Сурат 74 Аль-муддассир (Бедарх дӀахьерчинарг), аят 1 – 31
-
يَا أَيُّهَا الْمُدَّثِّرُ
ХӀай /бедарх/ дӀахьаьрчинарг!
74:1 -
قُمْ فَأَنْذِرْ
ХьалагӀатта‚ кхерам таса!
74:2 -
وَرَبَّكَ فَكَبِّرْ
Хьуо Кхиош-кхобург воккхаве!
74:3 -
وَثِيَابَكَ فَطَهِّرْ
Хьан бедар цӀанъе!
74:4 -
وَالرُّجْزَ فَاهْجُرْ
Боьху хӀуманаш дӀатаса!
74:5 -
وَلَا تَمْنُنْ تَسْتَكْثِرُ
Ма ло хӀума хьайна /цунах/ алссам тӀекхиар лоьхуш
74:6 -
وَلِرَبِّكَ فَاصْبِرْ
Хьо Кхиош-кхобучун /гӀуллакхна/ собаре хила
74:7 -
فَإِذَا نُقِرَ فِي النَّاقُورِ
Сур лекхначу хенахь (шолгӀа локху сур)
74:8 -
فَذَٰلِكَ يَوْمَئِذٍ يَوْمٌ عَسِيرٌ
Иза оцу дийнахь хала де ду
74:9 -
عَلَى الْكَافِرِينَ غَيْرُ يَسِيرٍ
/Делах/ тешаш боцучарна атта доцуш
74:10 -
ذَرْنِي وَمَنْ خَلَقْتُ وَحِيدًا
Вита Со а и Ас кхоьллинарг а тхаьш
74:11 -
وَجَعَلْتُ لَهُ مَالًا مَمْدُودًا
Ас хилийтира цунна шортта даьхни а‚
74:12 -
وَبَنِينَ شُهُودًا
КӀентий а, шаьш цуьнца цхьана /гуттар/ лаьтташ
74:13 -
وَمَهَّدْتُ لَهُ تَمْهِيدًا
Ас аьтто бира цунна /хаза/ аьтто барца
74:14 -
ثُمَّ يَطْمَعُ أَنْ أَزِيدَ
ТӀаккха а лиира цунна Ас совдаккха /шен хьал/
74:15 -
كَلَّا ۖ إِنَّهُ كَانَ لِآيَاتِنَا عَنِيدًا
ХӀан-хӀа! Баккъалла а, иза хилира Тхан аяташна дуьхьал
74:16 -
سَأُرْهِقُهُ صَعُودًا
Ас тӀеюьллур ю цунна ирхо (Ӏазапан мохь)
74:17 -
إِنَّهُ فَكَّرَ وَقَدَّرَ
Баккъалла а, цо ойла йора‚ хьесап а дора
74:18 -
فَقُتِلَ كَيْفَ قَدَّرَ
ХӀаллакхиларг! Муха дора цо хьесап?
74:19 -
ثُمَّ قُتِلَ كَيْفَ قَدَّرَ
ТӀаккха а хӀаллакхиларг! Муха дора цо хьесап?
74:20 -
ثُمَّ نَظَرَ
ТӀаккха иза хьежира
74:21 -
ثُمَّ عَبَسَ وَبَسَرَ
ТӀаккха юьхь хабийра‚ вусавелира
74:22 -
ثُمَّ أَدْبَرَ وَاسْتَكْبَرَ
ТӀаккха иза юхваьлира /Къуръанах/‚ куравелира
74:23 -
فَقَالَ إِنْ هَٰذَا إِلَّا سِحْرٌ يُؤْثَرُ
Цо элира: 'ХӀара деккъа бозбуунчалла ду /хьалха дуьйна/ схьадогӀуш долу
74:24 -
إِنْ هَٰذَا إِلَّا قَوْلُ الْبَشَرِ
ХӀара деккъа адаман дош ду'
74:25 -
سَأُصْلِيهِ سَقَرَ
Ас вагор ву иза сакъаран /жоьжахати/ чохь
74:26 -
وَمَا أَدْرَاكَ مَا سَقَرُ
Хьан хаийтина хьуна‚ хӀун ю и сакъар?
74:27 -
لَا تُبْقِي وَلَا تَذَرُ
Буха а ца вуьту цо‚ дӀа а ца тосу,
74:28 -
لَوَّاحَةٌ لِلْبَشَرِ
Гучуйолу и адамна /геннара цуьнан юьхь Ӏаржаеш/
74:29 -
عَلَيْهَا تِسْعَةَ عَشَرَ
Цунна тӀехӀоьттина ткъеяссина /малик/ ду
74:30 -
وَمَا جَعَلْنَا أَصْحَابَ النَّارِ إِلَّا مَلَائِكَةً ۙ وَمَا جَعَلْنَا عِدَّتَهُمْ إِلَّا فِتْنَةً لِلَّذِينَ كَفَرُوا لِيَسْتَيْقِنَ الَّذِينَ أُوتُوا الْكِتَابَ وَيَزْدَادَ الَّذِينَ آمَنُوا إِيمَانًا ۙ وَلَا يَرْتَابَ الَّذِينَ أُوتُوا الْكِتَابَ وَالْمُؤْمِنُونَ ۙ وَلِيَقُولَ الَّذِينَ فِي قُلُوبِهِمْ مَرَضٌ وَالْكَافِرُونَ مَاذَا أَرَادَ اللَّهُ بِهَٰذَا مَثَلًا ۚ كَذَٰلِكَ يُضِلُّ اللَّهُ مَنْ يَشَاءُ وَيَهْدِي مَنْ يَشَاءُ ۚ وَمَا يَعْلَمُ جُنُودَ رَبِّكَ إِلَّا هُوَ ۚ وَمَا هِيَ إِلَّا ذِكْرَىٰ لِلْبَشَرِ
Жоьжахатина тӀехӀоьттина берш Оха маликаш бен ца хилийтина. Церан дагардар ца хилийтина Оха деккъа цатешачарна питнина бен а‚ жайнан охӀлана и бакъ дуйла хаийтархьама а‚ /Делах/ тешаш берш ийманца совбахархьама а‚ шеко ца яйтархьама жайнан охӀлане а‚ муъмин нахе а; шайн дегнашкахь цамгар йолчаьрга а‚ цатешачаьрга а алийтархьама: 'ХӀун лиъна-техьа Далла хӀокхунца‚ масал а далийна?' Иштта тилавала вуьту Дала Шена луург‚ нисво Шена луург. Хьо Кхиош-кхобучун эскар хуур дац Цунна Шена бен. Иза беккъа хьехам бу-кх адамашна
74:31
Гочдар: Магомед Магомедов