Мусхаф., агӏо 11
-
قَالُوا ادْعُ لَنَا رَبَّكَ يُبَيِّنْ لَنَا مَا هِيَ إِنَّ الْبَقَرَ تَشَابَهَ عَلَيْنَا وَإِنَّا إِنْ شَاءَ اللَّهُ لَمُهْتَدُونَ
Цара элира: 'Деха хьайн Кхиош-кхобучуьнга‚ билгалде тхуна‚ и муха бу‚ āлий. Бежнаш дерриге а вовшех тера ду тхуна. Тхо‚ Далла лаахь‚ дIанислур долуш ду'
2:70 -
قَالَ إِنَّهُ يَقُولُ إِنَّهَا بَقَرَةٌ لَا ذَلُولٌ تُثِيرُ الْأَرْضَ وَلَا تَسْقِي الْحَرْثَ مُسَلَّمَةٌ لَا شِيَةَ فِيهَا ۚ قَالُوا الْآنَ جِئْتَ بِالْحَقِّ ۚ فَذَبَحُوهَا وَمَا كَادُوا يَفْعَلُونَ
Цо элира: 'Цо (Дала) боху: 'И етт бу охана дан я ялтанан аренна хи дилла Iамийна а боцуш, айпех цIена а болуш. ЧIама боцуш а бу иза'. Цара элира: 'ХIинца деана ахь бакъдерг'. ТIаккха цара цунна урс хьаькхира‚ шаьш герга хиллехь а /и/ ца дан
2:71 -
وَإِذْ قَتَلْتُمْ نَفْسًا فَادَّارَأْتُمْ فِيهَا ۖ وَاللَّهُ مُخْرِجٌ مَا كُنْتُمْ تَكْتُمُونَ
Дагадаийта /хй Исраилан кнтий/: 'Аш са (адам) ма дийра. Цу тIехь вовшашца девне девлира шу'. Дела ма ву гучудоккхург аш дIахьулдеш дерг
2:72 -
فَقُلْنَا اضْرِبُوهُ بِبَعْضِهَا ۚ كَذَٰلِكَ يُحْيِي اللَّهُ الْمَوْتَىٰ وَيُرِيكُمْ آيَاتِهِ لَعَلَّكُمْ تَعْقِلُونَ
ТIаккха Оха элира: 'Цу докъах тоха /аьттан/ цхьа меже'. Иштта денво Дала велларг‚ гойту шуна Шен Iаламаташ‚ шу хилийтархьама кхеташ
2:73 -
ثُمَّ قَسَتْ قُلُوبُكُمْ مِنْ بَعْدِ ذَٰلِكَ فَهِيَ كَالْحِجَارَةِ أَوْ أَشَدُّ قَسْوَةً ۚ وَإِنَّ مِنَ الْحِجَارَةِ لَمَا يَتَفَجَّرُ مِنْهُ الْأَنْهَارُ ۚ وَإِنَّ مِنْهَا لَمَا يَشَّقَّقُ فَيَخْرُجُ مِنْهُ الْمَاءُ ۚ وَإِنَّ مِنْهَا لَمَا يَهْبِطُ مِنْ خَشْيَةِ اللَّهِ ۗ وَمَا اللَّهُ بِغَافِلٍ عَمَّا تَعْمَلُونَ
ТIаккха цул тIаьхьа шун дегнаш къиза хилира‚ тIулг санна я цул а чIогIа шайн къизаллица. Баккъалла а, тIулгаш юккъера схьадуьйлу шовданаш. Царех (тлгех) ду, шаьш лелха а лелхаш, шайх хи долурш а. Баккъалла а, царех ду Делах кхерарца оьгуш дерш. Дела ма вац тергал ца деш аш дийриг
2:74 -
أَفَتَطْمَعُونَ أَنْ يُؤْمِنُوا لَكُمْ وَقَدْ كَانَ فَرِيقٌ مِنْهُمْ يَسْمَعُونَ كَلَامَ اللَّهِ ثُمَّ يُحَرِّفُونَهُ مِنْ بَعْدِ مَا عَقَلُوهُ وَهُمْ يَعْلَمُونَ
Шу дог дохуш ду /хIай бусалбанаш/ уьш (жуьгтий) шайх тешаш хиларе? Хилла царах цхьаберш Делан дош хезаш‚ тIаккха‚ шаьш цунах кхеттачул тIаьхьа‚ и харцхьадоккхуш‚ шайна хуъушехь
2:75 -
وَإِذَا لَقُوا الَّذِينَ آمَنُوا قَالُوا آمَنَّا وَإِذَا خَلَا بَعْضُهُمْ إِلَىٰ بَعْضٍ قَالُوا أَتُحَدِّثُونَهُمْ بِمَا فَتَحَ اللَّهُ عَلَيْكُمْ لِيُحَاجُّوكُمْ بِهِ عِنْدَ رَبِّكُمْ ۚ أَفَلَا تَعْقِلُونَ
Шаьш ийман диллинчарна дуьхьалкхетча‚ цара олу: 'Ийман диллина ду тхо'‚– ткъа шаьш вовшашца бисча, олу: 'Аш цаьрга дуьйцур ду ткъа шайна Дала хаийтинарг цаьрга /бусулбанашка/ шайца шайн Далла гергахь долчуьнца къийсийта. Шу хIунда ца хуьлу хьекъале?'
2:76
Гочдар: Магомед Магомедов