Сурат 54 Аль-къамар (Бутт)

  1. فَكَيْفَ كَانَ عَذَابِي وَنُذُرِ

    Муха хилира Сан Iазап а‚ кхерамтасар а?

    54:21
  2. وَلَقَدْ يَسَّرْنَا الْقُرْآنَ لِلذِّكْرِ فَهَلْ مِنْ مُدَّكِرٍ

    Оха атта дира Къуръан дагалацан. Вуй цхьа а дагалоцург?

    54:22
  3. كَذَّبَتْ ثَمُودُ بِالنُّذُرِ

    Харцбира самудаша а кхерамаш (хьехамаш)

    54:23
  4. فَقَالُوا أَبَشَرًا مِنَّا وَاحِدًا نَتَّبِعُهُ إِنَّا إِذًا لَفِي ضَلَالٍ وَسُعُرٍ

    Цара (самудаша) элира: 'Тхайх цхьана адамна тIаьхьадезар ду тхо? ТIаккха-м хир ма дара тхо тилар чохь а‚ жинийх а

    54:24
  5. أَأُلْقِيَ الذِّكْرُ عَلَيْهِ مِنْ بَيْنِنَا بَلْ هُوَ كَذَّابٌ أَشِرٌ

    /Цара элира/:'Вайна юккъера /деккъа/ цуьнга доссийна вехьий? ХIа-хIа! Иза ву-кх кураваьлла /сов/ харцлуьйш верг'

    54:25
  6. سَيَعْلَمُونَ غَدًا مَنِ الْكَذَّابُ الْأَشِرُ

    Хуур ду царна кхана‚ мила ву кураваьлла /сов/ харцлуьйш верг

    54:26
  7. إِنَّا مُرْسِلُو النَّاقَةِ فِتْنَةً لَهُمْ فَارْتَقِبْهُمْ وَاصْطَبِرْ

    Оха йохуьйтур эмкал царна питна хилла. Хьо хьажал цаьрга /хIай Салихь/‚ собаре а хилла

    54:27
  8. وَنَبِّئْهُمْ أَنَّ الْمَاءَ قِسْمَةٌ بَيْنَهُمْ ۖ كُلُّ شِرْبٍ مُحْتَضَرٌ

    Āла цаьрга‚ хи декъна хир ду царна юкъахь: хIоранна а шен малар хир ду /шен хенахь/

    54:28
  9. فَنَادَوْا صَاحِبَهُمْ فَتَعَاطَىٰ فَعَقَرَ

    Цара кхийкхира шайн накъосте‚ Цо /шен куьйга/ схьаийцира /шаьлта/‚ /эмкална/ хьекхира

    54:29
  10. فَكَيْفَ كَانَ عَذَابِي وَنُذُرِ

    Муха хилира Сан Iазап а‚ кхерамтасар а?

    54:30
  11. إِنَّا أَرْسَلْنَا عَلَيْهِمْ صَيْحَةً وَاحِدَةً فَكَانُوا كَهَشِيمِ الْمُحْتَظِرِ

    Оха бахийтира царна тIе цхьа /чIогIа/ мохь уьш /белла/ бисира, /шен бежнашна/ керт йинчун якъаелла /дечиган/ юьхкаш санна

    54:31
  12. وَلَقَدْ يَسَّرْنَا الْقُرْآنَ لِلذِّكْرِ فَهَلْ مِنْ مُدَّكِرٍ

    Оха атта дира Къуръан дагалаца. Вуй цхьа а дагалоцург?

    54:32
  13. كَذَّبَتْ قَوْمُ لُوطٍ بِالنُّذُرِ

    Харцбира ЛутIан къомо кхерамаш (хьехамаш)

    54:33
  14. إِنَّا أَرْسَلْنَا عَلَيْهِمْ حَاصِبًا إِلَّا آلَ لُوطٍ ۖ نَجَّيْنَاهُمْ بِسَحَرٍ

    Оха бахийтира царна тIе тIулгаш хьош болу мох‚ ЛутIан доьзал юкъара- боккхуш. Уьш кIелхьарбаьхира Оха сатосуш

    54:34
  15. نِعْمَةً مِنْ عِنْدِنَا ۚ كَذَٰلِكَ نَجْزِي مَنْ شَكَرَ

    Тхайгара къинхетамца. Иштта бекхам бо Оха шукур дечунна

    54:35
  16. وَلَقَدْ أَنْذَرَهُمْ بَطْشَتَنَا فَتَمَارَوْا بِالنُّذُرِ

    Цо (ЛутIас) кхерам тесира царна Тхан ницкъаца цара шеко йира кхерам тасарх

    54:36
  17. وَلَقَدْ رَاوَدُوهُ عَنْ ضَيْفِهِ فَطَمَسْنَا أَعْيُنَهُمْ فَذُوقُوا عَذَابِي وَنُذُرِ

    Цуьнгара (ЛутIера) цуьнан хьеший схьабаха хьевсира уьш Оха бIаьрса схьаийцира церан‚ /элира/: 'ХIинца Iовша шайна Сан Iазап а‚ Сан кхерам а'

    54:37
  18. وَلَقَدْ صَبَّحَهُمْ بُكْرَةً عَذَابٌ مُسْتَقِرٌّ

    Схьалецира уьш Iуьйрана чIагIделлачу Iазапо

    54:38
  19. فَذُوقُوا عَذَابِي وَنُذُرِ

    'Iовша шайна Сан Iазап а‚ Сан кхерам а'

    54:39
  20. وَلَقَدْ يَسَّرْنَا الْقُرْآنَ لِلذِّكْرِ فَهَلْ مِنْ مُدَّكِرٍ

    Оха атта дира Къуръан дагалаца‚ вуй цхьа а дагалоцург?

    54:40

Гочдар: Магомед Магомедов