Сурат 68 Аль-къалам (Къолам)

  1. أَمْ لَهُمْ شُرَكَاءُ فَلْيَأْتُوا بِشُرَكَائِهِمْ إِنْ كَانُوا صَادِقِينَ

    Я церан накъостий бу? Схьабалабе цара шайн и накъостий, шаьш бакълуьйш хиллехь

    68:41
  2. يَوْمَ يُكْشَفُ عَنْ سَاقٍ وَيُدْعَوْنَ إِلَى السُّجُودِ فَلَا يَسْتَطِيعُونَ

    Оцу дийнахь настарш ерзина хир ю‚ уьш кхойкхур бу сужуде царна могур дац‚

    68:42
  3. خَاشِعَةً أَبْصَارُهُمْ تَرْهَقُهُمْ ذِلَّةٌ ۖ وَقَدْ كَانُوا يُدْعَوْنَ إِلَى السُّجُودِ وَهُمْ سَالِمُونَ

    БIаьргаш охьадахна‚ сийсазалла тIейоьжна. Цаьрга сужуде кхойкхуш дара уьш могуш болуш

    68:43
  4. فَذَرْنِي وَمَنْ يُكَذِّبُ بِهَٰذَا الْحَدِيثِ ۖ سَنَسْتَدْرِجُهُمْ مِنْ حَيْثُ لَا يَعْلَمُونَ

    Вита Со суо хIара хабар харцдеш волчуьнца. Оха схьалоцур бу уьш кIез-кIеззиг /хIаллакбарца/ царна ца хуучухула

    68:44
  5. وَأُمْلِي لَهُمْ ۚ إِنَّ كَيْدِي مَتِينٌ

    Ас хан лур ю царна. /Церан мекарлонна дуьхьал/ Сан мекарло чIогIа ю-кх

    68:45
  6. أَمْ تَسْأَلُهُمْ أَجْرًا فَهُمْ مِنْ مَغْرَمٍ مُثْقَلُونَ

    Я ахь цаьрга мах боьху, уьш декхарша базбина болуш?

    68:46
  7. أَمْ عِنْدَهُمُ الْغَيْبُ فَهُمْ يَكْتُبُونَ

    Я цаьргахь гушдоцург /девзаш Iилма/ ду, цара дIаяздеш?

    68:47
  8. فَاصْبِرْ لِحُكْمِ رَبِّكَ وَلَا تَكُنْ كَصَاحِبِ الْحُوتِ إِذْ نَادَىٰ وَهُوَ مَكْظُومٌ

    Собар де хьуо Кхиош-кхобуш волчу хьан Делан хьукамна‚ ма хилалахь чIеран накъостах тера: цо /Деле/ кхийкхира ша /чIеран кийрахь пашмаллица/ гатвелла волуш

    68:48
  9. لَوْلَا أَنْ تَدَارَكَهُ نِعْمَةٌ مِنْ رَبِّهِ لَنُبِذَ بِالْعَرَاءِ وَهُوَ مَذْمُومٌ

    Ша Кхиош-кхобуш волчун ниIмат шех ца кхиънехьара, иза кхоьссина хир вара /чIеран кийрара/ ара сийсаз а хилла

    68:49
  10. فَاجْتَبَاهُ رَبُّهُ فَجَعَلَهُ مِنَ الصَّالِحِينَ

    Ша Кхиош-кхобуш волчо хаьржира иза‚ цо хилийтира иза дикачарах

    68:50
  11. وَإِنْ يَكَادُ الَّذِينَ كَفَرُوا لَيُزْلِقُونَكَ بِأَبْصَارِهِمْ لَمَّا سَمِعُوا الذِّكْرَ وَيَقُولُونَ إِنَّهُ لَمَجْنُونٌ

    Цатешнарш кийча бу шайн бIаьргашца хьо хIаллакван шайна хьехам хезначул тIаьхьа‚ цара олу: 'Баккъалла а, иза жинийх ву-кх'

    68:51
  12. وَمَا هُوَ إِلَّا ذِكْرٌ لِلْعَالَمِينَ

    Иза-м дац массо а Iаламна хьехам бен

    68:52

Гочдар: Магомед Магомедов