Мусхаф., агӏо 550
-
لَقَدْ كَانَ لَكُمْ فِيهِمْ أُسْوَةٌ حَسَنَةٌ لِمَنْ كَانَ يَرْجُو اللَّهَ وَالْيَوْمَ الْآخِرَ ۚ وَمَنْ يَتَوَلَّ فَإِنَّ اللَّهَ هُوَ الْغَنِيُّ الْحَمِيدُ
Шуна хили цаьргахь хаза масал Деле а‚ къематдийне а дог дохуш волчунна. /Оцунах/ милла а дIаверзахь баккъалла а, и Дела хьал долуш а ву‚ хастаме а ву
60:6 -
عَسَى اللَّهُ أَنْ يَجْعَلَ بَيْنَكُمْ وَبَيْنَ الَّذِينَ عَادَيْتُمْ مِنْهُمْ مَوَدَّةً ۚ وَاللَّهُ قَدِيرٌ ۚ وَاللَّهُ غَفُورٌ رَحِيمٌ
Тарло Дала шуна а‚ царах аш шайца мостагIалла лелош йолчарна а юккъехь безам хилийта. Дела ницкъ кхочуш ву. И Дела гечдийриг а ву‚ къинхетаме верг а ву
60:7 -
لَا يَنْهَاكُمُ اللَّهُ عَنِ الَّذِينَ لَمْ يُقَاتِلُوكُمْ فِي الدِّينِ وَلَمْ يُخْرِجُوكُمْ مِنْ دِيَارِكُمْ أَنْ تَبَرُّوهُمْ وَتُقْسِطُوا إِلَيْهِمْ ۚ إِنَّ اللَّهَ يُحِبُّ الْمُقْسِطِينَ
Дала ца магош дац шуна дин бахьанехь шуьца тIом ца бинчарна а‚ шу шайн цIеношкара ара ца даьхначарна а диканиг дан а‚ аш цаьрца нийсо ян а. Баккъалла а, Далла беза нийсо еш берш
60:8 -
إِنَّمَا يَنْهَاكُمُ اللَّهُ عَنِ الَّذِينَ قَاتَلُوكُمْ فِي الدِّينِ وَأَخْرَجُوكُمْ مِنْ دِيَارِكُمْ وَظَاهَرُوا عَلَىٰ إِخْرَاجِكُمْ أَنْ تَوَلَّوْهُمْ ۚ وَمَنْ يَتَوَلَّهُمْ فَأُولَٰئِكَ هُمُ الظَّالِمُونَ
Боккъалла а, Дала ца маго шуна дин бахьанехь шуьца тIом биначарах‚ шу шайн цIеношкара арадаьхначарах‚ шу арадахарна тIехь гIодиначарах аш шайна доттагIий лийца. Царах доттагIий луьйцуш берш уьш зуламхой бу
60:9 -
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا إِذَا جَاءَكُمُ الْمُؤْمِنَاتُ مُهَاجِرَاتٍ فَامْتَحِنُوهُنَّ ۖ اللَّهُ أَعْلَمُ بِإِيمَانِهِنَّ ۖ فَإِنْ عَلِمْتُمُوهُنَّ مُؤْمِنَاتٍ فَلَا تَرْجِعُوهُنَّ إِلَى الْكُفَّارِ ۖ لَا هُنَّ حِلٌّ لَهُمْ وَلَا هُمْ يَحِلُّونَ لَهُنَّ ۖ وَآتُوهُمْ مَا أَنْفَقُوا ۚ وَلَا جُنَاحَ عَلَيْكُمْ أَنْ تَنْكِحُوهُنَّ إِذَا آتَيْتُمُوهُنَّ أُجُورَهُنَّ ۚ وَلَا تُمْسِكُوا بِعِصَمِ الْكَوَافِرِ وَاسْأَلُوا مَا أَنْفَقْتُمْ وَلْيَسْأَلُوا مَا أَنْفَقُوا ۚ ذَٰلِكُمْ حُكْمُ اللَّهِ ۖ يَحْكُمُ بَيْنَكُمْ ۚ وَاللَّهُ عَلِيمٌ حَكِيمٌ
ХIай ийман диллинарш! Шуьга баьхкича бевдда муъмин зударий зēлаш уьш, Далла-м дика хаьа церан ийман. Шайна хааделча уьш муъмин буйла, уьш керстанашка дIа ма берзабелаш. Уьш (и муъмин зударий) царна (керстанашна) хьанал бац. И (керста нах) а бац царна (зударшна) хьанал. ДIало царна (цу зударийн хиллачу керста марошна) цара йина харж (цара зударшна делла хилла долу урдо). Къа дац шуна аш уьш шайна балийча, царна шайн мах (урдо) дIа а делла. Аш ма лийца ца тешаш болчу зударшца /зудчун-майрачун/ уьйранаш (аш ма кхаба и керста зударий). Аш еха цаьргара шаьш йина харж. Цара а юьхийла шаьш йина харж /шуьга/. Иза ду Делан хьукам: Цо до шуна юккъехь хьукам. Дела хууш верг а ву‚ хьукам /нийса/ деш верг а ву
60:10 -
وَإِنْ فَاتَكُمْ شَيْءٌ مِنْ أَزْوَاجِكُمْ إِلَى الْكُفَّارِ فَعَاقَبْتُمْ فَآتُوا الَّذِينَ ذَهَبَتْ أَزْوَاجُهُمْ مِثْلَ مَا أَنْفَقُوا ۚ وَاتَّقُوا اللَّهَ الَّذِي أَنْتُمْ بِهِ مُؤْمِنُونَ
Шун зударех цхьаъ дIаяхча цатешачаьрга‚ ткъа аш тIом бина хIонс яккхинехь дIало шайгара зударий дIабаханчарна цара йина харжаца нислург /хIонсах/. Шу кхералаш /и нийсо ца ян/ Делах‚ шаьш Цунах тешаш долчу
60:11
Гочдар: Магомед Магомедов