Мусхаф., агӏо 109
-
وَالَّذِينَ كَفَرُوا وَكَذَّبُوا بِآيَاتِنَا أُولَٰئِكَ أَصْحَابُ الْجَحِيمِ
/Дин/ керстадина‚ Тхан аяташ харцдинарш – уьш бу жоьжахатин дай
5:10 -
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا اذْكُرُوا نِعْمَتَ اللَّهِ عَلَيْكُمْ إِذْ هَمَّ قَوْمٌ أَنْ يَبْسُطُوا إِلَيْكُمْ أَيْدِيَهُمْ فَكَفَّ أَيْدِيَهُمْ عَنْكُمْ ۖ وَاتَّقُوا اللَّهَ ۚ وَعَلَى اللَّهِ فَلْيَتَوَكَّلِ الْمُؤْمِنُونَ
ХIай ийман диллинарш! Аш дагадаийта шайна тIехь хилла долу Делан ниIмат. Цхьа къам ма дарий бала кхаьчна шуна тIе куьйгаш кховдо – Цо духатеттира шух церан куьйгаш. Шу Делах кхералаш‚ Далла тIетевжийла муъмин нах
5:11 -
وَلَقَدْ أَخَذَ اللَّهُ مِيثَاقَ بَنِي إِسْرَائِيلَ وَبَعَثْنَا مِنْهُمُ اثْنَيْ عَشَرَ نَقِيبًا ۖ وَقَالَ اللَّهُ إِنِّي مَعَكُمْ ۖ لَئِنْ أَقَمْتُمُ الصَّلَاةَ وَآتَيْتُمُ الزَّكَاةَ وَآمَنْتُمْ بِرُسُلِي وَعَزَّرْتُمُوهُمْ وَأَقْرَضْتُمُ اللَّهَ قَرْضًا حَسَنًا لَأُكَفِّرَنَّ عَنْكُمْ سَيِّئَاتِكُمْ وَلَأُدْخِلَنَّكُمْ جَنَّاتٍ تَجْرِي مِنْ تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ ۚ فَمَنْ كَفَرَ بَعْدَ ذَٰلِكَ مِنْكُمْ فَقَدْ ضَلَّ سَوَاءَ السَّبِيلِ
Дала барт бира Исраилан кIенташца‚ царах шийтта тешаме стаг вахийтира Оха‚ Дала элира: 'Со шуьца ву.” Аш ламаз хIоттадахь‚ закат лахь‚ Сан элчанех тешахь‚ аш цаьргахьа гIо даккхахь, аш Далла /юхалург/ хаза декхар лахь – шун вонаш дойур ма ду Ас‚ бошмашна чу (ялсамане) дохуьйтур ма ду шу‚ шена бухахула хиш оьхуш йолчу. Цул тIаьхьа шух керстаналла динарг – нийса некъ тилийнарг ма ву и
5:12 -
فَبِمَا نَقْضِهِمْ مِيثَاقَهُمْ لَعَنَّاهُمْ وَجَعَلْنَا قُلُوبَهُمْ قَاسِيَةً ۖ يُحَرِّفُونَ الْكَلِمَ عَنْ مَوَاضِعِهِ ۙ وَنَسُوا حَظًّا مِمَّا ذُكِّرُوا بِهِ ۚ وَلَا تَزَالُ تَطَّلِعُ عَلَىٰ خَائِنَةٍ مِنْهُمْ إِلَّا قَلِيلًا مِنْهُمْ ۖ فَاعْفُ عَنْهُمْ وَاصْفَحْ ۚ إِنَّ اللَّهَ يُحِبُّ الْمُحْسِنِينَ
Цара и шайн ваIда (барт) йохорна неIалт аьлла Оха царна‚ церан дегнаш дина къиза‚ дош хуьйцуш бу уьш шен меттигера. Дицдина цара /Дала/ шайга /хьехамца/ доссийна хиллачух цхьа дāкъа. Хьо (хIай Мухьаммад) дIатуьлур ма вац цаьргара тешнабехкана тIенисвларх‚ царах цхьа кIеззиг боцчучарах бен. КъинтIера вала царна‚ гечде царна. Баккъалла а, Далла дукхабеза диканиг деш берш
5:13
Гочдар: Магомед Магомедов