Мусхаф., агӏо 10
-
إِنَّ الَّذِينَ آمَنُوا وَالَّذِينَ هَادُوا وَالنَّصَارَىٰ وَالصَّابِئِينَ مَنْ آمَنَ بِاللَّهِ وَالْيَوْمِ الْآخِرِ وَعَمِلَ صَالِحًا فَلَهُمْ أَجْرُهُمْ عِنْدَ رَبِّهِمْ وَلَا خَوْفٌ عَلَيْهِمْ وَلَا هُمْ يَحْزَنُونَ
Баккъалла а, /Мухьаммадна тIаьхьахттина/ ийман диллинарш а‚ /Мусана тIаьахьахттина хилла /жуьгтий а, /Iийсана таьахьахттина хилла/ насараш а‚ сабиаш а – /царах/ Делах а, тьххьарчу дийнах а тешаш берш а, дика мал йинарш а – царна шайн ял хир ю шайн Кхиош-кхобучун гергахь, кхерам а хир ма бац царна /эхартан таарх/, уьш сингаттаме а хир ма бац /мела цахиларх кхоьруш/
2:62 -
وَإِذْ أَخَذْنَا مِيثَاقَكُمْ وَرَفَعْنَا فَوْقَكُمُ الطُّورَ خُذُوا مَا آتَيْنَاكُمْ بِقُوَّةٍ وَاذْكُرُوا مَا فِيهِ لَعَلَّكُمْ تَتَّقُونَ
Дагадайта! Оха шуьга чIагIо яйтира, шуна тIехула лам хттийна. Чг схьалаца Оха шайна делларг‚ цу чохь дерг а дагадайта шу хир дацара-те /дуьненахь хллакхиларх а, эхартахь заб хиларх а/ кхоьруш
2:63 -
ثُمَّ تَوَلَّيْتُمْ مِنْ بَعْدِ ذَٰلِكَ ۖ فَلَوْلَا فَضْلُ اللَّهِ عَلَيْكُمْ وَرَحْمَتُهُ لَكُنْتُمْ مِنَ الْخَاسِرِينَ
ТIаккха‚ цул тIаьхьа‚ шу юхадевлира /Тавратаца Iамал ярах/. Делан дозалла а‚ Цуьнан къинхетам а шуна ца хиллехьара – шу хилла хир дара эшначарех (шу хIаллакхир дара)
2:64 -
وَلَقَدْ عَلِمْتُمُ الَّذِينَ اعْتَدَوْا مِنْكُمْ فِي السَّبْتِ فَقُلْنَا لَهُمْ كُونُوا قِرَدَةً خَاسِئِينَ
Шуна бевзира шайх шотдийнан бакъо талхийнарш. Оха цаьрга элира: 'Хила шух сийсаздина маймалаш!'
2:65 -
فَجَعَلْنَاهَا نَكَالًا لِمَا بَيْنَ يَدَيْهَا وَمَا خَلْفَهَا وَمَوْعِظَةً لِلْمُتَّقِينَ
Оха иза хилийтира цу заманна а‚ тIаьхьа йогIур йолчу заманна а масална а‚ /Делах/ кхоьру-чарна кхетамна а
2:66 -
وَإِذْ قَالَ مُوسَىٰ لِقَوْمِهِ إِنَّ اللَّهَ يَأْمُرُكُمْ أَنْ تَذْبَحُوا بَقَرَةً ۖ قَالُوا أَتَتَّخِذُنَا هُزُوًا ۖ قَالَ أَعُوذُ بِاللَّهِ أَنْ أَكُونَ مِنَ الْجَاهِلِينَ
Дагадаийта! Мусас аьллера шен къоме: 'Баккъалла а, Дала омра до шуьга аттана урс хьакха‚ аьлла'. Цара элира: 'Ахь хьийзор дара тхо?' Цо (Мусас) элира: 'Дала ларвойла со жехIал нахах хиларх'
2:67 -
قَالُوا ادْعُ لَنَا رَبَّكَ يُبَيِّنْ لَنَا مَا هِيَ ۚ قَالَ إِنَّهُ يَقُولُ إِنَّهَا بَقَرَةٌ لَا فَارِضٌ وَلَا بِكْرٌ عَوَانٌ بَيْنَ ذَٰلِكَ ۖ فَافْعَلُوا مَا تُؤْمَرُونَ
Цара элира: 'Деха хьайн Кхиош-кхобучуьнга‚ билгалбе тхуна и хIун етт бу‚ āлий'. Цо элира: 'Цо (Дала) боху: 'И етт бу‚ къена а боцуш‚ жима а боцуш‚ юккъера. Шайга бохург кхочушде'
2:68 -
قَالُوا ادْعُ لَنَا رَبَّكَ يُبَيِّنْ لَنَا مَا لَوْنُهَا ۚ قَالَ إِنَّهُ يَقُولُ إِنَّهَا بَقَرَةٌ صَفْرَاءُ فَاقِعٌ لَوْنُهَا تَسُرُّ النَّاظِرِينَ
Цара элира: 'Деха хьайн Кхиош-кхобучуьнга‚ билгалде тхуна‚ бос хIун бу цуьнан‚ āлий'. Цо элира: 'Цо боху: 'И етт бу‚ сирла-можачу басахь‚ шега хьоьжурш чIогIа цецбохуш'
2:69
Гочдар: Магомед Магомедов