Мусхаф., агӏо 103

  1. فَبِمَا نَقْضِهِمْ مِيثَاقَهُمْ وَكُفْرِهِمْ بِآيَاتِ اللَّهِ وَقَتْلِهِمُ الْأَنْبِيَاءَ بِغَيْرِ حَقٍّ وَقَوْلِهِمْ قُلُوبُنَا غُلْفٌ ۚ بَلْ طَبَعَ اللَّهُ عَلَيْهَا بِكُفْرِهِمْ فَلَا يُؤْمِنُونَ إِلَّا قَلِيلًا

    Цара и шайн барт бохорна‚ уьш Делан аятех цатешарна‚ цара цхьа а бехк боцуш пайхамарш байарна‚ церан 'тхан дегнаш мужулт (хьарчийна) ду', аьлла, дош бахьанехь /Дала неIалт аьлла царна/. Дала мухIар тоьхна церан /дегнашна/ уьш цатешар бахьанехь. Цхьа Iеззиг берш бен /царах/ тешар болуш бац

    4:155
  2. وَبِكُفْرِهِمْ وَقَوْلِهِمْ عَلَىٰ مَرْيَمَ بُهْتَانًا عَظِيمًا

    Уьш цатешар бахьанехь‚ церан Марьямах лаьцна аьлла долу дош – деза-доккха эладита бахьанехь /неIалт аьлла царна/

    4:156
  3. وَقَوْلِهِمْ إِنَّا قَتَلْنَا الْمَسِيحَ عِيسَى ابْنَ مَرْيَمَ رَسُولَ اللَّهِ وَمَا قَتَلُوهُ وَمَا صَلَبُوهُ وَلَٰكِنْ شُبِّهَ لَهُمْ ۚ وَإِنَّ الَّذِينَ اخْتَلَفُوا فِيهِ لَفِي شَكٍّ مِنْهُ ۚ مَا لَهُمْ بِهِ مِنْ عِلْمٍ إِلَّا اتِّبَاعَ الظَّنِّ ۚ وَمَا قَتَلُوهُ يَقِينًا

    Церан: 'Баккъалла а, Оха вийна Масихь – Марьяман кIант Iийса Делан элча', – аьлла, дош бахьанехь а (и дерриге а бахьанехь Iазап дина Оха царна). Вийна вац цара и‚ ирх оьллина а вац цара и. Мухха делахь а, царна /цхьа кхин/ тарвеллера цунах. Баккъалла а, цу чохь хилпало йинарш – цунах шеконехь бу-кх уьш. Цуьнан цхьа а Iилма дац цаьргахь – шайна мотталуш долчунна тIаьхьахIоттар бен. Ца вийна цара и, баккъалла а,

    4:157
  4. بَلْ رَفَعَهُ اللَّهُ إِلَيْهِ ۚ وَكَانَ اللَّهُ عَزِيزًا حَكِيمًا

    Дала Шена герга хьалаваьккхина и. И Дела хилла веза верг а‚ хьукам /нийса/ деш верг а

    4:158
  5. وَإِنْ مِنْ أَهْلِ الْكِتَابِ إِلَّا لَيُؤْمِنَنَّ بِهِ قَبْلَ مَوْتِهِ ۖ وَيَوْمَ الْقِيَامَةِ يَكُونُ عَلَيْهِمْ شَهِيدًا

    Жайнин охIланах цхьа а вац цунах тешар волуш бен и валале‚ къематдийнахь и хир ву царна дуьхьал теш

    4:159
  6. فَبِظُلْمٍ مِنَ الَّذِينَ هَادُوا حَرَّمْنَا عَلَيْهِمْ طَيِّبَاتٍ أُحِلَّتْ لَهُمْ وَبِصَدِّهِمْ عَنْ سَبِيلِ اللَّهِ كَثِيرًا

    Жуьгташкара даьлла зулам бахьанехь хьарам дира Оха царна диканаш‚ хьалха шайна хьанал хилла долу‚ Делан некъах цара дуккханнаш дIатовжор бахьанехь а

    4:160
  7. وَأَخْذِهِمُ الرِّبَا وَقَدْ نُهُوا عَنْهُ وَأَكْلِهِمْ أَمْوَالَ النَّاسِ بِالْبَاطِلِ ۚ وَأَعْتَدْنَا لِلْكَافِرِينَ مِنْهُمْ عَذَابًا أَلِيمًا

    Цара риба эцар бахьанехь, шайна дихкина хилла долу‚ цара харцонца нехан даьхни даар бахьанехь а. Царах керстанашна лазош долу Iазап кечдина Оха

    4:161
  8. لَٰكِنِ الرَّاسِخُونَ فِي الْعِلْمِ مِنْهُمْ وَالْمُؤْمِنُونَ يُؤْمِنُونَ بِمَا أُنْزِلَ إِلَيْكَ وَمَا أُنْزِلَ مِنْ قَبْلِكَ ۚ وَالْمُقِيمِينَ الصَّلَاةَ ۚ وَالْمُؤْتُونَ الزَّكَاةَ وَالْمُؤْمِنُونَ بِاللَّهِ وَالْيَوْمِ الْآخِرِ أُولَٰئِكَ سَنُؤْتِيهِمْ أَجْرًا عَظِيمًا

    Мухха делахь а, царах кIорга Iилма хууш берш а‚ муъминаш а ийман диллина бу хьоьга доьссинчуьнга а (Къуръане)‚ хьоьл хьалха доьссинчуьнга а‚ хIоттош бу ламаз‚ луш бу закат‚ Делах а‚ эхарт дийнах а тешаш бу. Царна тIаьхьа Оха лур ма ю сийлахь – йоккха ял

    4:162

Гочдар: Магомед Магомедов