Мусхаф., агӏо 108

  1. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا إِذَا قُمْتُمْ إِلَى الصَّلَاةِ فَاغْسِلُوا وُجُوهَكُمْ وَأَيْدِيَكُمْ إِلَى الْمَرَافِقِ وَامْسَحُوا بِرُءُوسِكُمْ وَأَرْجُلَكُمْ إِلَى الْكَعْبَيْنِ ۚ وَإِنْ كُنْتُمْ جُنُبًا فَاطَّهَّرُوا ۚ وَإِنْ كُنْتُمْ مَرْضَىٰ أَوْ عَلَىٰ سَفَرٍ أَوْ جَاءَ أَحَدٌ مِنْكُمْ مِنَ الْغَائِطِ أَوْ لَامَسْتُمُ النِّسَاءَ فَلَمْ تَجِدُوا مَاءً فَتَيَمَّمُوا صَعِيدًا طَيِّبًا فَامْسَحُوا بِوُجُوهِكُمْ وَأَيْدِيكُمْ مِنْهُ ۚ مَا يُرِيدُ اللَّهُ لِيَجْعَلَ عَلَيْكُمْ مِنْ حَرَجٍ وَلَٰكِنْ يُرِيدُ لِيُطَهِّرَكُمْ وَلِيُتِمَّ نِعْمَتَهُ عَلَيْكُمْ لَعَلَّكُمْ تَشْكُرُونَ

    ХIай ийман диллинарш! Шаьш ламазна тхIуьттуш (ламазна кечлуш), шайн яххьаш йила‚ куьйгаш а дила голашка кхаччалц‚ шайн коьртах /хьаж тра ксаркгчу кхаччалц хица тдийна шина куьйган плгаш д-схьа/ хьакха‚ когаш била хьорканашка кхаччалц. Шайна тхь хи делахь – лийча. Нагахь санна шу цомгуш делахь‚ я новкъахь делахь‚ я шух цхьаъ цнонна ваханчуьра веънехь‚ я шу зударех хьакхаделлехь‚ шуна хи ца карадахь – тема де цIенчу латтаца. Аш хьакха цунах (латтах) шайн яххьех а‚ куьйгех а. Шуна хало ян лууш вац Дела‚ мухха делахь а, шу цIандан лууш ву И Шен ниIмат шуна кхочушхилийтархьама‚ шу хилахьара баркалла олуш

    5:6
  2. وَاذْكُرُوا نِعْمَةَ اللَّهِ عَلَيْكُمْ وَمِيثَاقَهُ الَّذِي وَاثَقَكُمْ بِهِ إِذْ قُلْتُمْ سَمِعْنَا وَأَطَعْنَا ۖ وَاتَّقُوا اللَّهَ ۚ إِنَّ اللَّهَ عَلِيمٌ بِذَاتِ الصُّدُورِ

    Аш дагадаийта шайна хилла Делан ниIмат‚ Цуьнан барт Ша шуьца бина хилла болу‚ шаьш āлар /дагадаийта/: 'Ладугш а ду, муьтIахь а ду'‚ аьлла. Шу Делах кхералаш. Баккъалла а, и Дела Ша хууш ма ву дегнашкахь дерг

    5:7
  3. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا كُونُوا قَوَّامِينَ لِلَّهِ شُهَدَاءَ بِالْقِسْطِ ۖ وَلَا يَجْرِمَنَّكُمْ شَنَآنُ قَوْمٍ عَلَىٰ أَلَّا تَعْدِلُوا ۚ اعْدِلُوا هُوَ أَقْرَبُ لِلتَّقْوَىٰ ۖ وَاتَّقُوا اللَّهَ ۚ إِنَّ اللَّهَ خَبِيرٌ بِمَا تَعْمَلُونَ

    ХIай ийман диллинарш! Шу хилалаш хIиттина Далла тешаш хилла нийсонца. Цхьана нахе болчу цабезамо шу диггане а ма дуьгийла нийсо цаярна тIе. Нийсо елаш‚ и герга ю Делах кхерарна‚ шу Делах кхералаш. Баккъалла а, и Дела сов дика хууш ву аш дийриг

    5:8
  4. وَعَدَ اللَّهُ الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ ۙ لَهُمْ مَغْفِرَةٌ وَأَجْرٌ عَظِيمٌ

    Дала ваIда йина ийман диллинчарна а‚ дика Iамалш йиначарна а – царна хир ду гечдар а‚ сийлахь-йоккха ял а

    5:9

Гочдар: Магомед Магомедов