мохь (Исрафил малико шолгIа зурна локхуш юха денбар) бакъдеш. Иза арадовлу де ду /кешнашкара/

    50:42
  8. إِنَّا نَحْنُ نُحْيِي وَنُمِيتُ وَإِلَيْنَا الْمَصِيرُ

    Баккъалла а, Оха денбо‚ Оха болуьйту‚ Тхуна тIе ду дIадерзар а

    50:43
  9. يَوْمَ تَشَقَّقُ الْأَرْضُ عَنْهُمْ سِرَاعًا ۚ ذَٰلِكَ حَشْرٌ عَلَيْنَا يَسِيرٌ

    Оцу дийнахь латта дедар ду царах, /уьш/ сихлуш /шаьш кхойкхучунна тIе/. Иза гулдар Тхуна атта ду

    50:44
  10. نَحْنُ أَعْلَمُ بِمَا يَقُولُونَ ۖ وَمَا أَنْتَ عَلَيْهِمْ بِجَبَّارٍ ۖ فَذَكِّرْ بِالْقُرْآنِ مَنْ يَخَافُ وَعِيدِ

    Тхо дика хууш ду цара олург. Хьо вац царна тIехь ницкъ бийриг. Хьехам бе Къуръанца Сан кхерамах кхоьруш волчунна

    50:45
  11. وَالذَّارِيَاتِ ذَرْوًا

    Даржош долчех /дуй боу Ас/ даржорах тера

    51:1
  12. فَالْحَامِلَاتِ وِقْرًا

    Мохь дсалелош долчарах /дуй боу Ас/

    51:2
  13. فَالْجَارِيَاتِ يُسْرًا

    Лелаш долчарах атта /дуй боу Ас/

    51:3
  14. فَالْمُقَسِّمَاتِ أَمْرًا

    ГIуллакх доькъуш долчарах а /дуй боу Ас/ :

    51:4
  15. إِنَّمَا تُوعَدُونَ لَصَادِقٌ

    Шуна еш йолу ваIда бакъерг ма ю

    51:5
  16. وَإِنَّ الدِّينَ لَوَاقِعٌ

    Бекхам дхIуттур болуш ма бу

    51:6

Гочдар: Магомед Магомедов