Сурат 74 Аль-муддассир (Бедарх дӀахьерчинарг), аят 30 – 31
-
عَلَيْهَا تِسْعَةَ عَشَرَ
Цунна тӀехӀоьттина ткъеяссина /малик/ ду
74:30 -
وَمَا جَعَلْنَا أَصْحَابَ النَّارِ إِلَّا مَلَائِكَةً ۙ وَمَا جَعَلْنَا عِدَّتَهُمْ إِلَّا فِتْنَةً لِلَّذِينَ كَفَرُوا لِيَسْتَيْقِنَ الَّذِينَ أُوتُوا الْكِتَابَ وَيَزْدَادَ الَّذِينَ آمَنُوا إِيمَانًا ۙ وَلَا يَرْتَابَ الَّذِينَ أُوتُوا الْكِتَابَ وَالْمُؤْمِنُونَ ۙ وَلِيَقُولَ الَّذِينَ فِي قُلُوبِهِمْ مَرَضٌ وَالْكَافِرُونَ مَاذَا أَرَادَ اللَّهُ بِهَٰذَا مَثَلًا ۚ كَذَٰلِكَ يُضِلُّ اللَّهُ مَنْ يَشَاءُ وَيَهْدِي مَنْ يَشَاءُ ۚ وَمَا يَعْلَمُ جُنُودَ رَبِّكَ إِلَّا هُوَ ۚ وَمَا هِيَ إِلَّا ذِكْرَىٰ لِلْبَشَرِ
Жоьжахатина тӀехӀоьттина берш Оха маликаш бен ца хилийтина. Церан дагардар ца хилийтина Оха деккъа цатешачарна питнина бен а‚ жайнан охӀлана и бакъ дуйла хаийтархьама а‚ /Делах/ тешаш берш ийманца совбахархьама а‚ шеко ца яйтархьама жайнан охӀлане а‚ муъмин нахе а; шайн дегнашкахь цамгар йолчаьрга а‚ цатешачаьрга а алийтархьама: 'ХӀун лиъна-техьа Далла хӀокхунца‚ масал а далийна?' Иштта тилавала вуьту Дала Шена луург‚ нисво Шена луург. Хьо Кхиош-кхобучун эскар хуур дац Цунна Шена бен. Иза беккъа хьехам бу-кх адамашна
74:31
Гочдар: Магомед Магомедов