Сурат 68 Аль-къалам (Къолам)

  1. فَتَنَادَوْا مُصْبِحِينَ

    Iуьйранга бевлича, вовшашка кхийкхира цара:

    68:21
  2. أَنِ اغْدُوا عَلَىٰ حَرْثِكُمْ إِنْ كُنْتُمْ صَارِمِينَ

    'Шайн беш чу гIо‚ шаьш стоьмаш бохур белахь'‚ аьлла

    68:22
  3. فَانْطَلَقُوا وَهُمْ يَتَخَافَتُونَ

    Уьш болабелира, меллаша вовшашка луьйш:

    68:23
  4. أَنْ لَا يَدْخُلَنَّهَا الْيَوْمَ عَلَيْكُمْ مِسْكِينٌ

    'Тахана шуна тIе /шун беша/ цхьа а мисканиг ма вогIийла /стоьмаш боьхуш/'

    68:24
  5. وَغَدَوْا عَلَىٰ حَرْدٍ قَادِرِينَ

    Iуьйранна новкъа бевлира уьш, шайн дагахь /мисканиг/ духатоха ницкъ болуш

    68:25
  6. فَلَمَّا رَأَوْهَا قَالُوا إِنَّا لَضَالُّونَ

    Иза шайна /егна/ гича‚ цара элира: 'Баккъалла а, вай тиладелла‚

    68:26
  7. بَلْ نَحْنُ مَحْرُومُونَ

    ХIаъ‚ вай /и стоьмаш/ боцуш дисина'

    68:27
  8. قَالَ أَوْسَطُهُمْ أَلَمْ أَقُلْ لَكُمْ لَوْلَا تُسَبِّحُونَ

    Царах кхечарал Iедале волчо элира: 'Ас ца аьллера шуьга: аш /Далла/ хастам бинехьара'‚ аьлла?

    68:28
  9. قَالُوا سُبْحَانَ رَبِّنَا إِنَّا كُنَّا ظَالِمِينَ

    Цара элира: 'Вонах цIена ву-кх и вай кхиош-кхобуш волу Дела‚ баккъалла а, вай хили-кх зуламхой'

    68:29
  10. فَأَقْبَلَ بَعْضُهُمْ عَلَىٰ بَعْضٍ يَتَلَاوَمُونَ

    Уьш вовшашна бехкаш бохуш дуьхьалбевлира

    68:30
  11. قَالُوا يَا وَيْلَنَا إِنَّا كُنَّا طَاغِينَ

    Цара элира: 'Ма бала бу вайна: вай хилира /Делан дозанех/ тIехдовлурш

    68:31
  12. عَسَىٰ رَبُّنَا أَنْ يُبْدِلَنَا خَيْرًا مِنْهَا إِنَّا إِلَىٰ رَبِّنَا رَاغِبُونَ

    Вай кхиош-кхобуш волчу вай Дала вайна цул дикачуьнца /и беш/ хийцо а тарло. Баккъалла а, вай кхиош-кхобуш волчу вайн Делан /дикане/ догдохуш ду-кх'

    68:32
  13. كَذَٰلِكَ الْعَذَابُ ۖ وَلَعَذَابُ الْآخِرَةِ أَكْبَرُ ۚ لَوْ كَانُوا يَعْلَمُونَ

    Иштта ду Iазап‚ ткъа эхартан Iазап вуно доккха ду, уьш хууш хиллехь

    68:33
  14. إِنَّ لِلْمُتَّقِينَ عِنْدَ رَبِّهِمْ جَنَّاتِ النَّعِيمِ

    Баккъалла а, /Делах/ кхоьручарна шаьш кхиош-кхобуш волчу Далла гергахь ниIматийн бошмаш ю

    68:34
  15. أَفَنَجْعَلُ الْمُسْلِمِينَ كَالْمُجْرِمِينَ

    Ткъа Оха хуьлуьйту /Далла/ муьтхь болу нах къинош дечарах тера?

    68:35
  16. مَا لَكُمْ كَيْفَ تَحْكُمُونَ

    Шуна хIун хилла /иштта ойла ял/? Аш муха хьукам до?

    68:36
  17. أَمْ لَكُمْ كِتَابٌ فِيهِ تَدْرُسُونَ

    Я шуна жайна ду‚ аш шена чохь доьшуш /и хьукам/?

    68:37
  18. إِنَّ لَكُمْ فِيهِ لَمَا تَخَيَّرُونَ

    Баккъалла а, шуна цу /жайна/ чохь долуш аш мел хоржург?

    68:38
  19. أَمْ لَكُمْ أَيْمَانٌ عَلَيْنَا بَالِغَةٌ إِلَىٰ يَوْمِ الْقِيَامَةِ ۙ إِنَّ لَكُمْ لَمَا تَحْكُمُونَ

    Я шуна Тхоьца биъна дуйнаш бу къематде кхаччалц‚ баккъалла а, шайна аш дина хьукам хир долуш?

    68:39
  20. سَلْهُمْ أَيُّهُمْ بِذَٰلِكَ زَعِيمٌ

    Хатта цаьрга /хIай Мухьаммад/‚ мила ву царах и чIагIдийриг

    68:40

Гочдар: Магомед Магомедов