Сурат 75 Аль-къийама (Къемат де)

  1. وَتَذَرُونَ الْآخِرَةَ

    Аш /дтесна/ дуьтуш ма ду тIаьхьарниг (эхарт)

    75:21
  2. وُجُوهٌ يَوْمَئِذٍ نَاضِرَةٌ

    Цхьа яххьаш хир ю оцу дийнахь екхаелла‚

    75:22
  3. إِلَىٰ رَبِّهَا نَاظِرَةٌ

    Шаьш Кхиош-кхобучуьнга хьоьжуш

    75:23
  4. وَوُجُوهٌ يَوْمَئِذٍ بَاسِرَةٌ

    Цхьа /кхин/ яххьаш хир ю оцу дийнахь мархаелла

    75:24
  5. تَظُنُّ أَنْ يُفْعَلَ بِهَا فَاقِرَةٌ

    Шайна тIехь боккха ницкъ бина хьуна хеталуш

    75:25
  6. كَلَّا إِذَا بَلَغَتِ التَّرَاقِيَ

    ХIан-хIа! /Са озина доккхуш/ и логе кхаьчча, /цо сауьйзуш/,

    75:26
  7. وَقِيلَ مَنْ ۜ رَاقٍ

    Эр ду /цуьнан гергарчара/: 'Хьан тавийр вара /хра/?'

    75:27
  8. وَظَنَّ أَنَّهُ الْفِرَاقُ

    Хуур ду /адамна/ хIара /дуьненах/ дIакъастар дуйла

    75:28
  9. وَالْتَفَّتِ السَّاقُ بِالسَّاقِ

    /Сауьйзуш ветталуш/ ност ностарх кхетар ю

    75:29
  10. إِلَىٰ رَبِّكَ يَوْمَئِذٍ الْمَسَاقُ

    Хьуо Кхиош-кхобучуьнга хир ду оцу дийнахь /нах/ дIалахкар /шаьш йинчу Iамалах бекхам эцан/

    75:30
  11. فَلَا صَدَّقَ وَلَا صَلَّىٰ

    Бакъ ца дора / керста адамо хIара дин/‚ ламаз а ца дора

    75:31
  12. وَلَٰكِنْ كَذَّبَ وَتَوَلَّىٰ

    Амма харцдора /Къуръан/‚ юхавелира /ийманах/

    75:32
  13. ثُمَّ ذَهَبَ إِلَىٰ أَهْلِهِ يَتَمَطَّىٰ

    ТIаккха шен доьзална тIе воьдура кураволуш

    75:33
  14. أَوْلَىٰ لَكَ فَأَوْلَىٰ

    Ма бāла бу хьуна‚ ма бāла бу!

    75:34
  15. ثُمَّ أَوْلَىٰ لَكَ فَأَوْلَىٰ

    ТIаккха ма бāла бу хьуна‚ ма бāла бу!

    75:35
  16. أَيَحْسَبُ الْإِنْسَانُ أَنْ يُتْرَكَ سُدًى

    Моьттуш ду-те адамна ша эрна дуьтур ду /дендина барт ца хоттуш /?

    75:36
  17. أَلَمْ يَكُ نُطْفَةً مِنْ مَنِيٍّ يُمْنَىٰ

    Иза (адам) дацара ткъа /хилла/ тIадамах (зудчунна чу кхоьссинчу стеган хих)?

    75:37
  18. ثُمَّ كَانَ عَلَقَةً فَخَلَقَ فَسَوَّىٰ

    ТIаккха дукъаделла ц хилира цунах. ТIаккха Цо кхоьллира /цунах адам/‚ нисвира иза /шен меженашца/

    75:38
  19. فَجَعَلَ مِنْهُ الزَّوْجَيْنِ الذَّكَرَ وَالْأُنْثَىٰ

    ТIаккха цунах Цо хилийтира шиъ: боьрша стаг а‚ зуда а

    75:39
  20. أَلَيْسَ ذَٰلِكَ بِقَادِرٍ عَلَىٰ أَنْ يُحْيِيَ الْمَوْتَىٰ

    Ткъа И /Дела, Ша цу кепара тамаше хманаш кхоьллинарг/ ницкъ кхочуш вац белларш денбан? /Ву, делора!/

    75:40

Гочдар: Магомед Магомедов