Мусхаф., агӏо 124
-
أُحِلَّ لَكُمْ صَيْدُ الْبَحْرِ وَطَعَامُهُ مَتَاعًا لَكُمْ وَلِلسَّيَّارَةِ ۖ وَحُرِّمَ عَلَيْكُمْ صَيْدُ الْبَرِّ مَا دُمْتُمْ حُرُمًا ۗ وَاتَّقُوا اللَّهَ الَّذِي إِلَيْهِ تُحْشَرُونَ
Хьанал ду шуна таллар дан хIордан дийнаташна‚ цуьнан (хIордан дийнатийн) кхача а шуна а‚ /новкъахь/ боьлхучу нахана а /хьанал бу/ пайдаэца. Хьарам ду шуна таллар дан аренан дийнаташкахь шу хьаж (я мрат) дихкина мел ду. Шу кхералаш Делах‚ шу Шена тIе гулдийр долчу
5:96 -
جَعَلَ اللَّهُ الْكَعْبَةَ الْبَيْتَ الْحَرَامَ قِيَامًا لِلنَّاسِ وَالشَّهْرَ الْحَرَامَ وَالْهَدْيَ وَالْقَلَائِدَ ۚ ذَٰلِكَ لِتَعْلَمُوا أَنَّ اللَّهَ يَعْلَمُ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الْأَرْضِ وَأَنَّ اللَّهَ بِكُلِّ شَيْءٍ عَلِيمٌ
Дала дина КаIба – хьурман цIа – нахана гIоьнна а, пайденна а, /иштта хилийтина Дала/ хьурман бутт а‚ гIурбанан бежана а‚ туьтеш а (бежанан логах тосу хIуманаш, и билгалдархьама). Иза ду шуна хаийтархьама Дела стигланашкахь а‚ лаьттахь а дерг хууш вуйла‚ Дела массо а хIума хууш верг вуйла
5:97 -
اعْلَمُوا أَنَّ اللَّهَ شَدِيدُ الْعِقَابِ وَأَنَّ اللَّهَ غَفُورٌ رَحِيمٌ
Хаалаш‚ Дела таIзарехь чIогIаниг вуйла а‚ Дела гечдийриг а, къинхетам бийриг а вуйла а
5:98 -
مَا عَلَى الرَّسُولِ إِلَّا الْبَلَاغُ ۗ وَاللَّهُ يَعْلَمُ مَا تُبْدُونَ وَمَا تَكْتُمُونَ
Элчанна тIехь дIакхачор а бен дац‚ Дела хууш ма ву аш гучудоккхург а‚ аш къайладоккхург а
5:99 -
قُلْ لَا يَسْتَوِي الْخَبِيثُ وَالطَّيِّبُ وَلَوْ أَعْجَبَكَ كَثْرَةُ الْخَبِيثِ ۚ فَاتَّقُوا اللَّهَ يَا أُولِي الْأَلْبَابِ لَعَلَّكُمْ تُفْلِحُونَ
Ахь āла: 'Боьханиг а‚ цIенаниг а цхьатерра дац‚ боьханиг дуккха хиларо хьоьга тамаш байтинехь а (хьо цецваьккхинехь а). Делах кхералаш‚ хIай хьекъал дерш‚ шу даккхийден мега!'
5:100 -
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا لَا تَسْأَلُوا عَنْ أَشْيَاءَ إِنْ تُبْدَ لَكُمْ تَسُؤْكُمْ وَإِنْ تَسْأَلُوا عَنْهَا حِينَ يُنَزَّلُ الْقُرْآنُ تُبْدَ لَكُمْ عَفَا اللَّهُ عَنْهَا ۗ وَاللَّهُ غَفُورٌ حَلِيمٌ
ХIай ийман диллинарш! Ма хетталаш цхьацца (пайда боцу) хIуманех лаьцна‚ уьш шуна гучуялахь – шуна цатам бийр бу цара. Аш царах Къуръан дуссучу хенахь хеттахь‚ уьш шуна гучуевр ю – Дала гечдина царах. И Дела гечдеш верг а ву‚ дукха собаре верг а ву (шун таIзар ца деш)
5:101 -
قَدْ سَأَلَهَا قَوْمٌ مِنْ قَبْلِكُمْ ثُمَّ أَصْبَحُوا بِهَا كَافِرِينَ
Царах хаьттира шул хьалха цхьана къомо – тIаккха цара керстаналла дира цуьнца
5:102 -
مَا جَعَلَ اللَّهُ مِنْ بَحِيرَةٍ وَلَا سَائِبَةٍ وَلَا وَصِيلَةٍ وَلَا حَامٍ ۙ وَلَٰكِنَّ الَّذِينَ كَفَرُوا يَفْتَرُونَ عَلَى اللَّهِ الْكَذِبَ ۖ وَأَكْثَرُهُمْ لَا يَعْقِلُونَ
Дала ца хилийтина (Дала тергал е ца боху) бахьират а‚ саибат а‚ василат а‚ хьам а‚ амма керстанаша Далла тIекхуллуш ду харцдерг‚ царах дукхахберш кхеташ ма бац
5:103
Гочдар: Магомед Магомедов