Мусхаф., агӏо 575
-
إِنَّ رَبَّكَ يَعْلَمُ أَنَّكَ تَقُومُ أَدْنَىٰ مِنْ ثُلُثَيِ اللَّيْلِ وَنِصْفَهُ وَثُلُثَهُ وَطَائِفَةٌ مِنَ الَّذِينَ مَعَكَ ۚ وَاللَّهُ يُقَدِّرُ اللَّيْلَ وَالنَّهَارَ ۚ عَلِمَ أَنْ لَنْ تُحْصُوهُ فَتَابَ عَلَيْكُمْ ۖ فَاقْرَءُوا مَا تَيَسَّرَ مِنَ الْقُرْآنِ ۚ عَلِمَ أَنْ سَيَكُونُ مِنْكُمْ مَرْضَىٰ ۙ وَآخَرُونَ يَضْرِبُونَ فِي الْأَرْضِ يَبْتَغُونَ مِنْ فَضْلِ اللَّهِ ۙ وَآخَرُونَ يُقَاتِلُونَ فِي سَبِيلِ اللَّهِ ۖ فَاقْرَءُوا مَا تَيَسَّرَ مِنْهُ ۚ وَأَقِيمُوا الصَّلَاةَ وَآتُوا الزَّكَاةَ وَأَقْرِضُوا اللَّهَ قَرْضًا حَسَنًا ۚ وَمَا تُقَدِّمُوا لِأَنْفُسِكُمْ مِنْ خَيْرٍ تَجِدُوهُ عِنْدَ اللَّهِ هُوَ خَيْرًا وَأَعْظَمَ أَجْرًا ۚ وَاسْتَغْفِرُوا اللَّهَ ۖ إِنَّ اللَّهَ غَفُورٌ رَحِيمٌ
Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобучунна хууш ду хьо буьйсан кха дèкъан шина дèкъал кIеззиг йолчу заманчохь гIеттина /Шена Iамал еш/ вуйла‚ цуьнан ах заманчохь‚ кха дèкъан цхьа дáкъа заманчохь а‚ хьоьца болчарах цхьа тоба ю /иштта буса гIеттина Iамал еш иза а хаьа Далла/. Дáла барам бийна буьйсан а‚ дийнан а. Цунна хии шуна /ерриг буьйса я цунах дукхаерг Iибадат дарца денйан/ могур доций, /хIинца/ гечдина Цо шуна – деша Къуръанах шайна атта дерг /буса/. Цунна (Далла) хии‚ шух хир ву цомгушниг‚ кхиберш лаьттахула бевлла лелаш бу Делан ниIмат лоьхуш (шайна рицкъ тардеш)‚ /цхьа/ кхиберш Делан новкъахь тIом беш бу - деша цунах (Къуръанах) шайна атта дерг. ХIоттаде ламаз‚ дло закат‚ аш дло Далла хаза декхар /юхалург/. Аш шайна хьалхадаьккхина диканиг шуна иза карор ду Далла гергахь диканиг а‚ сийлахь-еза ял а хилла. Деле гечдар дēха. Баккъалла а, Дела гечдийриг а ву‚ къинхетаме верг а ву
73:20 -
يَا أَيُّهَا الْمُدَّثِّرُ
ХIай /бедарх/ дIахьаьрчинарг!
74:1 -
قُمْ فَأَنْذِرْ
ХьалагIатта‚ кхерам таса!
74:2 -
وَرَبَّكَ فَكَبِّرْ
Хьуо Кхиош-кхобург воккхаве!
74:3 -
وَثِيَابَكَ فَطَهِّرْ
Хьан бедар цIанъе!
74:4 -
وَالرُّجْزَ فَاهْجُرْ
Боьху хIуманаш дIатаса!
74:5 -
وَلَا تَمْنُنْ تَسْتَكْثِرُ
Ма ло хIума хьайна /цунах/ алссам тIекхиар лоьхуш
74:6 -
وَلِرَبِّكَ فَاصْبِرْ
Хьо Кхиош-кхобучун /гIуллакхна/ собаре хила
74:7 -
فَإِذَا نُقِرَ فِي النَّاقُورِ
Сур лекхначу хенахь (шолгIа локху сур)
74:8 -
فَذَٰلِكَ يَوْمَئِذٍ يَوْمٌ عَسِيرٌ
Иза оцу дийнахь хала де ду
74:9 -
عَلَى الْكَافِرِينَ غَيْرُ يَسِيرٍ
/Делах/ тешаш боцучарна атта доцуш
74:10 -
ذَرْنِي وَمَنْ خَلَقْتُ وَحِيدًا
Вита Со а и Ас кхоьллинарг а тхаьш
74:11 -
وَجَعَلْتُ لَهُ مَالًا مَمْدُودًا
Ас хилийтира цунна шортта даьхни а‚
74:12 -
وَبَنِينَ شُهُودًا
КIентий а, шаьш цуьнца цхьана /гуттар/ лаьтташ
74:13 -
وَمَهَّدْتُ لَهُ تَمْهِيدًا
Ас аьтто бира цунна /хаза/ аьтто барца
74:14 -
ثُمَّ يَطْمَعُ أَنْ أَزِيدَ
ТIаккха а лиира цунна Ас совдаккха /шен хьал/
74:15 -
كَلَّا ۖ إِنَّهُ كَانَ لِآيَاتِنَا عَنِيدًا
ХIан-хIа! Баккъалла а, иза хилира Тхан аяташна дуьхьал
74:16 -
سَأُرْهِقُهُ صَعُودًا
Ас тIеюьллур ю цунна ирхо (Iазапан мохь)
74:17
Гочдар: Магомед Магомедов