Сурат 77 Аль-мурсалат (ТIеттIа дохуьйту мехаш)
-
إِنَّ الْمُتَّقِينَ فِي ظِلَالٍ وَعُيُونٍ
Баккъалла а, /Делах/ кхоьруш берш уьш хир бу IиндагIехь а‚ шовданашкахь а‚
77:41 -
وَفَوَاكِهَ مِمَّا يَشْتَهُونَ
Шайна безначу стоьмашкахь а
77:42 -
كُلُوا وَاشْرَبُوا هَنِيئًا بِمَا كُنْتُمْ تَعْمَلُونَ
ГIоза даа‚ гIоза мала шаьш Iамал йина ма хилла!
77:43 -
إِنَّا كَذَٰلِكَ نَجْزِي الْمُحْسِنِينَ
Оха иштта бекхам бо дикачарна!
77:44 -
وَيْلٌ يَوْمَئِذٍ لِلْمُكَذِّبِينَ
Боккха бāла бу оцу дийнахь /дин/ харцдечарна!
77:45 -
كُلُوا وَتَمَتَّعُوا قَلِيلًا إِنَّكُمْ مُجْرِمُونَ
Даа‚ кIеззиг пайда эца /дуьненахь/: баккъалла а, шу къинош динарш ду-кх!
77:46 -
وَيْلٌ يَوْمَئِذٍ لِلْمُكَذِّبِينَ
Боккха бāла бу оцу дийнахь /дин/ харцдечарна!
77:47 -
وَإِذَا قِيلَ لَهُمُ ارْكَعُوا لَا يَرْكَعُونَ
Цаьрга элча: 'Гора гIо /ламаз де/!' уьш гора ца гIора
77:48 -
وَيْلٌ يَوْمَئِذٍ لِلْمُكَذِّبِينَ
Боккха бāла бу оцу дийнахь /дин/ харцдечарна!
77:49 -
فَبِأَيِّ حَدِيثٍ بَعْدَهُ يُؤْمِنُونَ
Муьлхачу дийцарах цул тIаьхьа уьш тешар бу?
77:50
Гочдар: Магомед Магомедов