Сурат 69 Аль-хьаккъа (Бакъхилла доьжнарг)

  1. وَمَا هُوَ بِقَوْلِ شَاعِرٍ ۚ قَلِيلًا مَا تُؤْمِنُونَ

    ШаIиран дош ма дац иза‚ кIеззиг ду-кх шу тешаш дерг

    69:41
  2. وَلَا بِقَوْلِ كَاهِنٍ ۚ قَلِيلًا مَا تَذَكَّرُونَ

    Бозбуунчин дош а ма дац иза‚ кIеззиг ду-кх аш ойла еш дерг

    69:42
  3. تَنْزِيلٌ مِنْ رَبِّ الْعَالَمِينَ

    Iаламийн Дегара охьадоьссина ду иза (Къуръан)

    69:43
  4. وَلَوْ تَقَوَّلَ عَلَيْنَا بَعْضَ الْأَقَاوِيلِ

    Цо Тхуна аьллехьара цхьацца (Оха аьлла доцу) дешнаш,

    69:44
  5. لَأَخَذْنَا مِنْهُ بِالْيَمِينِ

    Оха схьалаьцна хир вара иза аьтту (бакъахьара) куьйга‚

    69:45
  6. ثُمَّ لَقَطَعْنَا مِنْهُ الْوَتِينَ

    ТIаккха хадийна хир бара цуьнан деган пха

    69:46
  7. فَمَا مِنْكُمْ مِنْ أَحَدٍ عَنْهُ حَاجِزِينَ

    Шух цхьа а хир ма вацара цунах иза духатухуш

    69:47
  8. وَإِنَّهُ لَتَذْكِرَةٌ لِلْمُتَّقِينَ

    Баккъалла а, иза (Къуръан) хьехам бу-кх /Делах/ кхоьруш болчарна

    69:48
  9. وَإِنَّا لَنَعْلَمُ أَنَّ مِنْكُمْ مُكَذِّبِينَ

    Баккъалла а, Тхо хууш ду-кх шух /дин/ харцдеш берш буйла

    69:49
  10. وَإِنَّهُ لَحَسْرَةٌ عَلَى الْكَافِرِينَ

    Баккъалла а, иза (Къуръан) гйг ю-кх цатешачарна. (Цуьнга ийман диллинчарна хир долу ниIматаш гина пошме хир бу керстанаш къематдийнахь)

    69:50
  11. وَإِنَّهُ لَحَقُّ الْيَقِينِ

    Баккъалла а, иза хьакъ-бакъдерг ду-кх!

    69:51
  12. فَسَبِّحْ بِاسْمِ رَبِّكَ الْعَظِيمِ

    Сийлахь-воккхачу хьуо кхиош-кхобуш волчу хьан Делан цIе хастае! (Массо а вочу сибатех цнве Иза)

    69:52

Гочдар: Магомед Магомедов