Сурат 74 Аль-муддассир (Бедарх дIахьерчинарг), аят 31
-
وَمَا جَعَلْنَا أَصْحَابَ النَّارِ إِلَّا مَلَائِكَةً ۙ وَمَا جَعَلْنَا عِدَّتَهُمْ إِلَّا فِتْنَةً لِلَّذِينَ كَفَرُوا لِيَسْتَيْقِنَ الَّذِينَ أُوتُوا الْكِتَابَ وَيَزْدَادَ الَّذِينَ آمَنُوا إِيمَانًا ۙ وَلَا يَرْتَابَ الَّذِينَ أُوتُوا الْكِتَابَ وَالْمُؤْمِنُونَ ۙ وَلِيَقُولَ الَّذِينَ فِي قُلُوبِهِمْ مَرَضٌ وَالْكَافِرُونَ مَاذَا أَرَادَ اللَّهُ بِهَٰذَا مَثَلًا ۚ كَذَٰلِكَ يُضِلُّ اللَّهُ مَنْ يَشَاءُ وَيَهْدِي مَنْ يَشَاءُ ۚ وَمَا يَعْلَمُ جُنُودَ رَبِّكَ إِلَّا هُوَ ۚ وَمَا هِيَ إِلَّا ذِكْرَىٰ لِلْبَشَرِ
Жоьжахатина тIехIоьттина берш Оха маликаш бен ца хилийтина. Церан дагардар ца хилийтина Оха деккъа цатешачарна питнина бен а‚ жайнан охIлана и бакъ дуйла хаийтархьама а‚ /Делах/ тешаш берш ийманца совбахархьама а‚ шеко ца яйтархьама жайнан охIлане а‚ муъмин нахе а; шайн дегнашкахь цамгар йолчаьрга а‚ цатешачаьрга а алийтархьама: 'ХIун лиъна-техьа Далла хIокхунца‚ масал а далийна?' Иштта тилавала вуьту Дала Шена луург‚ нисво Шена луург. Хьо Кхиош-кхобучун эскар хуур дац Цунна Шена бен. Иза беккъа хьехам бу-кх адамашна
74:31
Гочдар: Магомед Магомедов