Сурат 53 Ан-наджм (Седа)

  1. ثُمَّ يُجْزَاهُ الْجَزَاءَ الْأَوْفَىٰ

    ТIаьхьа хир бу цунна сов нийса болу бекхам‚ аьлла‚

    53:41
  2. وَأَنَّ إِلَىٰ رَبِّكَ الْمُنْتَهَىٰ

    Хьо Кхиош-кхобучуьнга ю /хьан/ чакхе‚ аьлла‚

    53:42
  3. وَأَنَّهُ هُوَ أَضْحَكَ وَأَبْكَىٰ

    Баккъалла а, Иза ву воьлуьйтург а‚ /Иза ву/ воьлхуьйтург‚ аьлла

    53:43
  4. وَأَنَّهُ هُوَ أَمَاتَ وَأَحْيَا

    Баккъалла а, Иза ву волуьйтург а‚ /Иза ву/ денвийриг‚ аьлла‚

    53:44
  5. وَأَنَّهُ خَلَقَ الزَّوْجَيْنِ الذَّكَرَ وَالْأُنْثَىٰ

    Баккъалла а, Цо кхоьллина шишша боьрша а‚ сте а‚ аьлла

    53:45
  6. مِنْ نُطْفَةٍ إِذَا تُمْنَىٰ

    /Цхьана/ тIадамах, иза кхоссабелча /ненан кийрахь долчу беран цIа чу/‚ аьлла

    53:46
  7. وَأَنَّ عَلَيْهِ النَّشْأَةَ الْأُخْرَىٰ

    Цунна тIехь кхин цхьа кхоллар (белларш денбар) ду‚ аьлла

    53:47
  8. وَأَنَّهُ هُوَ أَغْنَىٰ وَأَقْنَىٰ

    Баккъалла а, Иза ву‚ аьлла‚ хьал делларг а‚ /шега/ тардайтинарг а /рицкъ/

    53:48
  9. وَأَنَّهُ هُوَ رَبُّ الشِّعْرَىٰ

    Баккъалла а, Иза ву Сириус цIе йолу седа Кхобург (цуьнан Дела а)‚ аьлла

    53:49
  10. وَأَنَّهُ أَهْلَكَ عَادًا الْأُولَىٰ

    Баккъалла а, Иза ву аьлла Ша хIаллакбинарг хьалхалера Iадаш

    53:50
  11. وَثَمُودَ فَمَا أَبْقَىٰ

    Самудаш а‚ /цхьа а/ буха ца витира /царах/‚

    53:51
  12. وَقَوْمَ نُوحٍ مِنْ قَبْلُ ۖ إِنَّهُمْ كَانُوا هُمْ أَظْلَمَ وَأَطْغَىٰ

    Нухьан къам а‚ хьалха. Баккъалла а, уьш хилира вуно зуламе а‚ вуно дозанех бевлла а

    53:52
  13. وَالْمُؤْتَفِكَةَ أَهْوَىٰ

    Муътафикат а хьалаяьккхина охьатуьйхира Цо

    53:53
  14. فَغَشَّاهَا مَا غَشَّىٰ

    ДIахьулйира Цо уьш‚ Ша дIахьулйинарг

    53:54
  15. فَبِأَيِّ آلَاءِ رَبِّكَ تَتَمَارَىٰ

    Хьан Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматаца къуьйсу ахь‚ /хIай адам/?

    53:55
  16. هَٰذَا نَذِيرٌ مِنَ النُّذُرِ الْأُولَىٰ

    ХIара (Мухьаммад пайхамар) кхерамча ву хьалхалерчу кхерамчех волуш

    53:56
  17. أَزِفَتِ الْآزِفَةُ

    ТIекхечи цIеххьана тIекхочург (къематде)

    53:57
  18. لَيْسَ لَهَا مِنْ دُونِ اللَّهِ كَاشِفَةٌ

    Ма вац цунна Дела воцург дIадоьллуш верг

    53:58
  19. أَفَمِنْ هَٰذَا الْحَدِيثِ تَعْجَبُونَ

    Ткъа цу хабарх а цецдовлу шу?

    53:59
  20. وَتَضْحَكُونَ وَلَا تَبْكُونَ

    Доьлу шу? Ца доьлху шу?

    53:60

Гочдар: Магомед Магомедов