Мусхаф., агӏо 9
-
وَإِذْ قُلْنَا ادْخُلُوا هَٰذِهِ الْقَرْيَةَ فَكُلُوا مِنْهَا حَيْثُ شِئْتُمْ رَغَدًا وَادْخُلُوا الْبَابَ سُجَّدًا وَقُولُوا حِطَّةٌ نَغْفِرْ لَكُمْ خَطَايَاكُمْ ۚ وَسَنَزِيدُ الْمُحْسِنِينَ
Дагадаийта! Оха элира: 'ЧугIо цу шахьара‚ даа цу чуьра шайна луьург шортта. Кевнехула чоьхьадовла, сужуд а деш. Аш āла: 'Гечде тхуна!' – Оха гечдийр ду шун гIалаташна‚ тIаккха алсамбохур бу диканиг деш берш
2:58 -
فَبَدَّلَ الَّذِينَ ظَلَمُوا قَوْلًا غَيْرَ الَّذِي قِيلَ لَهُمْ فَأَنْزَلْنَا عَلَى الَّذِينَ ظَلَمُوا رِجْزًا مِنَ السَّمَاءِ بِمَا كَانُوا يَفْسُقُونَ
Зуламхоша хийцира шайга аьлла долу дош аьлла доцчуьнца‚ тIаккха зуламхошна Оха стиглара рижс доссийра‚ уьш песакъ хиларна
2:59 -
وَإِذِ اسْتَسْقَىٰ مُوسَىٰ لِقَوْمِهِ فَقُلْنَا اضْرِبْ بِعَصَاكَ الْحَجَرَ ۖ فَانْفَجَرَتْ مِنْهُ اثْنَتَا عَشْرَةَ عَيْنًا ۖ قَدْ عَلِمَ كُلُّ أُنَاسٍ مَشْرَبَهُمْ ۖ كُلُوا وَاشْرَبُوا مِنْ رِزْقِ اللَّهِ وَلَا تَعْثَوْا فِي الْأَرْضِ مُفْسِدِينَ
Дагадаийта! Мусас ма дийхира /Деле/ шен къомана мала хи / уьш, хьагбелла, “Тихолучу боьрахь болуш/. ТIаккха Оха элира: 'ДIатоха хьайн Iаса тIулгах'. ТIаккха цунах делира шийтта хьоста. Берриге а нахана евзира шайн-шайн хи молу меттиг. Даа а даа‚ мала а мала Делан рицкъанах – ма де лаьтта тIехь вониг, боьханиг даржош
2:60 -
وَإِذْ قُلْتُمْ يَا مُوسَىٰ لَنْ نَصْبِرَ عَلَىٰ طَعَامٍ وَاحِدٍ فَادْعُ لَنَا رَبَّكَ يُخْرِجْ لَنَا مِمَّا تُنْبِتُ الْأَرْضُ مِنْ بَقْلِهَا وَقِثَّائِهَا وَفُومِهَا وَعَدَسِهَا وَبَصَلِهَا ۖ قَالَ أَتَسْتَبْدِلُونَ الَّذِي هُوَ أَدْنَىٰ بِالَّذِي هُوَ خَيْرٌ ۚ اهْبِطُوا مِصْرًا فَإِنَّ لَكُمْ مَا سَأَلْتُمْ ۗ وَضُرِبَتْ عَلَيْهِمُ الذِّلَّةُ وَالْمَسْكَنَةُ وَبَاءُوا بِغَضَبٍ مِنَ اللَّهِ ۗ ذَٰلِكَ بِأَنَّهُمْ كَانُوا يَكْفُرُونَ بِآيَاتِ اللَّهِ وَيَقْتُلُونَ النَّبِيِّينَ بِغَيْرِ الْحَقِّ ۗ ذَٰلِكَ بِمَا عَصَوْا وَكَانُوا يَعْتَدُونَ
Аш аьллера: 'ХIай Муса‚ оха тоам бийр ма бац цхьана тайпана даарх. Хьайн Кхиош-кхобучуьнга деха‚ Цо йолийтуьйла тхуна лаьтта тIехь кхуьуш болчу хасстоьмех‚ ехачу наьрсех‚ саьрмасекхех‚ хьозийн кхоьэх‚ хохех цхьацца хIума. Цо элира: 'Ткъа аш хуьйцу диканиг /цул/ лахарчух? Охьадисса Мисра‚ шуна хир ду аш дехнарг'. Царна тIетуьйхира сий дайар а‚ мискалла а‚ Делера оьгIазло хилира царна. Иза – уьш Делан аятех ца тешаш хиларна а‚ нийса доцуш пайхамарш бойуш хиларна а ду. Иза – цара дуьхьало ярна а‚ уьш дозанах бовлуш хиларна а ду
2:61
Гочдар: Магомед Магомедов