Сурат 67 Аль-мулк (Паччахьалла)
-
أَمَّنْ هَٰذَا الَّذِي يَرْزُقُكُمْ إِنْ أَمْسَكَ رِزْقَهُ ۚ بَلْ لَجُّوا فِي عُتُوٍّ وَنُفُورٍ
Мила ву иза шуна рицкъ лур дерг, Цо Шен рицкъ сацадича? ХIаъ‚ ма /Далла/ дуьхьалбевлла уьш‚ ма /бакъдолчунна/ гена бевлла уьш
67:21 -
أَفَمَنْ يَمْشِي مُكِبًّا عَلَىٰ وَجْهِهِ أَهْدَىٰ أَمَّنْ يَمْشِي سَوِيًّا عَلَىٰ صِرَاطٍ مُسْتَقِيمٍ
Ткъа шен юьхь тIехь лелаш верг ву нийса‚ я нийсачу новкъа нийсса лелаш верг ву?
67:22 -
قُلْ هُوَ الَّذِي أَنْشَأَكُمْ وَجَعَلَ لَكُمُ السَّمْعَ وَالْأَبْصَارَ وَالْأَفْئِدَةَ ۖ قَلِيلًا مَا تَشْكُرُونَ
Ахь āла /цаьрга, хIай Мухьаммад/: 'Иза ву шу кхиинарг а‚ шуна хазар а‚ бIаьрса а‚ дегнаш а динарг а. КIеззиг ду-кх аш баркалла олург!'
67:23 -
قُلْ هُوَ الَّذِي ذَرَأَكُمْ فِي الْأَرْضِ وَإِلَيْهِ تُحْشَرُونَ
Ахь āла: 'Иза ву шу лаьттахь даржийнарг‚ Цуьнга гулдийр долуш а ду шу'
67:24 -
وَيَقُولُونَ مَتَىٰ هَٰذَا الْوَعْدُ إِنْ كُنْتُمْ صَادِقِينَ
Цара олу: 'Маца хир ду и аш бохург, шу бакълуьйш хиллехь?'
67:25 -
قُلْ إِنَّمَا الْعِلْمُ عِنْدَ اللَّهِ وَإِنَّمَا أَنَا نَذِيرٌ مُبِينٌ
Ахь āла: 'Iилма Далла гергахь ду‚ ткъа со билгала волу къерамча ву'
67:26 -
فَلَمَّا رَأَوْهُ زُلْفَةً سِيئَتْ وُجُوهُ الَّذِينَ كَفَرُوا وَقِيلَ هَٰذَا الَّذِي كُنْتُمْ بِهِ تَدَّعُونَ
Иза шайна гича гергахь‚ цатешначеран яххьаш ирчаелира‚ /цаьрга/ элира /маликаша, бехк боккхуш/: 'ХIара ду иза аш /дуьненахь долуш/ ша лоьхуш хилларг!'
67:27 -
قُلْ أَرَأَيْتُمْ إِنْ أَهْلَكَنِيَ اللَّهُ وَمَنْ مَعِيَ أَوْ رَحِمَنَا فَمَنْ يُجِيرُ الْكَافِرِينَ مِنْ عَذَابٍ أَلِيمٍ
Ахь āла: 'Гой шуна‚ со Дала хIаллаквича‚ соьца берш а‚ я Цо тхох къинхетам бича‚ хьан кIелхьарбохур бу цатешнарш лазош долчу Iазапах?'
67:28 -
قُلْ هُوَ الرَّحْمَٰنُ آمَنَّا بِهِ وَعَلَيْهِ تَوَكَّلْنَا ۖ فَسَتَعْلَمُونَ مَنْ هُوَ فِي ضَلَالٍ مُبِينٍ
Ахь āла: 'Иза ву сов къинхетаме волу Дела‚ Цуьнга ийман диллина оха‚ Цунна тIе а тевжина. ТIаьхьа хуур ду шуна‚ мила ву билгалчу тиларчохь'
67:29 -
قُلْ أَرَأَيْتُمْ إِنْ أَصْبَحَ مَاؤُكُمْ غَوْرًا فَمَنْ يَأْتِيكُمْ بِمَاءٍ مَعِينٍ
Ахь āла: 'Гой шуна‚ и шун хи ьйранца лекъча‚ хьан лур ду шуна оьхуш долу хьастан хи?'
67:30
Гочдар: Магомед Магомедов