Сурат 69 Аль-хьаккъа (Бакъхилла доьжнарг)
-
فَهُوَ فِي عِيشَةٍ رَاضِيَةٍ
Иза хир ву ша реза волчу дахарехь
69:21 -
فِي جَنَّةٍ عَالِيَةٍ
Лекхачу бешахь
69:22 -
قُطُوفُهَا دَانِيَةٌ
Шен стоьмаш гергахь болуш
69:23 -
كُلُوا وَاشْرَبُوا هَنِيئًا بِمَا أَسْلَفْتُمْ فِي الْأَيَّامِ الْخَالِيَةِ
/Эр ду цаьрга/: 'ГIоза даа‚ гIоза мала шайна /дуьненан/ дIадаханчу деношкахь шаьш хьалхадаьккхинарг /бахьанехь/ '
69:24 -
وَأَمَّا مَنْ أُوتِيَ كِتَابَهُ بِشِمَالِهِ فَيَقُولُ يَا لَيْتَنِي لَمْ أُوتَ كِتَابِيَهْ
Ва амма шен жайна шега аьрру (харцхьара) куьйга делларг‚ цо эр ма ду: 'ЭхI! И сан жайна соьга ма деллехьара!
69:25 -
وَلَمْ أَدْرِ مَا حِسَابِيَهْ
И сан /чг суна дуьхьал долу/ хьесап хууш ца хиллехьара со
69:26 -
يَا لَيْتَهَا كَانَتِ الْقَاضِيَةَ
Эх И сан /дуьненахь/ валар хиллехьара тIаьххьара‚ /со юха ден ца веш/
69:27 -
مَا أَغْنَىٰ عَنِّي مَالِيَهْ ۜ
Со кIелхьар ца ваьккхи сан бахамо
69:28 -
هَلَكَ عَنِّي سُلْطَانِيَهْ
ХIаллакхили соьгара сан долахь мел хилларг (сан уьйранаш а, сан хьал а)'
69:29 -
خُذُوهُ فَغُلُّوهُ
/Делан омра догIур ду/: 'Схьалаца иза! ДIавихка иза!
69:30 -
ثُمَّ الْجَحِيمَ صَلُّوهُ
Тккха жоьжахати чу двига иза
69:31 -
ثُمَّ فِي سِلْسِلَةٍ ذَرْعُهَا سَبْعُونَ ذِرَاعًا فَاسْلُكُوهُ
ТIаккха шен яхалла кхузткъе итт дол йолчу зIайнах вихкина длалла иза'
69:32 -
إِنَّهُ كَانَ لَا يُؤْمِنُ بِاللَّهِ الْعَظِيمِ
Баккъалла а, иза вацара сийлахь-воккхачу Делах тешаш
69:33 -
وَلَا يَحُضُّ عَلَىٰ طَعَامِ الْمِسْكِينِ
Мискачунна даа хIума дала /кхечарна/ дагадоуьйтуш вацара иза
69:34 -
فَلَيْسَ لَهُ الْيَوْمَ هَاهُنَا حَمِيمٌ
Вац цунна тахана кхузахь цхьа а доттагI
69:35 -
وَلَا طَعَامٌ إِلَّا مِنْ غِسْلِينٍ
Даа хIума дац диларш бен
69:36 -
لَا يَأْكُلُهُ إِلَّا الْخَاطِئُونَ
Уьш дуур дац гIалатбевллачара а бен
69:37 -
فَلَا أُقْسِمُ بِمَا تُبْصِرُونَ
ХIан-хIа! Ас дуй боу шуна гуш долчуьнца
69:38 -
وَمَا لَا تُبْصِرُونَ
Шуна гуш доцучуьнца а:
69:39 -
إِنَّهُ لَقَوْلُ رَسُولٍ كَرِيمٍ
Баккъалла а, иза сийлахьчу элчанан дош ма ду (Делера цо дуьйцуш)
69:40
Гочдар: Магомед Магомедов