Сурат 71 Нухь
-
قَالَ نُوحٌ رَبِّ إِنَّهُمْ عَصَوْنِي وَاتَّبَعُوا مَنْ لَمْ يَزِدْهُ مَالُهُ وَوَلَدُهُ إِلَّا خَسَارًا
Нухьас элира: 'Со кхиош-кхобуш волу сан Дела‚ баккъалла а, цара суна Iесалла йи‚ уьш тIаьхьахIоьтти шен бахамо а‚ шен доьзало а шайна эшалла бен сов ца яьккхинчунна
71:21 -
وَمَكَرُوا مَكْرًا كُبَّارًا
Цара йи тIех йоккха мекарло:
71:22 -
وَقَالُوا لَا تَذَرُنَّ آلِهَتَكُمْ وَلَا تَذَرُنَّ وَدًّا وَلَا سُوَاعًا وَلَا يَغُوثَ وَيَعُوقَ وَنَسْرًا
Цара элира: 'Ма биталаш шайн делий а‚ ма виталаш Вадда а‚ СуваI а‚ ЯгIус а‚ ЯIукъ а‚ Наср а!'
71:23 -
وَقَدْ أَضَلُّوا كَثِيرًا ۖ وَلَا تَزِدِ الظَّالِمِينَ إِلَّا ضَلَالًا
/Нухьас доIа дира/: 'Цара тилира дукханаш‚ зуламхой сов ма бахалахь тиларций бен'
71:24 -
مِمَّا خَطِيئَاتِهِمْ أُغْرِقُوا فَأُدْخِلُوا نَارًا فَلَمْ يَجِدُوا لَهُمْ مِنْ دُونِ اللَّهِ أَنْصَارًا
Шайна гIалатех (къинойх) уьш хи чу бахийтира‚ тIаккха цIерга бахийтира‚ царна ца карийра Дела воцург гIоьнчий
71:25 -
وَقَالَ نُوحٌ رَبِّ لَا تَذَرْ عَلَى الْأَرْضِ مِنَ الْكَافِرِينَ دَيَّارًا
Нухьас элира: 'Со кхиош-кхобуш волу сан Дела‚ Ахь ма виталахь лаьтта тIехь цатешачарах цхьа а цIа чохь вехаш верг
71:26 -
إِنَّكَ إِنْ تَذَرْهُمْ يُضِلُّوا عِبَادَكَ وَلَا يَلِدُوا إِلَّا فَاجِرًا كَفَّارًا
Баккъалла а, Ахь уьш битахь, цара Хьан леш тилор бу‚ цара дуьненавоккхур вац къинош деш верг‚ тIех ца тешаш верг бен
71:27 -
رَبِّ اغْفِرْ لِي وَلِوَالِدَيَّ وَلِمَنْ دَخَلَ بَيْتِيَ مُؤْمِنًا وَلِلْمُؤْمِنِينَ وَالْمُؤْمِنَاتِ وَلَا تَزِدِ الظَّالِمِينَ إِلَّا تَبَارًا
Со кхиош-кхобуш волу сан Дела‚ Ахь гечделахь суна а‚ сан денна-нанна а‚ муъмин хилла сан цIа чу ваьллачунна а‚ муъмин божаршна а‚ муъмин зударшна а‚ Ахь сов ма бахалахь зуламхой хIаллакбарций бен!'
71:28
Гочдар: Магомед Магомедов