Сурат 53 Ан-наджм (Седа)
-
أَلَكُمُ الذَّكَرُ وَلَهُ الْأُنْثَىٰ
Ткъа шуна божабераш ду‚ Цунна зудабераш ду?
53:21 -
تِلْكَ إِذًا قِسْمَةٌ ضِيزَىٰ
Иза декъаза дāкъа ма ду
53:22 -
إِنْ هِيَ إِلَّا أَسْمَاءٌ سَمَّيْتُمُوهَا أَنْتُمْ وَآبَاؤُكُمْ مَا أَنْزَلَ اللَّهُ بِهَا مِنْ سُلْطَانٍ ۚ إِنْ يَتَّبِعُونَ إِلَّا الظَّنَّ وَمَا تَهْوَى الْأَنْفُسُ ۖ وَلَقَدْ جَاءَهُمْ مِنْ رَبِّهِمُ الْهُدَىٰ
Уьш еккъа цIерш ю, аша а‚ шун дайша а техкина йолу. Дала цхьа а бакъо ца йоссина /царах лаьцна/. Уьш тIаьхьахIуьттуш ма бу деккъа шайн мотталуш долчунна а‚ /шайн/ дегнашна дезачунна а. Цаьрга ма беана шайн Кхиош-кхобучуьнгара нийса некъ
53:23 -
أَمْ لِلْإِنْسَانِ مَا تَمَنَّىٰ
Я адамна шена дезарг ду?
53:24 -
فَلِلَّهِ الْآخِرَةُ وَالْأُولَىٰ
Делан ю тIаьхьарниг (эхарт) а, хьалхарниг (дуьне) а
53:25 -
وَكَمْ مِنْ مَلَكٍ فِي السَّمَاوَاتِ لَا تُغْنِي شَفَاعَتُهُمْ شَيْئًا إِلَّا مِنْ بَعْدِ أَنْ يَأْذَنَ اللَّهُ لِمَنْ يَشَاءُ وَيَرْضَىٰ
Маса малик ду стигланашкахь, шайн шапаIаташа хIумма а кIелхьардохур доцуш, Дала Шена луучунна пурба делча а бен‚ И реза хилча а бен!!
53:26 -
إِنَّ الَّذِينَ لَا يُؤْمِنُونَ بِالْآخِرَةِ لَيُسَمُّونَ الْمَلَائِكَةَ تَسْمِيَةَ الْأُنْثَىٰ
Баккъалла а, эхартах цатешачара йоккху маликех зударийн цIе
53:27 -
وَمَا لَهُمْ بِهِ مِنْ عِلْمٍ ۖ إِنْ يَتَّبِعُونَ إِلَّا الظَّنَّ ۖ وَإِنَّ الظَّنَّ لَا يُغْنِي مِنَ الْحَقِّ شَيْئًا
Цуьнца цхьа а Iилма ма дац церан. Уьш тIаьхьахIуьттуш ма бу деккъа моттарна. Ткъа моттаро хIумма а хийцор дац бакъдолчух
53:28 -
فَأَعْرِضْ عَنْ مَنْ تَوَلَّىٰ عَنْ ذِكْرِنَا وَلَمْ يُرِدْ إِلَّا الْحَيَاةَ الدُّنْيَا
Хьо дIаверза Тхан хьехамах юхаваьллачух‚ дуьненан дахар бен шена ца дезаш волчух
53:29 -
ذَٰلِكَ مَبْلَغُهُمْ مِنَ الْعِلْمِ ۚ إِنَّ رَبَّكَ هُوَ أَعْلَمُ بِمَنْ ضَلَّ عَنْ سَبِيلِهِ وَهُوَ أَعْلَمُ بِمَنِ اهْتَدَىٰ
Иза ю церан Iилманах кхиаран дарж. Баккъалла а, хьо Кхиош-кхобург (хьан Дела) Иза ву дика вевзаш Шен некъах тилавелларг а, Иза ву дика вевзаш ша нисвелларг а
53:30 -
وَلِلَّهِ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الْأَرْضِ لِيَجْزِيَ الَّذِينَ أَسَاءُوا بِمَا عَمِلُوا وَيَجْزِيَ الَّذِينَ أَحْسَنُوا بِالْحُسْنَى
Делан ду стигланашкахь мел дерг а‚ лаьттахь мел дерг Цо бекхам бархьама вон хиллачарна цара динчуьнца‚ Цо бекхам бан дика диначарна уггар дикачуьнца
53:31 -
الَّذِينَ يَجْتَنِبُونَ كَبَائِرَ الْإِثْمِ وَالْفَوَاحِشَ إِلَّا اللَّمَمَ ۚ إِنَّ رَبَّكَ وَاسِعُ الْمَغْفِرَةِ ۚ هُوَ أَعْلَمُ بِكُمْ إِذْ أَنْشَأَكُمْ مِنَ الْأَرْضِ وَإِذْ أَنْتُمْ أَجِنَّةٌ فِي بُطُونِ أُمَّهَاتِكُمْ ۖ فَلَا تُزَكُّوا أَنْفُسَكُمْ ۖ هُوَ أَعْلَمُ بِمَنِ اتَّقَىٰ
Ишттанаш бу уьш, шаьш генабовлуш къинойх даккхичарах а‚ боьхучух а, кегийнаш бен /ца долуьйтуш шайгара/. Баккъалла а, хьо Кхиош-кхобург Шегахь шортта гечдар долуш ву-кх. Иза дика хууш ву шух дерг шу Ша лаьттах кхуллучу хенахь а‚ шу шайн нанойн кийрахь хIу долчу хенахь а. Шаьш цIан ма де Цунна дика вевзаш ву /Делах/ кхоьруш верг!
53:32 -
أَفَرَأَيْتَ الَّذِي تَوَلَّىٰ
Дийцал /хIай Мухьаммад/ цу /ийманах/ юхаваьллачух
53:33 -
وَأَعْطَىٰ قَلِيلًا وَأَكْدَىٰ
КIеззиг /сагIа/ делира цо‚ тIаккха дIакъевлира /сагIа ца луш/
53:34 -
أَعِنْدَهُ عِلْمُ الْغَيْبِ فَهُوَ يَرَىٰ
Ткъа цуьнгахь ду-те къайленан Iилма, цунна ган а гуш?
53:35 -
أَمْ لَمْ يُنَبَّأْ بِمَا فِي صُحُفِ مُوسَىٰ
Я цуьнга ца дийцина-те Мусан жайнашкахь дерг?
53:36 -
وَإِبْرَاهِيمَ الَّذِي وَفَّىٰ
ИбрахIиман а /жайнашкахь дерг/‚ ша кхочушдина хилла волчу /шена Дала тIедихкинарш/
53:37 -
أَلَّا تَزِرُ وَازِرَةٌ وِزْرَ أُخْرَىٰ
/Цуьнга ца дийцина-те/: хьур бац хьочо кхечун мохь‚ аьлла‚
53:38 -
وَأَنْ لَيْسَ لِلْإِنْسَانِ إِلَّا مَا سَعَىٰ
Дац адамна ша къахьегнарг бен‚ аьлла‚
53:39 -
وَأَنَّ سَعْيَهُ سَوْفَ يُرَىٰ
Цуьнан къахьегар тIаьхьа гур ду‚ аьлла‚
53:40
Гочдар: Магомед Магомедов