Мусхаф., агӏо 12

  1. أَوَلَا يَعْلَمُونَ أَنَّ اللَّهَ يَعْلَمُ مَا يُسِرُّونَ وَمَا يُعْلِنُونَ

    Царна (жуьгташна) ца хаьа-те, и Дела цара хьулдийриг а, цара гучудоккхург а хууш вуйла?

    2:77
  2. وَمِنْهُمْ أُمِّيُّونَ لَا يَعْلَمُونَ الْكِتَابَ إِلَّا أَمَانِيَّ وَإِنْ هُمْ إِلَّا يَظُنُّونَ

    Царах бу бодане берш‚ шайна жайна (Таврат) ца хууш‚ беккъа беса сатийсамаш бен - уьш ма бац шайна хетарш деш бен

    2:78
  3. فَوَيْلٌ لِلَّذِينَ يَكْتُبُونَ الْكِتَابَ بِأَيْدِيهِمْ ثُمَّ يَقُولُونَ هَٰذَا مِنْ عِنْدِ اللَّهِ لِيَشْتَرُوا بِهِ ثَمَنًا قَلِيلًا ۖ فَوَيْلٌ لَهُمْ مِمَّا كَتَبَتْ أَيْدِيهِمْ وَوَيْلٌ لَهُمْ مِمَّا يَكْسِبُونَ

    Бала бу шайн куьйгашца жайна яздечарна‚ тIаккха цара олу: 'ХIара ду Делера'‚– шайна цунах пайдабоццу мах эцархьама. ТIаккха бала бу царна шайн куьйгаша яздинчух‚ бала бу царна шаьш карадерзочух

    2:79
  4. وَقَالُوا لَنْ تَمَسَّنَا النَّارُ إِلَّا أَيَّامًا مَعْدُودَةً ۚ قُلْ أَتَّخَذْتُمْ عِنْدَ اللَّهِ عَهْدًا فَلَنْ يُخْلِفَ اللَّهُ عَهْدَهُ ۖ أَمْ تَقُولُونَ عَلَى اللَّهِ مَا لَا تَعْلَمُونَ

    Цара элира: 'Тхох кхетанне а кхетар яц /жоьжахатин/ цIе‚ цхьа масийтта дийнахь бен'. Ахь āла /я Мухьаммад/: 'Делера ваIда эцна аш? – Дала цкъа а ца йохайо Шен ваIда – я шу Делах лаьцна дуьйцуш ду шайна цахуург?'

    2:80
  5. بَلَىٰ مَنْ كَسَبَ سَيِّئَةً وَأَحَاطَتْ بِهِ خَطِيئَتُهُ فَأُولَٰئِكَ أَصْحَابُ النَّارِ ۖ هُمْ فِيهَا خَالِدُونَ

    Хъ, вониг динарш а, шайн глаташ шайх хьаьрчинарш а – уьш бу жоьжахатин дай, шаьш цу чохь гуттар хир болуш

    2:81
  6. وَالَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ أُولَٰئِكَ أَصْحَابُ الْجَنَّةِ ۖ هُمْ فِيهَا خَالِدُونَ

    Ткъа ийман диллинарш а‚ диканиг динарш а – уьш бу ялсаманин дай‚ шаьш цу чохь гуттар хир болуш

    2:82
  7. وَإِذْ أَخَذْنَا مِيثَاقَ بَنِي إِسْرَائِيلَ لَا تَعْبُدُونَ إِلَّا اللَّهَ وَبِالْوَالِدَيْنِ إِحْسَانًا وَذِي الْقُرْبَىٰ وَالْيَتَامَىٰ وَالْمَسَاكِينِ وَقُولُوا لِلنَّاسِ حُسْنًا وَأَقِيمُوا الصَّلَاةَ وَآتُوا الزَّكَاةَ ثُمَّ تَوَلَّيْتُمْ إِلَّا قَلِيلًا مِنْكُمْ وَأَنْتُمْ مُعْرِضُونَ

    /Дагадаийта царна‚ хIай Мухьаммад/ Исраилан кIенташца чIагIо йира Оха: 'Далла бен Iибадат дийр дац аш‚ деца-ненаца а дика хир ду шу‚ гергарчаьрца а‚ боберашца а /жималлехь дай белла бисинчу/‚ мискачаьрца а /дика хир ду/‚ аьлла; аш āла нахе диканиг‚ ламаз де‚ закат ло'. ТIаккха шу юхадевлира‚ шух цхьа кIеззиг берш боцурш‚ шаьш дуьхьал а хуьлуш

    2:83

Гочдар: Магомед Магомедов