Сурат 77 Аль-мурсалат (ТIеттIа дохуьйту мехаш)

  1. فَجَعَلْنَاهُ فِي قَرَارٍ مَكِينٍ

    Тккха Оха дIа ма нисдира иза чIогIачу меттигехь

    77:21
  2. إِلَىٰ قَدَرٍ مَعْلُومٍ

    Цхьа билгала хан тIекхаччалц

    77:22
  3. فَقَدَرْنَا فَنِعْمَ الْقَادِرُونَ

    Оха дIанисдира‚ дика дIанисдийраш а ду /Тхо/

    77:23
  4. وَيْلٌ يَوْمَئِذٍ لِلْمُكَذِّبِينَ

    Боккха бāла бу оцу дийнахь /дин/ харцдечарна

    77:24
  5. أَلَمْ نَجْعَلِ الْأَرْضَ كِفَاتًا

    Оха ца хилийтира латта /шуна/ дIатардала меттиг хила,

    77:25
  6. أَحْيَاءً وَأَمْوَاتًا

    Дийна болчарна а‚ беллачарна а?

    77:26
  7. وَجَعَلْنَا فِيهَا رَوَاسِيَ شَامِخَاتٍ وَأَسْقَيْنَاكُمْ مَاءً فُرَاتًا

    Оха хилийтира цунна (латтана) тIехь лекха лаьмнаш‚ шуна малора теза хи (хаза чам болу, дегна томе долу хи)

    77:27
  8. وَيْلٌ يَوْمَئِذٍ لِلْمُكَذِّبِينَ

    Боккха бāла бу оцу дийнахь /дин/ харцдечарна

    77:28
  9. انْطَلِقُوا إِلَىٰ مَا كُنْتُمْ بِهِ تُكَذِّبُونَ

    /Эр ду маликаша/: 'ДIагIо /хIинца/ шаьш ша харцдеш хиллачунна (жоьжахатин Iазапна) тIе!

    77:29
  10. انْطَلِقُوا إِلَىٰ ظِلٍّ ذِي ثَلَاثِ شُعَبٍ

    ДIагIо шен кхо дāкъа долчу IиндагIе!'

    77:30
  11. لَا ظَلِيلٍ وَلَا يُغْنِي مِنَ اللَّهَبِ

    IиндагIа а хир дац /цунах/‚ цIерах а ларор дац цо

    77:31
  12. إِنَّهَا تَرْمِي بِشَرَرٍ كَالْقَصْرِ

    Баккъалла а, цо суйнаш кхуьссур ду, гIаланаш санна (даккхий)‚

    77:32
  13. كَأَنَّهُ جِمَالَتٌ صُفْرٌ

    Шаьш можа эмкалш санна

    77:33
  14. وَيْلٌ يَوْمَئِذٍ لِلْمُكَذِّبِينَ

    Боккха бāла бу оцу дийнахь /дин/ харцдечарна!

    77:34
  15. هَٰذَا يَوْمُ لَا يَنْطِقُونَ

    Иза де ду уьш бист хир бац

    77:35
  16. وَلَا يُؤْذَنُ لَهُمْ فَيَعْتَذِرُونَ

    Царна пурба лур дац тIаккха цара бехказлонаш ян

    77:36
  17. وَيْلٌ يَوْمَئِذٍ لِلْمُكَذِّبِينَ

    Боккха бāла бу оцу дийнахь /дин/ харцдечарна!

    77:37
  18. هَٰذَا يَوْمُ الْفَصْلِ ۖ جَمَعْنَاكُمْ وَالْأَوَّلِينَ

    Иза къастаман де ду. Оха гулдийр ду шу а‚ хьалхарнаш а

    77:38
  19. فَإِنْ كَانَ لَكُمْ كَيْدٌ فَكِيدُونِ

    Шайна цхьа мекарло хиллехь‚ йе Суна /шайн/ мекарло!

    77:39
  20. وَيْلٌ يَوْمَئِذٍ لِلْمُكَذِّبِينَ

    Боккха бāла бу оцу дийнахь /дин/ харцдечарна!

    77:40

Гочдар: Магомед Магомедов