Мусхаф., агӏо 174
-
وَلَقَدْ ذَرَأْنَا لِجَهَنَّمَ كَثِيرًا مِنَ الْجِنِّ وَالْإِنْسِ ۖ لَهُمْ قُلُوبٌ لَا يَفْقَهُونَ بِهَا وَلَهُمْ أَعْيُنٌ لَا يُبْصِرُونَ بِهَا وَلَهُمْ آذَانٌ لَا يَسْمَعُونَ بِهَا ۚ أُولَٰئِكَ كَالْأَنْعَامِ بَلْ هُمْ أَضَلُّ ۚ أُولَٰئِكَ هُمُ الْغَافِلُونَ
Оха кхиина жоьжахатина дуккха джинаш а‚ адамаш а. Церан дегнаш ду – цаьрца ца кхета уьш‚ бIаьргаш бу – цаьрца ца го царна‚ лергаш ду – цаьрца ца хеза царна‚ уьш бежанех тера бу. ХIаъ! Царал а тилабелла бу! Уьш бу-кх гIовпал хилларш
7:179 -
وَلِلَّهِ الْأَسْمَاءُ الْحُسْنَىٰ فَادْعُوهُ بِهَا ۖ وَذَرُوا الَّذِينَ يُلْحِدُونَ فِي أَسْمَائِهِ ۚ سَيُجْزَوْنَ مَا كَانُوا يَعْمَلُونَ
Делан ю хаза цIерш – кхайкха аш Цуьнга цаьрца. Бита Цуьнан цIерш харцъеш берш. ТIаьхьа шаьш динчуьнца бекхам хир бу царна
7:180 -
وَمِمَّنْ خَلَقْنَا أُمَّةٌ يَهْدُونَ بِالْحَقِّ وَبِهِ يَعْدِلُونَ
Оха кхоьллинчарах ду уммат‚ ша бакъдолчунна тIе /нах/ нисбеш долу‚ ша цуьнца нийсо еш долу (цIена бусалба уммат ду иза)
7:181 -
وَالَّذِينَ كَذَّبُوا بِآيَاتِنَا سَنَسْتَدْرِجُهُمْ مِنْ حَيْثُ لَا يَعْلَمُونَ
Тхан аяташ харцдинарш – тIаьхьа жим-жимма таIош, охьатаIор бу Оха уьш, шайна а ца хууш
7:182 -
وَأُمْلِي لَهُمْ ۚ إِنَّ كَيْدِي مَتِينٌ
ТIаьхьатотту Ас уьш – Сан /керстанийн мекарлонна дуьхьал/ мекарло чIогIа ю
7:183 -
أَوَلَمْ يَتَفَكَّرُوا ۗ مَا بِصَاحِبِهِمْ مِنْ جِنَّةٍ ۚ إِنْ هُوَ إِلَّا نَذِيرٌ مُبِينٌ
Ойла ца йо-техьа цара? Жинех ма вац церан накъост (Мухьаммад пайхамар; цатешачара олуш хилла жинех ву иза). Иза билггала кхерамча ма ву
7:184 -
أَوَلَمْ يَنْظُرُوا فِي مَلَكُوتِ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَمَا خَلَقَ اللَّهُ مِنْ شَيْءٍ وَأَنْ عَسَىٰ أَنْ يَكُونَ قَدِ اقْتَرَبَ أَجَلُهُمْ ۖ فَبِأَيِّ حَدِيثٍ بَعْدَهُ يُؤْمِنُونَ
Уьш ца хьовсу стигланийн а‚ лаьттан а паччахьлле‚ Дала кхоьллинчу хIуманашка‚ шайн ажал (Iожалла) гергакхаьчна хила магаре? Цул (Къуръанал) тIаьхьа муьлхачу /боссийначу/ хьехамах уьш тешар бу?
7:185 -
مَنْ يُضْلِلِ اللَّهُ فَلَا هَادِيَ لَهُ ۚ وَيَذَرُهُمْ فِي طُغْيَانِهِمْ يَعْمَهُونَ
Дала тилавала вуьтуш волчунна – и нисван цхьа а вац. Цо буьту уьш шайн тилар чохь дIай-схьай уьйдуш
7:186 -
يَسْأَلُونَكَ عَنِ السَّاعَةِ أَيَّانَ مُرْسَاهَا ۖ قُلْ إِنَّمَا عِلْمُهَا عِنْدَ رَبِّي ۖ لَا يُجَلِّيهَا لِوَقْتِهَا إِلَّا هُوَ ۚ ثَقُلَتْ فِي السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۚ لَا تَأْتِيكُمْ إِلَّا بَغْتَةً ۗ يَسْأَلُونَكَ كَأَنَّكَ حَفِيٌّ عَنْهَا ۖ قُلْ إِنَّمَا عِلْمُهَا عِنْدَ اللَّهِ وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَ النَّاسِ لَا يَعْلَمُونَ
Хьоьга хоьтту цара /хIай Мухьаммад/ сахьтах (къематдийнах) лаьцна – цуьнан хIоттар маца хир ду, бохуш. Ахь āла: 'Цуьнан Iилма сан Кхиош-кхобучуьнгахь ду. Шен хеннахь и билгалдоккхур ду веккъа Цо‚ дазделла и стигланашкахь а‚ лаьттахь а. ЦIеххьана бен догIур дац иза шуна'. Хьоьга хоьтту цара – хьо иза дика хууш верг волуш санна. Ахь āла: 'Цуьнан Iилма Делехь ду'. Делахь а‚ нахах дукхахболчарна /и/ ца хаьа-кх
7:187
Гочдар: Магомед Магомедов