Сурат 89 Аль-фаджр (Сатасар)

  1. كَلَّا إِذَا دُكَّتِ الْأَرْضُ دَكًّا دَكًّا

    Латта нисдийча‚ нисдеш‚ нисдеш /цунах дсаяьржина чан хуьлуш/

    89:21
  2. وَجَاءَ رَبُّكَ وَالْمَلَكُ صَفًّا صَفًّا

    ВогIур ву хьо Кхиош-кхобург а‚ малик а могIица могIица

    89:22
  3. وَجِيءَ يَوْمَئِذٍ بِجَهَنَّمَ ۚ يَوْمَئِذٍ يَتَذَكَّرُ الْإِنْسَانُ وَأَنَّىٰ لَهُ الذِّكْرَىٰ

    Оцу /къемат/дийнахь ялор ю (гучуйоккхур ю) жоьжахати. Оцу дийнахь дагадогIур ду адамна. Стенна ду цунна /хIинца/ и дагадар?!

    89:23
  4. يَقُولُ يَا لَيْتَنِي قَدَّمْتُ لِحَيَاتِي

    Цо эр ду: 'Хьалхадаьккхина хиллехьара ас /диканиг/ сайн /хирг долчу/ дахарна'

    89:24
  5. فَيَوْمَئِذٍ لَا يُعَذِّبُ عَذَابَهُ أَحَدٌ

    Оцу дийнахь Цуьнан (Делан) Iазап дийр дац цхьаммо а‚

    89:25
  6. وَلَا يُوثِقُ وَثَاقَهُ أَحَدٌ

    Цхьаммо а буьхкур бац Цуьнан шад

    89:26
  7. يَا أَيَّتُهَا النَّفْسُ الْمُطْمَئِنَّةُ

    /Делах кхоьруш хиллачаьрга эр ду/: 'ХIай синтем хилла долу са!

    89:27
  8. ارْجِعِي إِلَىٰ رَبِّكِ رَاضِيَةً مَرْضِيَّةً

    ДIадерза хьуо Кхиош-кхобучуьнга хьо реза долуш‚ хьайна /Дела а‚ маликаш а/ реза долуш‚

    89:28
  9. فَادْخُلِي فِي عِبَادِي

    ДIакхиа Сан /дикачу/ лешка‚

    89:29
  10. وَادْخُلِي جَنَّتِي

    Чу гIо Сан ялсамани'

    89:30

Гочдар: Магомед Магомедов