Мусхаф., агӏо 104
-
إِنَّا أَوْحَيْنَا إِلَيْكَ كَمَا أَوْحَيْنَا إِلَىٰ نُوحٍ وَالنَّبِيِّينَ مِنْ بَعْدِهِ ۚ وَأَوْحَيْنَا إِلَىٰ إِبْرَاهِيمَ وَإِسْمَاعِيلَ وَإِسْحَاقَ وَيَعْقُوبَ وَالْأَسْبَاطِ وَعِيسَىٰ وَأَيُّوبَ وَيُونُسَ وَهَارُونَ وَسُلَيْمَانَ ۚ وَآتَيْنَا دَاوُودَ زَبُورًا
Баккъалла а, Оха вехьий даийтира хьоьга‚ Нухье а‚ цул тIаьхьа пайхамаршка даийтарх терра. Вехьий даийтира Оха ИбрахIиме а‚ ИсмаIиле а‚ Исхьакъе а‚ ЯIкъубе а‚ ЯIкъубан тIаьхьене а‚ Iийсага а‚ Аюбе а‚ Юнусе а‚ ХIаруне а‚ Сулеймане а. Давуде делира Оха Забур
4:163 -
وَرُسُلًا قَدْ قَصَصْنَاهُمْ عَلَيْكَ مِنْ قَبْلُ وَرُسُلًا لَمْ نَقْصُصْهُمْ عَلَيْكَ ۚ وَكَلَّمَ اللَّهُ مُوسَىٰ تَكْلِيمًا
Элчанашка‚ Оха хьайга хьалха бийцина болчу‚ Оха хьайга бийцина боцчу а /элчанашка вехьий даийтира Оха/. Мусага хабар дийцира Дала /схьадиллинчу/ дийцарца
4:164 -
رُسُلًا مُبَشِّرِينَ وَمُنْذِرِينَ لِئَلَّا يَكُونَ لِلنَّاسِ عَلَى اللَّهِ حُجَّةٌ بَعْدَ الرُّسُلِ ۚ وَكَانَ اللَّهُ عَزِيزًا حَكِيمًا
Элчанашка‚ шаьш кхаъ боккхуш хилла болчу а‚ кхерам туьйсуш хилла болчу а /даийтира Оха вехьий/ нахана Далла тIехь делил цахилийтархьама элчанел тIаьхьа. Дела веза верг а‚ хьукам /нийса/ деш верг а хилла
4:165 -
لَٰكِنِ اللَّهُ يَشْهَدُ بِمَا أَنْزَلَ إِلَيْكَ ۖ أَنْزَلَهُ بِعِلْمِهِ ۖ وَالْمَلَائِكَةُ يَشْهَدُونَ ۚ وَكَفَىٰ بِاللَّهِ شَهِيدًا
Мухха делахь а, Дала тешалла до хьоьга доссинчуьнца – Цо доссийна и Шен Iилманца. Маликаша а до тешалла. Кхачо хилла Делаца теш хилар
4:166 -
إِنَّ الَّذِينَ كَفَرُوا وَصَدُّوا عَنْ سَبِيلِ اللَّهِ قَدْ ضَلُّوا ضَلَالًا بَعِيدًا
Баккъалла а, и цатешашнарш‚ Делан новкъара /нах/ юьстахбохуш берш – уьш тилабелла генарчу тиларца
4:167 -
إِنَّ الَّذِينَ كَفَرُوا وَظَلَمُوا لَمْ يَكُنِ اللَّهُ لِيَغْفِرَ لَهُمْ وَلَا لِيَهْدِيَهُمْ طَرِيقًا
Баккъалла а, и цатешнарш‚ зулам динарш – ма вац Дела царна гечдан воллуш‚ уьш нисбан /воллуш нийсачу/ новкъа‚
4:168 -
إِلَّا طَرِيقَ جَهَنَّمَ خَالِدِينَ فِيهَا أَبَدًا ۚ وَكَانَ ذَٰلِكَ عَلَى اللَّهِ يَسِيرًا
Жоьжахатин новкъа бен‚ уьш цу чохь даима лаьтташ. И хилла Далла атта
4:169 -
يَا أَيُّهَا النَّاسُ قَدْ جَاءَكُمُ الرَّسُولُ بِالْحَقِّ مِنْ رَبِّكُمْ فَآمِنُوا خَيْرًا لَكُمْ ۚ وَإِنْ تَكْفُرُوا فَإِنَّ لِلَّهِ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۚ وَكَانَ اللَّهُ عَلِيمًا حَكِيمًا
ХIай нах! Шуьга веана элча бакъонца шун Кхиош-кхобучуьнгара‚ аш ийман дилла – иза дика ду шуна. Аш керстадахь – Делан ма ду стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дерг. Дела хилла хууш верг а‚ хьукам /нийса/ деш верг а
4:170
Гочдар: Магомед Магомедов