Мусхаф., агӏо 529
-
خُشَّعًا أَبْصَارُهُمْ يَخْرُجُونَ مِنَ الْأَجْدَاثِ كَأَنَّهُمْ جَرَادٌ مُنْتَشِرٌ
БIаьргаш хьетIабаьлла /дукха кхерабаларна/, арабовлур бу уьш кешнашкара, даьржина цIоз санна
54:7 -
مُهْطِعِينَ إِلَى الدَّاعِ ۖ يَقُولُ الْكَافِرُونَ هَٰذَا يَوْمٌ عَسِرٌ
/Шайга/ кхойкхуш волчунна /тIе кхача/ сихбелла. /Эццахь/ цатешачара эр ду: 'Ма хала де ду-кх хIара!'
54:8 -
كَذَّبَتْ قَبْلَهُمْ قَوْمُ نُوحٍ فَكَذَّبُوا عَبْدَنَا وَقَالُوا مَجْنُونٌ وَازْدُجِرَ
Харцдира /дин/ царал (къурайшал) хьалха Нухьан къомо. Цара харцвира Тхан лай /Нухь/‚ элира: 'Жинийх ву иза'‚ тIаккха иза дIаэккхира
54:9 -
فَدَعَا رَبَّهُ أَنِّي مَغْلُوبٌ فَانْتَصِرْ
ТIаккха цо кхийкхира ша Кхиош-кхобучуьнга: 'Баккъалла а, со эшийна. Ахь гIо де-хьа суна!'
54:10 -
فَفَتَحْنَا أَبْوَابَ السَّمَاءِ بِمَاءٍ مُنْهَمِرٍ
ТIаккха Оха дIаеллира стигланан неIарш дIакхуьссуш долчу хица
54:11 -
وَفَجَّرْنَا الْأَرْضَ عُيُونًا فَالْتَقَى الْمَاءُ عَلَىٰ أَمْرٍ قَدْ قُدِرَ
Лаьттах схьадехира Оха хьосташ, хи вовшахкхийтира ша язделла хилла долчу омрана тIехь
54:12 -
وَحَمَلْنَاهُ عَلَىٰ ذَاتِ أَلْوَاحٍ وَدُسُرٍ
Оха дIаваьхьира иза (Нухь кема тIехь) аннаш а‚ хьостамаш а долчу
54:13 -
تَجْرِي بِأَعْيُنِنَا جَزَاءً لِمَنْ كَانَ كُفِرَ
Иза (кема) дIаихара Тхан бIаьргий хьалхахь ша харцвина хиллачеран бекхамна
54:14 -
وَلَقَدْ تَرَكْنَاهَا آيَةً فَهَلْ مِنْ مُدَّكِرٍ
Оха дитира иза делил хилла‚ вуй цхьа а иза тергал деш верг?
54:15 -
فَكَيْفَ كَانَ عَذَابِي وَنُذُرِ
Муха дара Сан Iазап а‚ кхерамтасар а?
54:16 -
وَلَقَدْ يَسَّرْنَا الْقُرْآنَ لِلذِّكْرِ فَهَلْ مِنْ مُدَّكِرٍ
Оха атта дира Къуръан дагалаца. Вуй цхьа а дагалоцург? /маде и, ойла йе цунах!/
54:17 -
كَذَّبَتْ عَادٌ فَكَيْفَ كَانَ عَذَابِي وَنُذُرِ
Харцдира /дин/ Iадаша а. Муха хилира Сан Iазап а‚ кхерамтасар а?
54:18 -
إِنَّا أَرْسَلْنَا عَلَيْهِمْ رِيحًا صَرْصَرًا فِي يَوْمِ نَحْسٍ مُسْتَمِرٍّ
Оха бахийтира царна шок лоькху мох дахделлачу декъазчу дийнахь
54:19 -
تَنْزِعُ النَّاسَ كَأَنَّهُمْ أَعْجَازُ نَخْلٍ مُنْقَعِرٍ
Цо схьабохура нах /шаьш болчуьра/, уьш буьсуш /лаьттах/ схьадохуш долу хурманан диттийн орамаш санна
54:20 -
فَكَيْفَ كَانَ عَذَابِي وَنُذُرِ
Муха хилира Сан Iазап а‚ кхерамтасар а?
54:21 -
وَلَقَدْ يَسَّرْنَا الْقُرْآنَ لِلذِّكْرِ فَهَلْ مِنْ مُدَّكِرٍ
Оха атта дира Къуръан дагалацан. Вуй цхьа а дагалоцург?
54:22 -
كَذَّبَتْ ثَمُودُ بِالنُّذُرِ
Харцбира самудаша а кхерамаш (хьехамаш)
54:23 -
فَقَالُوا أَبَشَرًا مِنَّا وَاحِدًا نَتَّبِعُهُ إِنَّا إِذًا لَفِي ضَلَالٍ وَسُعُرٍ
Цара (самудаша) элира: 'Тхайх цхьана адамна тIаьхьадезар ду тхо? ТIаккха-м хир ма дара тхо тилар чохь а‚ жинийх а
54:24 -
أَأُلْقِيَ الذِّكْرُ عَلَيْهِ مِنْ بَيْنِنَا بَلْ هُوَ كَذَّابٌ أَشِرٌ
/Цара элира/:'Вайна юккъера /деккъа/ цуьнга доссийна вехьий? ХIа-хIа! Иза ву-кх кураваьлла /сов/ харцлуьйш верг'
54:25 -
سَيَعْلَمُونَ غَدًا مَنِ الْكَذَّابُ الْأَشِرُ
Хуур ду царна кхана‚ мила ву кураваьлла /сов/ харцлуьйш верг
54:26 -
إِنَّا مُرْسِلُو النَّاقَةِ فِتْنَةً لَهُمْ فَارْتَقِبْهُمْ وَاصْطَبِرْ
Оха йохуьйтур эмкал царна питна хилла. Хьо хьажал цаьрга /хIай Салихь/‚ собаре а хилла
54:27
Гочдар: Магомед Магомедов